Menu


Мотт – къоман йукъараллин культурин дакъа

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Со йоккхае тахана хIоккхул вовшах а кхетта, вешан мотт бийца а, цуьнан сий-пусар дан а вайн аьтто хиларх. Арсанукаевн дешнашца аьлча, «доьзалехь бийцар а дастам а хеташ», вай лелла хан, заманан йохалле диллича, башха генара а яц. Ткъа хIун бахьана дара цуьнан?..
Кхетамо тIелаца ца туьгу нохчашна шайн мотт хийра хетта бохург. Иза шаерриг а хиллачу Советан Iедалан боьха политика йара - дерриге а къаьмнех советан къам кхолларан политика. Ткъа хIинца, Делан пурбанца, вайн Iедалан лаккхарчу тIегIанахь билгал а даьккхина, нохчийн меттан Де ду, ша мотт пачхьалкхан мотт хилла дIа а хIоьттина.
Хаза а, довха а ала хьакъдолу дешнаш дукха аьлла нохчийн маттах. Лаккхара мах а хадийна цуьнан. Амма поэташа, йаздархоша мел хестабарх, Iилманчаша цуьнан хьал дуьйцуш белхаш йазбарх, лакхарчу Iедалера цуьнга терго йацахь, меттан мехалла а, цуьнан кхиар а хьаладер дац. Шина тIамо бохийна мохк херцаршлахь бара вайн Хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) уггаре а хьалха тидам дешарна а, маттана а тIебохуьйтуш. «Нохчийн къам дийна хиларан мокхазан чIагIо йу нохчийн мотт», – аьлла, билгал а даьккхира цо. Муьлххачу а къоман шатайпаналла а, къам хиларан билгало а йу цу къоман мотт, йукъараллин культурин дакъа а ду мотт бохург, цхьа а шеко йоцуш ду.
Сийлахъ-Везачу АллахIа вайна деллачу диканех ду вай нохчий кхоллар. Шатайпа оьзда мотт а, хаза гIиллакхаш а ду вайн, тIаьхьарчу хенахь ненан мотт бийцар телхинехь а, гIиллакхаш лелор лахделлахь а. Цуьнан бахьанаш дийца ца йоллу со. Уьш къестош шен меттиг хир йу. Тахана коьрта хеташ къастош дерг ду нохчийн мотт кхиорехь хьехархочун меттиг, хIунда аьлча, коьрта долчу декъана, школехь луш ду берашна маттах долу хаарш. Оцу декъехь къаьсттина даккхий декхарш лаьтта нохчийн меттан а, литературин а хьехархочунна тIехь. Вайн ворхIе а дайх, вайх, вайна хьалха кхуьуш а, вай Iамош а долчу берех а лаьтташ ду нохчийн къам. Вайна, хьехархошна, тIехь ду вайн ораме йуха а хьовсуш, вайн тIаьхье кхиор. И нохчийн къоман тоьллачу гIиллакхийн буха тIехь кхио, цунна шен ненан мотт марзбан, и бийца шарбан декхарийлахь дерш а вай ду. Ткъа муха дIахIотто беза и тайпа болх? Стенна тIетовжа веза хьехархо?
Хаза а, оьзда а кегийрхой бу вайн. Амма царех цхьаболчийн уьйраш а, лехамаш а шатайпа бу. Цара хазахетарца хан йойъу телефонаш тIехь, церан лергашкахь наушникаш хуьлу - шайна а хIун йу а ца хуучуьнга ладуьйгIуш, уьш интернет чохь хуьлу, амма карахь книга кIезга го вайна цаьргахь. Вай-м ца боху цаьрга дуьненахь а пайдаоьцучу технологешца уьйр ма хила, мелхо а дозалла до уьш кхечу къаьмнийн кегийрхошца оцу декъехь нисбелча. Делахь а, вай нохчий ду: вешан оьздангаллица, гIиллакхашца, Iадаташца дуьнен тIехь а гIарадевлла долу. Цундела и мехаллаш дешархошка дIакхачо а, уьш цаьрга ларйайта а Iалашо йолуш хила йеза хIора а урок. Сайн балха тIехь цу тIе гIерта со. Нохчийн меттан урок и йелахь, цу юкъайалайо предложени шен чулацамца кхетош-кхиоран маьIна долу, йа дешнийн цхьаьнакхетарш ло шайца предложенеш хIиттон, йа кицанаш даладо шайн маьIна даста олий. ЧIогIа пайдехь карийна суна дешархой тобанашка а бекъна, цаьрга болх байтар. ТIаккха уьш къийсаме бовлу, шайн-шайна хетарг нийса хилар масалшца тIечIагIдо. Масала: вайн къомо даима лакхара лийрина кхетамаш ло - йахь, сий, оьздангалла, ийман, собар, гIиллакх, барт. ХIора тобано царех шена коьрта хетарг билгалдоккху, цуьнан бахьана а дуьйцу. Ишттачу урокаша таро ло дешархой кхетош-кхиорехь а, церан дозуш долу къамел кхиорехь а болх бан. Дешархойн лексика шорйарехь пайдехь бу дешнаш тIехь бен болх. Ткъа муьлха дешнаш ду царна довзийта дезарш? Вайна эхь делахь а, вайн берашна а, дукхахболчу баккхийчарна а ца хаьа бецийн, диттийн, ораматийн цIераш. Дешархошна уьш йовзийта вайна таро луш шиъ болх арахецна Абдурзаков ИбрехIиман Шертбека. Муьлххачу кепара хилахь а, и цIерш а, кхидолу вайн маттахь дан а долуш, амма вай кIезиг лелош долу дешнаш а довзуьйтуш а, дешархойн иэсехь уьш дуьтуш а хила беза аьлла хета суна оцу декъехь бен болх.
КIорггера нохчийн мотт, нохчийн гIиллакхаш довза, церан масалш тIехь вайн къона тIаьхье кхио таронаш ло нохчийн литературин уроко. Муьлхха а исбаьхьаллин произведени Iамош, хьехархочун аьтто хуьлу оцу произведенин бух тIехь дешархошна нохчийн къоман гIиллакхаш довзийта, кIентан сий, йоьIан эхь вай мел лоруш хилла хаийта. Эдилов Хасмохьмадан «Сийлаха» цIе йолу поэма Iамош, цу тIехь дуьйцучу зуламна бехке мила лору аш аьлла, шайга динчу хаттарна жоьпаш луш, Сийлахин а, Эдалхин а цIерашца цхьаьна, дешархоша ИбрахIиман цIе а йаьккхира. Цуьнан бехк лорура цара шен зудчун доладан цунна цахаар. Къонаха тIех кIеда товш вац бохура бераша. И тайпа жоьпаш делларш божабераш а дара. И санна йолчу урокашкахь гучуйовлу вайн кегийрхошкахь йолу нохчийн къоман амалш.
Вайн мотт, гIиллакхаш довзуьйтуш йу Бексултанов Мусас йазйина муьлхха а произведени. Цо санна дахаран бакъдерг гойтуш, хьалха баьхначу а, тахана болчу а нехан амалш йовзуьйтуш йолу произведенеш йазйина а, йа йазйеш а цуьнца нийсса вацахь, цочул гIолехь йазйинарг ву ала хала ду. Шен произведенин турпалхойн васташ къегинчу басаршца ца дохку цо йа церан хьуьнарш ца хестадо. Цо дика-вон аьлла, къеста а ца бо уьш. Иза вай ваьш до. Ткъа йаздархочун ницкъ кхочу масех дашца вайга шен турпалхойн мах хадабайта. Схьаоьцур вай «ТоргIа» цIе йолу дийцар. Классал арахьарчу дешаран урокехь довзийтинчу оцу дийцаран цхьаьна турпалхочуьнгара йаьллачу ледарлонна шен йуьртарчу наха «йа хьо, йа тхо – вайх цхьаъ бен Iен йиш йац кху йуьртахь» аьлча, и дIа ца ваханера. Йуха цхьана Iуьйранна самаваьллачу цунна шайн йуьртахь цхьа а къонаха ца гира, зударий, бераш доцург. Къонахий дIабаханера. Иштта хIоттийначу суьрто хадабойту вайга стеган дика йа вуон мах.
Школин программи юкъахь Iамочех ду «Iаьржа БIаьрг» цIе йолу дийцар. Оцу дийцаран турпалхойн Iаьзиман а, Резетан а хьакъболу мах хадо тоьуш ду Резетах автора аьлла долу: «ТIаккха Резетана хиира, Iаьзим санна волчу къонахчух йисина йолу ша санна йолу зуда маре йахча, дуьне дерриг ца дохахь а, нийсса ах духур дуй». Оцу предложенина тIе дешархойн тидам бахийтичхьана тоьуш хуьлу цаьрца диалог йолон. ТIаккха цара сурт хIоттош дуьйцу нохчийн бакъволчу къонахчух Iаьзимах а, оьздачу йоIах, зудчух Резетах а. Резетан куралла йуьйцучохь, уьш биц ца ло и оьзда а, нохчийн гIиллакхаш девзаш а йу ала. Iаьзима нехан йуьртахь хитIа кхайкхича и йаран бахьана дара шега кхайкха йаийтинчу зудчунна хьалха Iаьзим юьхьIаьржа цахIоттор. Разетан куралла а товш лору цара, хIунда аьлча оцу кураллица сонталла йац. Ткъа и санна йолу куралла нохчийн йоIехь хила йогIуш йу. Иштта шена тIе тидам бохуьйтуш ду Бексултанов Мусан «Корталин Хантоти» цIе йолу дийцар а. Муьлх-муьлха а зудчуьнга ца лалун йолу халонаш тIехIиттина а, уьш лайна а ю Хантоти, амма иза адамаллех йаьлла йац. Мелхо а кхиийна бевллачу шен кIентийн вон цIе йаккхарна кхоьруш, ша къанйелча а, шена паргIато ца лоьхуш, уьш ларбеш цаьрца лома хьала а йахна Iаш йу. Хьо къан а йеллера, кхузахула лела могашалла а йацара, хьайн цIа йахана, кIедачу метта охьа а йуьжуш Iан йезара хьо, шега аьлча, цо боху: «Деллахь, ца лела хьуна со, айса дечух хIорш хьалхабевр бара бохуш-м. ХIетте а вогIучу хьеша-дена а, лучу сискална а, вонна а, диканна а хIорш нахал гIийла ма хилахьара-кх бохуш, дIагIерта-кх». Цунна хаьара, цкъа веана хьаша кхин йуха ца ван тарлойла. Иза цо
дIахьон долчу дашах кхоьрура.
Иштта йолу произведеш мел йу, вайн таро йу нохчийн къомо йеза лийринчу мехаллех ца хадош, матте а, махке а безам болуш вайн тIаьхье хьалакхио.
Ткъа хIара къамел дерзо лаьа суна вайн республикин Куьйгалхочун Рамзан Ахматовичан дешнашца:
«Вешан дай санна нохчий хилла диса дезаш ду вай а. Вайн наноша уьншерийн оьмарера таханлерачу дийне кхаччалц кхиош хилла къонахий кхиоран рагI вайна тIекхаьчна. И къонахий кхио беза аганан илли нохчийн маттахь олуш, дуьххьарлера туьйра нанас шен аьхначу маттахь дуьйцуш.
Аганара гIаьттича цу кIантана бакъболчу къонахийн собар, доьналла, хьуьнарш довзуьйтуш, царах дозалла дан, масал эца, цаьрга нисвалар Iамош.
Дас халонаш лан, осалниг йемалдан, гIийлачун гIо лаца кечван веза шен воI. Иштта вайн нанойн масалш тIехь кхио беза мехкарий. Ненан ховхачу маттаца и дан таро а ю».

Эльбиева Луиза,
РФ-н йукъарчу дешаран сийлахь белхахо,
Хьалха-Мартанан 5-чу гимназин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных