Menu


Нохчийн орфографи тойарехь керланиг

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Нохчийн Республикин Iилманийн Академехь дIахьош жигара болх бу, нохчийн мотт ларбарехь а, кхиорехь а, иза компьютерни технологешна юкъабаккхарехь а. Тахана меттан Iилманчаша арахоьцуш керла проект ю – нохчийн меттан орфографи толлуш долу юххедиллар (приложени).
И мехала проект кечйина НР Iилманийн Академин семиотикин декъан говзанчаша, шайн коьртехь филологин Iилманийн доктор Умархаджиев Салавди а волуш. Шайн белхан компьюторшна и программа чу а яьккхина, цунах мотт талларехь, цу тIехь бечу балхахь пайдаоьцуш бу Iилманчаш-лингвисташ.
Iилманийн Академин семиотикин декъан белхахочо, Iилманчас Бадаева Iайшата шен къамелехь иштта кхетор дира цу керлачу проектах лаьцна:
– Проекта тIехь оха болх бен дуккха а хан яра. ТIаьхьарчу хенахь тхо къахьоьгуш дара, вайн нохчийн меттан орфографехь хилла хийцамаш тергоне а оьцуш, иза компьютеран приложени чуйоккхуш. Дукха хан йоцуш, вайн Iилманчаша жигара болх а бина, зорбанера араелира 10 томехь лаьтташ йолу нохчийн меттан дошам. Цу тIехь 140 эзар гергга статья ю нохчийн лексикех лаьцна. Царна чохь миллионал сов дешан кепех болу хаамаш бу. Оха и дошам компьютерна чуйиллина тхаьш керла юкъаяьккхинчу хIокху проектехь. И дошам хIинца хьалхачул сиха а, дика а болх беш ю. И проект «Лайф-профис» цIе йолчу компьютерни сервер чохь ю. Тхан накъостан Абдулкадыров Адаман белхан компьютер чохь а, Нохчийн меттан институтан белхахойн компьютерш чохь а ю иза таханлерчу дийнахь.
Цу балхахь керланиг ду: нохчийн меттан орфографица йоьзна и керла проект НР-н Iилманийн Академин а, Нохчийн меттан институтан а маттаца болх бечу говзанчийн компьютерш чохь хир ю, церан балхахь аьттонаш барна лерина, – элира Iайшата.
Вайна ма-хаъара, таханлерчу дийнахь компьютерни программаша баккхий аьттонаш бина, Iилманчийн хилла ца Iаш, шен белхан а, дешаран а хьелаш компьютарца доьзначу массеран а. Иштта мехала проект юкъаяьккхина хилар, цкъа-делахь, меттан Iилманехь боккха кхиам бу, шолгIа-делахь, шеца практикехь пайда болуш гIуллакх а ду иза. Маттаца болх бечарна массарна а: яздархошна, журналисташна, хьехархошна, студенташна пайде а, мехала а хир ю и керла проект, цуьнан цхьа а шеко яц.
И санна йолу проекташ юкъаяхар нохчийн меттан Iилманчийн белхан дика а, беркате а жамI ду. Мотт кхиорехь, талламан болх эвсарабаккхарехь, нохчийн меттан хьал дуьненан Iилманийн тIегIанехь айарехь мехала гIуллакх ду иза.

АРСАНУКАЕВ Муса

 

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных