Menu


Сатийсам

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Школехь оьшур болу гIирс – тептарш, тетрадаш, сизар, бес-бесара къоламаш, фломастерш, тIехь суьрташ дохку альбом – берриге а вовшахтоьхна, тIоьрмиг чу берзош воллу хIокху шарахь шен дахарехь дуьххьара деша араволуш волу жима Ахьмад.
– Нана, маса де дисна хьалхара горгали бека? – са ца туьйш, аз хедаш, йуьхь тIехь сирла велакъажар долуш, хотту кIанта.
– Нийсса ши де, – эсала жоп ло нанас.
– Цхьадика, дукха хан ца йисна. Ма чIогIа лаьа суна школе ваха. Дика доьшур ду ас, сайга хьехархочо боххург а дийр ду, йерриге а ойла тIейерзош, лерина Iамор ду Iилма. Ткъа хIинца, лулара Асхьаб волчу ловза ваха мегий со? – ненан марахьаьрча кIант.
– Дера мега. Амма ларлуш хила. Дукха ца Iаш йуург а кийча хир йу, хьайн накъост валош схьавогIур хьо. Мохь тоьхча хезехь хилалаш. Кхин цхьа хIума а ду. Церан бешара доккхачу диттан тIе вала ма гIерталахь. Селхана, хьала а хьоьжуш, хьо цунна гонаха хьийзаш вайра суна. Бухахь охьа эгна ду хьуна мерза Iежаш. ТIехь берг иштта дика а ца хуьлу. Хьалха-хьалха лаьтта охьабужуш берг – хилла, кхиъна баьлла стом ма бу, – кIант зенах-зуламах ларван болчу лаамца хьехар до нанас.
– Са ма гатде, нана, ларлуш ловзур ву тхойшиъ, – олуш, чехкачу боларца неIаре хьоду Ахьмад.
Хьокхамаш датта кечам беш, бод хьакхош йолу зуда, и болх саца бой, корах кIантана тIаьхьа хьоьжуш лаьтта. БIаьрхиш ду цуьнан беснеш тIехула охьа оьхуш…
Тахана санна дагайогIу цунна шо хьалха йеана и йоьхна суьйре. Ша хIун леладо ца хууш хьекхна шийла мохь дагабеача – эхь хета (уггаре хьалха) марзахойх, кхиндIа – луларчу нахах а. Уьш-м кхуьнах кхеташ бара. Цхьаъ бен воцу доьзалхо вистхилар доцуш, чIогIа лазийна больницехь вуй хиъна, бIаьрга цIул сара кхетча санна, хьийзачу мискачу ненах ца кхета – церан хIун дара?
ДогIано тIадийначу некъан тIехь шершина, масех го боккхуш, басах йахана хиллера машен. Кхин хIара ду аьлла хIума ца хуьлуш, ваьллера да, ткъа кIант вуо хьал долуш лоьрашна тIекхачийнера.
Гергарнаш, лулахой, дехьа-сехьа урамашкара нах – дукха адам гулделлера больницин уьйтIахь. КIант метта веана боху кхаъ хазаре сатуьйсура массара а. Цаьрга вистхила араваьллачу коьртачу лоьро элира:
– Делан карахь ду шадерг. ДоIанашкахь вехалаш кIант. Лоьраша шаьш дан дезарг дийр ду. Ма-дарра аьлча, букъ тIехь йоккха, кхераме чов йу гуш… ДоIанаш де. Делан диканах дог цадуьллур вай…
Ши кIира хан йелира цул тIаьхьа. Ахьмад дикка метта веанера. Дуьйцург хезаш вара, са гуш вара, хIума йаа волавелла – дегIе гIеххьа гIора а деанера.
Амма ши ког сецна бара. КIант меттахь виссина ваьлла хетара массарна а. Массарна а – нана йоцчунна. Иза тешна йара, хIора буса, набаран суй ца беш, кIантана маршалла доьхучу шен доIанашна Дала жоп лург хиларх.
Цхьана Iуьйранна, Ахьмад самавалале, больницин уллерчу туькана йахана, цунна мерза даарш дохьуш, чехкачу боларца чу йогIуш йара нана. КIант волчу палатин неIаре кхочуш, цунна хезира лоьран аз:
– Йа АллахI, ма боккха болх бу хIара, ма доккха хIума ду! Ахьмад, ма ца моьттург ди ахь…
Цхьаъ хили-кх кIантана аьлла, кхерайелла, карара тIоьрмиг охьа тесна, чу йедира нана.
Ахьмад Iуьллуш вара. Лор, цуьнан менги уллехь, цецваьлла, цIоцкъамаш тIехабийна, хьажо пIелг чIениг кел а гIортийна, «Iай-хIай, ма тамашийна хIума ду хIара» бохуш, лаьтташ вара.
– ХIун хилла? – мохь болу ненан кийрара.
– ВаллахIи, цамоьттург, дагахь доццург ма ди хIокху кIанта, – жоп хеза цунна.
– Хьо кхоьллинчу Делан дуьхьа ала, хIун хилла? – хотту цо йуха а.
– КIанта ши ког меттах баьккхина. Хьала а айбо, охьа а буьллу...
Са маллой охьайоьду нана…
КхиндIа лоьро дуьйцуш дерг цунна хезаш дац. Ма-дарра аьлча – оьшуш а дац. Коьртаниг – Везачу Дала шен боккхачу сатийсаме иза кхачор ду.
Ши де даьлча – шен дахарехь цкъа а ког боккхур бац аьлла хеташ хилларг – школе воьдуш ву.
Хастам хилла хьуна, Везан Дела! Ма чIогIа ду-кха хьан рицкъан белхаш!

ВАЛИТОВ Раджаб

 

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных