Menu


Къоначу хьехархочун беркате гIулчаш

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Нохчийн Республикехь ширачарах цхьаъ лоруш ю Шелан кIоштара Жимачу АтагIара номер 2 йолу юкъарадешаран юккъера школа. Дуккха а шерашкахь коллективера хьехархой хийцалуш хиллехь а, юьхьанца дуьйна схьаэцна ламасташ а, белхан дикалла а, вовшашца а, дай-наношца а йолу юкъаметтигаш ларъеш, схьаена кху школин коллектив.
Ткъе итт шарахь сов кхузарчу школин хьехархойн куьйгаллехь лаьттина ву Керимов Iела Ахмадович. Ша школин директор волуш, хьехархошна, болх дика а, жоьпалла долуш а барца цхьаьна, нохчийн гIиллакх-оьздангалла школехь а, арахь а лелор тIедиллинера цо. Иза доккха маьIна долуш, хьехархочун балхахь а, новкъахь а хила дезаш гIуллакх ду. ХIунда аьлча, юьртахь болх бечу интеллигенташа уггаре а хьалха лело а, гайта а деза нохчийн оьзда гIиллакхаш. Хьехархой гIиллакх-оьздангаллица доьзначу хIуманна тIехь шайх, дешархоша эцна ца Iаш, юьртахоша а масал эца дезаш нах бу. Церан балхе хьаьжна ца Iаш, Iер-дахаре а, юьртан хьашташкахь цара дакъалацаре а хьаьжна ма хуьлу юьртахой. Ткъа шайна баркаллин дош ала цара меттиг ялийтича, иза ерриге а коллективана сийлахь ду.
Ишттачу бертахьчу, оьздачу коллективе 2017-чу шарахь балха еара Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультет чекхъяьккхина йолу, кху юьртара къона йоI Гараева Жанета Сайд-Магомедовна. ХIара школехь доьшуш йолуш дуьйна а нохчийн мотт а, литература а езаш яра, цундела деша а и предметаш кIорггера Iамочу факультете яханера йоI.
Жанетина 5-чуй – 8-чуй классашкахь хьеха нохчийн меттан а, литературин а урокаш елира.
– Жанета, хьайн дуьххьарлера урок дагайогIий хьуна? – хотту ас хьехархочуьнга.
– Дера, йогIу. Ас чIогIа леррина кечам бинера цунна. Иза, суна ма-хеттара, ца хилла хила а мега. Делахь а, сан уроке баьхкинчу хьехархоша иза дика яра-м, элира соьга. Эхь хеташ, дIахIотта меттиг ца карош йолу сой, сол чIогIа эхь хеташ долу берашший – иштта цхьа сурт а хилла, дIа-м елира сан дуьххьарлера урок, – дуьйцу йоIа, ела а йоьлуш.
Юьхьанца халонаш муьлххачу хьехархочун а хуьлу, болх Iамо а, караберзо а безаш ма бу. Жанета леррина лелара, ша дечунна тIехь кхачаме а, жоьпалле а хила гIерташ. Цу хенахь халонаш а, кхачамбацарш а хиллехь а, уьш дIабевлира, кхуьнан болх де дийне мел долу, толуш, схьабогIуш бара. Хьалхара кхиамаш а хилира, тIаьхь-тIаьхьа шех тешаш, шен хаарех бIобулуш, къахьоьгура йоIа. Ткъа уггаре а кхуьнан самукъадолург дешархой деша а, хааршна тIекхиа а гIерташ хилар дара.
Хьалхарчу муьрехь шена чIогIа дика гIо дира шен белхан накъоста, кху школехь нохчийн мотт а, литература а дуккха а шерашкахь хьоьхучу Дадаева Зоя Ярагиевнас, дуьйцу къоначу хьехархочо. Кест-кеста кхуьнан уроке а йогIуш, дан дезарг хьоьхура цо, хIора урокан таллам а беш. Ишттачу накъосталло, юьхьанца дуьйна нийсачу новкъа яьккхина, бIаьрлачу кхиамашка кхачийра къона хьехархо. Шен белхан дика, беркате агIонаш евзира йоIана, хIара дохко ца яьллера ша хаьржинчу говзаллех. Дешархоша урокехь нийса жоп делча, цхьана хIуманна тIекхиа а уьш хьаьвсича, чIогIа хазахетара Жанетина, кхин а дика а, леррина а болх бан лаьара кхунна.
– Жанета, хьайн балхах йоккхаен а, айхьа дечух хьаам хила а ойла маца кхоллаелира хьан? – хотту ас.
– Иза, сан белхан хьалхара шо чекхдолуш, хилира аьлла, хета суна. Суна ма моьтту кхиамаш ца хиллехь а, суна со хьехархочун белхан новкъа яьлла а, цигахь со ларор ю аьлла а хийтира.
– Халаниг хIун ду аьлла хета хьуна хьехархочун балхахь?
– Халонаш йоцуш цхьа а болх хир бац, схьахетарехь. Хьехархочун балхах лаьцна аьлча, халаниг берийн дегнаш тIе боьду некъ карор ду. Хьо мел Дала делла хьехархо велахь а, даккхий хаарш хьан делахь а, берашца даггара а, дика а юкъаметтигаш хьан яцахь, ахь хьехархочо санна лелош дерг кхачаме дац аьлла, хета суна. Дешархой цхьаболчу хьехархошца дика, вукхаьрца карзахе а, ла ца дугIуш а хIунда хуьлу? Хьехархочунна шаьш деза я ца деза, иза даггара лела я бен а воцуш ву – и дерриге а чIогIа дика го царна. Уьш Iехалур бац, мел говза кийтарлонаш лелийча а, – дуьйцу Жанетас.
Дика ойланаш ю Жанетин шен балхах лаьцна. Дикачу хьехархочун билгалонаш хаало цуьнан амалехь, дечу къамелехь. Къоначу говзанчина шен меттиг дахарехь карийна аьлла, хетало цуьнга ладугIучу хенахь.
Кхин дIа а къамел до оха школех, дешархойх, балхах лаьцна.
– Нохчийн маттаца долу хьал муха ду шун школехь? Дешархойн хаарш а муьлхачу тIегIанехь ду аьлла, хета хьуна?
– Нохчийн мотт гуттар а хьехархойн а, школин куьйгаллин а лерринчу тергонехь хилла тхан школехь. Iела Ахмадович директор волчу хенахь дуьйна схьадахьаш дика ламаст ду иза. Тахана школин директор йолчу Зарган Алиевнас а доккха гIо-накъосталла до нохчийн меттан а, литературин а хьехархошна. Кхин предметаш хьоьхурш а ледара ца буьту цо. Тхуна балхахь оьшу массо а гIирс латтош бу. Тахана дика аьттонаш бу хьехархойн вайн заманан технологешца хьехаран гIуллакх дIадахьа. Цундела балхахь кхиамаш а хуьлу.
Ткъа дешархойн хаарех лаьцна аьлча, уьш тоъал лакхарчу тIегIанехь ду. Дешарца ларош, дика хаарш долу дешархой алсам бу. Дукхахболчара школин а, районан а олимпиадашкахь дакъалоцу, лаккхара толамаш а боху. Иштта ас хьоьхучу 9-чу классерчу дешархочо Мусаева Айманис кху шарахь нохчийн литературехула районехь дIаяьхьначу олимпиадехь хьалхара меттиг яьккхина. Тхуна, нохчийн мотт хьоьхучуу хьехархошна, къаьсттина хазахета, тхайн дешархой вайн истори а, шира культура а, тахана литературехь а, искусствехь а хуьлу керлачу хиламаш а бовза лууш хилар.
Дешархойн кхиамех, хаза а хеташ, дуьйцу хьехархочо. Гуш ду иза берийн хаарех йоккхаеш хилар. Ткъа кхуьнан шен а ма бу боккха кхиам. Кху шарахь Шелан районехь дIаяьхьначу «Шеран тоьлла хьехархо» цIе йолчу конкурсехь хьалхара меттиг яьккхина Жимачу АтагIара номер 2 йолчу школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо Мусаева Жанета Сайд-Магомедовнас. Цул сов, ша балхахь йолчу школера а, районерчу дешаран декъера а делла Сийлаллин грамоташ а, Баркаллин кехаташ а, кхидолу совгIаташ а ду къоначу хьехархочун.
Дала тIаьхье беркате йойла, Жанета! Кхин дуккха а кхиамаш бохийла ахь!
ДоьалгIа шо бен дац Жанетас кху школехь къахьоьгу, амма хIара дикачу кхиамашка а кхаьчна, тоьллачу хьехархойн магIаршка дIа а хIоьттина!
Беркате хуьлда хьан къинхьегаман некъ, Жанета Сайд-Магомедовна!

Арсанукаев Муса

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных