Menu


«Нохчийн меттан тоьлла кабинет-2022» конкурсан жамӀаш довзийтина

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Нохчийн мотт безаш волчу хӀоранна а школерчу кабинетех уггаре а дукхайезалуш йерг нохчийн меттан а, литературин а кабинет йара аьлча харц хир дацара. Оцу кабинета чу кхаьчча, хьо цхьа хьайн цӀакхаьчча санна са паргӀат долура, пенах кхозучу йаздархойн суьрташа хьоьга хьайга цхьаьнга: «Верийлахь, дешархо! Хила ма-веззара нохчий хила хьажалахь, оьзда хилалахь, Даймохк безалахь, ненан мотт ларалахь!», – бохуш кхайкхамаш беш хеталора. И кабинеташ бахьанехь къаьсттина, мерза дагалецамаш а буьсу вайн иэсехь школехь йаьккхинчу хенах.
Кхузаманан хьелашкахь шатайпа хаза а, чулацаме а кечйан аьтто бу нохчийн меттан кабинеташ. Леррина оцу декъахь конкурсаш йеш йу вайн республикехь.
Оханан баттахь билгалдоккхучу Нохчийн меттан денна лерина кхочушдинчу гӀуллакхашна йукъахь дара «Нохчийн меттан тоьлла кабинет-2022» регионан конкурс дӀайахьар а. ХӀорашеран республикин конкурс дӀайахьош йу Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон Нохчийн меттан институто къоман «Дешар» проектан а, «Кхузаманан школа» федеральни программин а гурашкахь кхочушдечу гӀуллакхашна йукъахь. Конкурсан куратор вара Нохчийн Республикин халкъан хьехархо Абдурзаков Шертбек.
Кабинета чохь дешархоша пайдаоьцур болуш а, хьехархошна урокаш дIайахьа гIо хир долуш а, берийн самукъадолуш, деша дог догIур долуш а дуккха а гIирсаш (компьютер, интерактиван у, берийн исбаьхьаллин литература, журналаш, хьехархошна лерина методикин а, дешаран а Ӏаматаш) йолуш хила йезаш йу кхузаман кабинет.
«Нохчийн меттан тоьлла кабинет» конкурсан толамхой а, совгӀатхой а билгалбевлира. Иштта ду дина жамӀаш:
1-ра меттиг – Устрада-ГӀалин округан БердакӀелара №1 А.Идрисовн цӀарахчу школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо Даудова Халисата доладеш йолчу нохчийн меттан кабинетана йелла;
II-гӀа меттиг – Соьлжа-ГӀалин Ю.Дешериевн цӀарах йолчу Лингвистикин школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо Довлетова Лиманис доладеш йолчу нохчийн меттан кабинетана а; Гуьмсан кӀоштарчу Къеди-Юьртарчу Р.Умаровн цӀарахчу йуккъерчу школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо Самбиева Мархета доладеш йолчу кабинетана а йелла.
III-гӀа меттиг – Хьалха-Мартан гӀалин №5 гимназин нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо Эльбиева Луизас доладеш йолчу нохчийн меттан кабинетана а, Соьлжа-ГӀалин №18 йолчу школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо Магомадова Резидас доладеш йолу нохчийн меттан кабинетана а йелла.
Нохчийн меттан тоьлла кабинеташ билгалйаьхна, уьш мичахь йу а къаьстина, ткъа дуьсуш дерг, царах хӀора а гар а, иза дика хилар бигалдоккхуш дерг хӀун дара хьаьжна, хӀора а кабинетах лаьцна шуьйра йаздар а ду. Цундела, тӀейогӀучу заманахь оцу школашка кхача нийат ду тхан.
Суьрташ тӀехь: «Нохчийн меттан тоьлла кабинет» республикин конкурс дӀайахьар

ЭЛЬДЕРХАНОВА Зайнап

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных