Menu


Тешнабехк

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

– Ассаламу Iалайкум! Дургал, хьо вац хIара?
– ВаIалайкум Ассалам! Со ву, хьуна ма-гарра.
– ВаллахI, тIаьхьарчу хенахь, даьржина хи чу доьжна эппаз санна, дIа-м вайна хьо. ХIун ду цигахь? Могаш лелий?
– Аренца вара со.
– Лаа ваханерий?
– Ахча даккха.
– ТIаккха?
– Даьккхи.
– Ма дика ду и.
– Дика хIун ду цигахь?
– Ахьа йуьхьарлаьцна некъ кхочушхилла-кх, со нийса кхеттехь.
– Хьо нийса ца кхетта.
– Кхетавехьа тIаккха.
– Ас ца даьккхи – соьгара даьккхи. Доцца аьлча, ас масех баттахь болх бина гулдина ахча, кхаа-йеа минотехь дIадаьккхи. БIаьрганегIар тоха ца ларавойтуш дIацIанвира со цуьнах-м.
– И дика болх хьа би хьуна?
– Цхьа нах бар-кха. Нах-м ца хиллера уьш. Мацалла угIучу берзан гайнал йеса хIуманаш хилла-кх.
– Къола дина хьуна?
– И дина делара. ТIаккха-м со дIоггара Iовдал хетара вацара суна.
– Вай со вала велла…
– Хьо валийта а реза вара со-м, ахча йуха доьрзур дуй хиъча.
– Мел холчу хIоьттина велахь а – и хьйан забарш-м ца йити ахь.
– Хьуна ма-хаъара, диъ хIума ду соьга дита ца луш: бепиг, хи, цигаьрка, забар.
– Хьо цхьанхьа сиха-м вац, Дургал?
– ХIунда бахара ахь?
– Хаа лууш.
– Сиха-м вацара со. Амма чорпе кад тоха цхьамма чу кхайкхича – сихо йийр йолуш-м вара.
– Схьавало тIаккха со волчу. ПаргIатчу хьолехь вистхуьлуш Iийр ву вайшиъ. Йай буьззина жижиг ду, хьалабоьттина хьокхамийн барз бу, текх дуьззина ахьаран хьовла а ду…
– Хозяйка цIахь йац?
– Йац, хастам хиларг. Де-буьйса даккха да-нана долчу йахана йу.
– ЭхI, дукха йаха и. Иза а, цуьнан да-нана а…
– Дийцахь хIинца, Дургал, хIун тешнабехк бинера хьуна?
– Хьуна ма-хаъара, тIаьхьарчу хенахь, жаIунна бале даьлла къанделла жIаьла санна, ши ког текхош, деш-дуьтуш доцуш, сайна цхьамма белча кхача бууш, ца белча – нехан са дууш лелаш вара со. И тиша пал кIорда а бина, вайн пачхьалкхан гIодайуккъерчу цхьана гIала дIатилира со. Цигахь, шен хеннахь сом-ком схьа а луш, шортта белхан меттигаш йу аьлла хезнера. Иштта хила а хиллера. Дикка кепек вовшахкхийтира. ЦIа вогIуш цхьана гIалахь сецира цIерпошт. Галйаьлла сецна хиллера – декъаза йийцарг. Цкъа а хилла хIума дац бахара иза. КхидIа а хир ма дацара – со цу тIе хиъна ца хиллехь.
Иза хенахь меттайогIург ца хилла, жимма хан йайъа дагахь оцу гIаларчу лачIаре (парке) хьоьвзина, цхьацца хIума оьцур-кха аьлла (ахча ма дай кIантехь) базара вахара со. Цигахь, некъан йуккъе хIиттина, онда гIовгIа йеш бохкуш цхьа нах бара. «Я выиграл, я выиграл» бохуш мохь беттара цхьамма. Со тIе воьду. Уьш хилла – Дала дIаэцарш – тIара хьовзош. И хIун ду ма хаьа хьуна?
– Кхийти со. Схьахетарехь, цара йукъа а озийна, ахчанах цIанвина хьо. ЧIогIа Iеха во боху цара. Забареннна а шайна уллехь сецначуьн кисанаш, толкхачу стага «хьамц» алале, дассийна карадойту боху.
– Доьхна де дара и – хьо хIун дан воллу. Эццахь санна ойла тишйелла меттиг сан дахарехь хилла а йац. Иза-м хIун дара, сайна хиллачунна тIе ца кхуьуш, инзар-акъ ваьлла, Iадийна, меттах ца валалуш со лаьтташ Iашшехь – гIоза ма хиларг – цIерпошт а дIайахана хилла. Ойла йой ахь?
– Нана йала хьо белхан! ТIаккха хIун ди ахь? ЦIа муха веа?
– Харц-бакъ кхечир-кха. Цхьаьнга гIо доьхуш, вукхуьнга орца доьхуш. Эццехь тIара хьовзочо корта хьовзорах, ши ког сецна вацийх со. Хьераваьлла – муххале а…
Ши накъост луьйш-олуш Iаш, сахуьленга лестира буьйса. Тоххарехь дIадаьллера йай буьззина хилла долу жижиг, цуьнца – масех хьокхам а. Хьовланах схьаэца хIума ца дисинера. Дургална хьошалла деш йаьстина хилла наьрсийн банка, тIадам ца буьтуш чуьра шовр а цхьана дIамелла, чекх са гуш, йеса лаьтташ йара.
Дургал чуьраваьлла цхьаъ дуьйцуш волуш – Iуьйран ламазе молла кхайкхира.
– Маьждиге гIо вайша? – элира цо.
Жоп ца хезира.
– Йооов, маьждиге… ХIахI, наб кхийти кхунна а. Котаман кIорнеш санна мичча хенахь дIа ма буьйшу хIара нах, – олуш, хар-хир деш вижина верг сама ца ваккха, меллаша, шена тIаьхьара неI къовлуш, «Дала сагIайойла-кх йиънарг, мелларг» боху шабар-шибар дина, волавелла дIавахара хьаша.

ВАЛИТОВ Раджаб

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных