Menu


Хьалха санна дац хIинца

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

ХIора шарахь аьхкенан каникулаш тIе ма моссазза кхочу, гIалара йуьрта, баба йолчу хьалавоьдура кIант. И аьхкенан кхаа беттан йеха каникулаш кхечу тайпана хуьлий а, йа хила йезий а ца хаьара цунна. Ма-дарра аьлча – хила а ца лаьара. Дерриге самукъа – кхузахь, ненанана йолчохь дара.
Цхьа шатайпа – гIайгIане, йочане, бодане дара итт класс чекхйаьккхина кIант йуьрта веана шо. ХенахIоттамах доьзна дацара иза. Гуттар а санна – довха, хаза лаьтташ денош дара, йуьртахь цхьа а, хIара бу аьлла хийцам бацара. Амма хьалхалера дацара гIуллакхаш, хьелаш, самукъа.
Сахьоьвзина, буйна Iоьвдича санна дог хала детталуш хетта, хорам хилла, ламанца Iуьллучу йуьртан шуьйра урамаш тIарал гатделла, хьуьнах вахара кIант. Кхузахь – массо а хенахь санна, хаддаза, даккхий тIулгаш керчош, йоккхачу гIовгIанца охьа оьхуш дара хи, цул дехьа, гу тIехь дежаш уьстагIий, бежанаш, говраш, маьI-маьIнера схьахеза олхазарийн хаза эшарш…
Мел говзачу йаздархочунна ала дешнаш карор доцуш хаза ду Iалам. Делахь а шен дог даста, сатедан хIума ца карадо кIантана.
Дукха ца Iаш цIа воьду иза. Бешахь, мацах дадас кхаа туьппалга тIе шуьйра у тоьхна динчу гIанта тIехь хиъна Iа масех сахьтехь. БIаьргашна гуш дерг тидаме эцча, баккхий хийцамаш ца хаало. Шаьш ма-хиллара лаьтташ ду бешара комарийн, кхорийн, Iежийн дитташ, картолашна дина гунаш кегош котамаш йу, бабин цициг ду, цо шега кхайкхаре хьоьжуш, гIийлачу боларца доладелла лелаш, бIаран диттах мушца дихкина чIама эса ду хьагделла Iоьхуш, тай тоьхча санна нийсачу могIанашца дIайийна, хаза кхуьуш йу наьрсаш, помидораш, иштта бурч, хох, оччам, кIонцерг, жIонк, Iаьржа хорсам, чамбуц…
Амма хIинца и дерриге а сирачу пардонна чекх гуш санна хета. ДIадаьлла самукъа, дIайаьлла марзо, дIабаьлла синхьаам…
Баба йоцуш доладелира 2020-гIа шо. Кхолламан (январь) беттан хьалхарчу дийнахь бакъдуьнена йирзира иза. Ненанана йоцуш дуьххьара йу кIентан хIара аьхкенан каникулаш а.
Хьалха санна хаза дац хIинца йуьртахь. Сингаттаме ду. Тийна ду. Дацахь а – ду аьлла хета-кх. Хеташ дац иза-м – дерг ду-кха.
Гобаьккхина сеалар тесна, цхьамма а лелош йоцуш, бабас дуьненахь уггаре мерза хьокхамаш, йуург йеш хилла йолу куьрк йу лаьтташ. Дукха лаьттар йац. И лелон хуур долуш, йа луур долуш цхьа а вац. ХIинца цхьанна а ца оьшу иза. ДIайаьлла цуьнан хан. Зама кхин йу хIинца. Адамаш а хийцаделла.
Иштта ду-кха дуьненан хьелаш, иштта йу-кха дахаран агIонаш. Адамийн дагалецамашка доьрзу – цкъа а дIадер дац, хийца а лур дац моьттуш мел хилларг.
ХIун де ткъа? Даима ца лаьтта-кх марзонаш, самукъа, беркате баккхий нах…
Къеста дезаш ду-кх вай. Къеста дезаш…

ВАЛИТОВ Раджаб

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных