Menu


Нохчийн меттан нийсайаздаран коьрта бакъонаш хаар массарна а оьшу

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

2020-чу шарахь дара Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон Нохчийн меттан институтан а, Нохчийн Республикин Ӏилманан Академин а Ӏилманан белхахоша «Нохчийн меттан нийсайаздаран бакъонаш» гулар зорбане йаьккхича. (Оццу шеран гӀуран (декабрь) беттан 18-чу дийнахь А.Айдамировн цӀарахчу республикин Къоман библиотекехь йовзийтар а хилира иза).
Оцу тайпа гулар, Ӏилманан белхан хьокъехь лелачу ламастаца, иэшахь, 3 шо даьлча кхин тIейуза бакъо йолуш а йу. Иза а замано гойтур ду. Ткьа коьртаниг нохчийн мотт кхиорехь йоккха хьашто йолу а гулар тӀаьхьа ца тоьттуш йазйина хилар а, вайн республикин нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн а, меттан говзанчийн а кхиэле йилла зорбане йаьккхина хилар а ду.
Нохчийн меттан институтехь 2021-чу шеран гIуран (декабрь) беттан хьалхарчу деношкахь дуьйна дIахьош йу нохчийн меттан а, литературин а хьехархошна, культурин а, зорбанан а белхахошна бакъонаш йовзийтар Ӏалашо йолу «Нохчийн меттан нийсайаздаран коьрта бакъонаш: теори, практика, хьехаран методика» цIарца йолу курсаш.
Курсийн программа Нохчийн меттан институтан Хьехархойн говзалла лакхайаккхаран центран куьйгалхо Дашаева Лайлаъ коьртехь йолчу говзанчийн тобано хӀоттийна йу.
ХьастагӀа, Дашаева Лайлааца хиллачу цхьаьнакхетарехь хилла къамел республикин школашкахь нохчийн мотт дӀахьехаран а, хьехархой оцу гӀуллакхна кечбаран а хьолах лаьцна дара.
«Вайн республикин йеригге а кӀошташкара йуьхьаьнцарчу а, йуккъерчу йукъардешаран школийн нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн бу «Нохчийн меттан нийсайаздаран коьрта бакъонаш: теори, практика, хьехаран методика» аьлла хӀоттийначу программин курсийн ладогӀархой а, дакъалацархой а. Курсийн программа лерина йу нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн нохчийн меттан нийсайаздаран коьрта бакъонашца йоза йаздаран керла кепаш караерзорехь а, дӀахьехарехь а гӀо даран Ӏалашонца. Курсашкахь хьехархошна цкъа хьалха керлачу бакъонийн лехамаш бовзуьйту, тӀаккха хӀора а темина лерина долу практикин тӀедахкарш кхочушдойту оха. Курсашкахь жигара дакъалоцу вайн республикехь дика бевзаш болчу нохчийн меттан говзанчаша: М.Овхадовс а, М.Халидовс а, И.Солтахановс а, А.Абдулкадыровас а, А.Вагаповас а, Ӏ.Бадаевас а, Ӏ.Говдахановас а, Л.Исраиловас а,– дийцира цуо.
Нохчийн меттан хьалха хиллачу орфографин бакъонаш хьесапе эцча хӀун хиййамаш бу, уьш бовзийтар а муха дӀахьо аш бохучу хаттарна Лайлаа иштта жоп делира:
«Масала, вай йуьйцучу гуларан 1-чу «Мукъа а, мукъазчу а элпийн нийсайаздар» параграфехь цӀердешнийн йукъарчу цӀерашкахь а, кхидолчу къамелан дакъошкахь а (й) аз й элпаца билгалдо (я, ю, ё, яь, юь) элпаш а ца йаздеш аьлла ду. ХӀинццалц й аз ду бохуш схьабаьхкинчу хьехархошна иза элп хилар хоуьйтуш практикин тӀедахкарш кхочушдойту. Масала, йаздан, йахь, йаьшка, шекйала, йурт, йаьлла, йуьззина, йоьжна, иштта дӀа кхин а. Бакъо йовзуьйту нийса кепаш йалийча дика го и хийцамаш.
ХӀинца, вай кхочушдечу гӀуллакхан шолгӀачу гӀулчехь дан дезаш дерг, керлачу бакъонийн лехамашца цхьаьна йогӀу дешаран Ӏаматаш хилийтар ду а йеза. Цунна сагатдеш а бу хьехархой. ТӀаккха, школехь керла тема хьоьхуш хилча хьалхалера бакъонаш ширйелла хилар гуш ду. Масала, «1-чу классехь хьоьхуш я, ю, аь, оь, уь шалха мукъа элп 5 хиллехь, хӀинца уьш мас ду ала деза? Цундела, карарчу хенахь школерчу нохчий меттан Ӏаматийн чулацамашна тӀехь, цхьа а къадо йоцуш къахьоьгуш бу Ӏаматийн авторш. Кхечу дешнашца аьлча, дешаран Ӏаматашна тӀера бакъонаш а, шардарш а йу крлачу лехамашца йогӀуш нисйан йезаш. Вайн республикин Дешаран а, Ӏилманан а министерствон куьйгаллин тӀедилларца нохчийн меттан Нийсайаздаран керлачу бакъонийн баххаш тӀехь тойина Ӏаматаш дешаран керла шо тӀекхочуш, нийса аьлча, товбецан баттахь кийча хила йезаш йу».
Кху 2022-чу шеран бекарг баттахь вайн республикин культурин учрежденийн белхахоша а дакъалецира курсашкахь. РогӀерчу курсийн ладогӀархой Нохчийн Республикин культурин министерствон Къоначу хьажархочун театран актераш бара.
Курсийн программин гурашкахь ладогIархоша кхочушбира йуьхьанцара а, жамIийн а диагностикийн белхаш. Керлачу бакъонашна тӀе а тевжаш, йозанехь хилла хийцамаш бийцаре а беш, болх дӀабаьхьира курсийн ладогӀархошца.
Нохчийн меттан институтан ламаст хилла дӀахӀоьттина курсийн программа дӀайерзош хьехархошна институтехь Нохчийн Республикин хьакъволчу журналиста Аболханов Хьаькима а, йаздархочо Айдамирова Машара а вовшахтоьхна схьайиллинчу Нохчийн меттан музей чу а, къоман тематикина дехкинчу суьртийн гайтаме а, ткъа иштта, институтан Ӏилманийн лаборатореш чу а экскурси а йар.
«Вай тешна ду дешаран керлачу шарахь нохчийн меттан Ӏаматаш йухакарлайаьхна хирг хиларх. Оцу декъахь къаьхьоьгуш йу филологех, художникех, програмистех леррина вовшахтоьхна тобанаш», – дерзийра шен къамел Л.Дашаевас
Суьрта тӀехь: Нохчийн меттан институтан Хьехархойн говзалла лакхайаккхаран центран куьйгалхо Дашаева Лайлаъ

ХИЗИРОВА Зайнап

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных