Menu


Меттан говзанча, халкъан хьехархо

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

«Къоман мотт хьехаран методикин карарчу хенан коьрта проблемаш» аьлла конференци дӀайаьхьира Нохчийн меттан институтехь.«Нийса а, хаза а, говза а дийцархьама, мотт кIорггера хаа беза. Цуьнца цхьаьна ойла нисйан а, хIуманах бакъонца кхета а, литературин меттан бакъонаш дика йовза а, меттан Iилманан законех кхоччуш кхеташ хила а веза. Къамелан оьздангалла мотт нийсий, хазий, оьздий бийца хаарх йозу», – аьлла меттан говзанчас, Нохчийн пачхьалкхан университетан сийлахьчу академика, профессора Джамалханов Зайндис.
Шен дахаран са кхочуш хилла йолу йерриге а хан нохчийн маттана дӀайелла ваьхна Нохчийн Республики халкъан хьехархо, Нохчийн Республикин сийлахь вахархо а Джамалханов Зайнди дуьнен чу ваьлла 100 шо кхачарна лерина дешаран-методикин «Къоман мотт хьехаран методикин карарчу хенан коьрта проблемаш» аьлла конференци дӀайаьхьира Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон Нохчийн меттан институтехь.
Конференци дӀахьош йолчу Петирова ПетӀамата нийса билгал ма-даккхара, Зайнди халкъан хьехархо вара. Цундела ларамза дацара конференцин тема а школашкахь нохчийн мотт хьехарехь нислучу проблемашна лерина хилар.
Конференцин болх кху агӀонашкахула дӀабаьхьира:
1. З.Джамалхановн кхоллараллин а, Ӏилманан а тӀаьхьало.
2. Къоман мотт а, литература а хьехаран методика.
3. Методикин пхьалгӀа (мастер-класс).
Конференцин ларамечу хьешашна йукъахь вара Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министр Дааев Хож-Бауди, Нохчийн Республикин Парламентан Председателан заместитель Жамалдаев Шаид, Нохчийн Республикин Парламентан депутат Нагаев Ӏаднан а, Нохчийн Республикин Парламентан депутат, Нохчийн Республикин йаздархойн союзан председатель Ельсаев Ӏаламахьад, Соьлжа-ГӀалин хьехархойн колледжан директор Халадов Муса, Йаздархойн къанойн тобанан куьйгалхо Мамакаев Ӏаьрбин Эдуард, Нохчийн Республикин хьакъволу журналист, нохчийн къоман журналистикин къано Кагерманов Докка, Зайндин кӀант Сайди, ткъа иштта, республикехь а, дозанал арахьа а бевзаш болу нохчийн меттан Ӏилманчаш, республикин школашкара нохчийн меттан а, литературин а хьехархой, йаздархой.
Зайндин дахаран а, кхоллараллин а, Ӏилманан а кхиамех лаьцна хьакъ доллу хаза дешнаш элира конференцин дакъалацархоша а, хьешаша а. Цуьнан дахаран а, кхоллараллин а некъ бовзуьйту чулацаме ролик гайтарца дӀайолийра иза.
Хьешашашка, маршаллин дош олуш, вистхиллачу Нохчийн меттан институтан директора Умхаев Хьамзата Зайндина гечдар доьхуш доӀа дайтира зала чохь массарел воккхаха волчу Кагерманов Докке. Зайндин Ӏилманан балхах лаьцна йоцца а, чулацаме а доклад йира Хьамзата. Доклад йерзош цуо билгалдаьккхира Нохчийн меттан институтехь «Къоман мотт хьехаран методикин карарчу хенан коьрта проблемаш» аьлла хӀора шеран дийцарш дӀадахьа лерина хилар. Дешаран а, Ӏилманан а министра Дааев Хож-Баудис билгалдаьккхира, нохчийн мотт хьехаран проблемаш билгалйаьхьна ца Ӏаш, уьш дӀайахарехь болу болх жигарабаккха безаш хилар. 2022-2023-гӀий шераш вайн республикехь Йешаран шо аьлла дIакхайкхийна хилар ларамза дац. Йешарца бен кхуьур вац дешархо. «Нохчийн меттан а, литературин а кабинет кхачам боллуш дика кечйина хиларна тӀера, мотт хьехаран методикин биста кхаччалц долу дерриге а дешархочун хаарш тӀедузуш а, цунна нохчийн мотт марзбеш а, Ӏамош а хила дезаш ду», – билгалдаьккхира министра.
Хууш ма-хиллара, Зайнди, Ӏилманча а хьехархо а, фольклорист а, йаздархо а, гочдархо а вара. Баккхийчарна дага а йогӀу, безам а хета Зайндис нохчийн халкъан фольклор а, къоман литература а йовзуьйтуш дӀахьош хилла йолу телепередачаш. Мел деха иллеш а дагахь хаьара цунна, Дала сирла иэс делла, шен къам а, мохк а безаш, оьзда стаг хилла хилар тӀечӀагӀдира конференцехь чулацаме къамелаш динчу Э.Мамакаевс, Ш.Жамалдаевс, М.Овхадовс, Хь.Умхаевс, Ӏ.Ельсаевс, А.Абдулкадыровс, иштта кхечара а.
Конференци йерзош шайн да дагалоцуш а, цуо хьегна къа дуьйцуш а, цунах лаьцна хаза дешнаш аьллачу нахана баркалла элира Джамалханов Зайндин кӀанта Сайдис.

ЭЛЬДЕРХАНОВА Зайнап

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных