Menu


Мотт – халкъан хазна

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Доьзалехь дас, нанас ӏамабо вайна оьзда мотт, оьзда гӏиллакхаш. Цундела мехала ду доьзалехь дас а, нанас а, ненан мотт буьйцуш хилар. Дас-нанас доьзалехь буьйцуш ненан мотт ца хилахь, доьзалша буьйцур бац ненан мотт. Цундела, вай декхарийлахь ду, вешан ненан мотт чохь, арахь, балхахь бийца. Вай дӏагайта дезаш ду царна масал.

Вай ненан мотт хазачу, ширачу меттанех цхьаъ бу. Иза вайна хаало эзар шерашкахь дуьйна тӏулгаш тӏехь, бӏаьвнаш тӏехь хиллачу йозанан билгалонашца, халкъан барта кхоллараллица. Вешан культура, истори, ненан мотт кхио вай декхарийлахь ду. Масийтта эзар шерашкахь ларбеш, хазбеш вайн дайша, наноша схьабалийна хилча, вай декхарийлахь ма ду и бийца, ӏалашбан. Кхечу къаьмнашна юкъахь сий, пусар хир дац вайн, нагахь санна вайна ненан мотт, истори, культура ца хаахь.
«Ненан мотт хала бу, атта бац, сан мотт карчац», – бохуш, цхьа декъаза къамелаш деш, вайна мел халахеташ делахь, цхьаболу кегийрхой хаало вайна юкъахь. И бакъ дац я хила йиш яц. Цунна гӏело йинарш вай ваьш ду, цуьнан хам ца беш. Хӏара дерриг дуьне а, дуьненан бахамаш а вай дешийлахь кхаларх, цхьанне хӏуманах хийца йиш йоцу хазна ю ненан мотт. Цундела вай вешан мотт карчийта а, шарбалийта а, дукха киншканаш, газеташ, журналаш деша деза. Вай уьш дешча бен вай мотт кхуьур бац, шарлур бац. Хӏора денна шена хьалха ӏалашо хӏотто еза, масала, дийнахь мел кӏеззиг нохчийн маттахь итт агӏо еша. Жимма хан яьлча, цунна шена хаалур бу-кх дикачу агӏор болу хийцам. Ӏилманча и велахь я яздархо велахь, муьлххачу даржехь и велахь шен ненан мотт цо буьйцуш бацахь, сий хир дац цуьнан.
Вайн халкъан кица ду: «Мотт бу – къам ду, мотт бац – къам дац». Шен ненан мотт ца хаахь и къам довр дуй хоуьйту вайна оцу кицано.
Хӏунда аьлча, оцу маттаца доьзна ду дахар, культура, истори, къам. Мотт хилча бен ца хуьлу оцу къоман культура, истори, литература...
Ненан маттахь юьхьанцарчу классашкахь гонахьара ӏаламан (окружающий мир) урок нохчийн маттахь хилча дика хир дара. Хьалхарчу классе вогӏуш волу дешархо нохчийн маттахь олхазарийн, дийнатийн, акхаройн, диттийн цӏераш хууш ца хуьлу, цундела мехала ду гонахьара ӏаламан урок нохчийн маттахь хилар. Вайн дешархошна хуур яра олхазарийн, дийнатийн, акхаройн, диттийн цӏераш нохчийн маттахь.
Халахеташ делахь, юьхьанцарчу классашкахь хьоьхуш болчу хьехархойн жимма бехк хета суна. Хӏунда аьлча, цара алссам тидам тӏебохуьйту оьрсийн меттан урокана а, математикин урокана а. Оцу предметашна ВПР йолу дела, ткъа ВПР йоцу нохчийн мотт а, литература а жимма дӏатеттина юьту.
Вайн хьехархоша а, дайша а, наноша а, нохчийн маттана т1е тидам к1езиг бохуьйту, цундела ледаро хаа вай дешархошна ненан мотт. Иштта, кхечу предметашна санна, нохчийн маттахь а ВПР хилча дика хир дара. Т1аккха дика тидам тӏе бохуьйтур бара хьехархоша а, дайша, наноша, дешархоша.
Дас а, нанас а кха тӏехь хуьлийла иза я чохь, арахь шаьш болх бечу хенахь доьзал юххе баккхахьара,уьш шайна юххе бахарца царна ӏемар дара балхаца къахьега, ӏемар дара ненан мотт бийца. Кха тӏехь, чохь, арахь болх барца оцу берийн хаттарш кхоллалур дара. Дада, нана кхунах хӏун олу, бохуш. Иштта царна девзар дара нохчийн меттан керла дешнаш, балхе безам кхуьур бара. Цундела мехалла ду дас а, нанас а доьзал шена юххе баккхар. Уьш ненан маттаца, балхаца, гӏиллакх-оьздангаллица кхиор. Дала мукъ лахь, со тешна ву, Нохчийчохь, нохчийн цхьа са мел деха, вайн къоман исбаьхьа мотт кхуьург хиларх.

Зайтемиров Сайдик

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных