Menu


Нохчийн маттана леринчу конкурсийн жамӀаш довзийтаран даздарш

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Кху деношкахь, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон Нохчийн меттан институтехь Нохчийн меттан денна лерина дIайаьхьна хиллачу цхьамогIа конкурсийн жамIаш довзуьйтуш, толамхой совгIаташца билгалбахаран даздарш дIадаьхьира.
Республикин конкурсаш «Нохчийн меттан тоьлла кабинет», «Нохчийн меттан тоьлла хьехархо», «Нохчийн меттан тоьлла сочинени» дакъошкахула дIайаьхьна йара.
Даздаршкахь ларамечу хьешашна йукъахь вара Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министран заместитель Зубхаджиев Мохьмад-Ӏела, ткъа иштта, вайн республикехь бевзаш болу нохчийн меттан Iилманчаш, говзанчаш, мотт кхиоран балхана йукъа йоккха хазна йиллина болу нах. Царна йукъахь – филологин Iилманийн кандидат Вагапов Ӏаьрби, Нохчийн Республикин Республикин хьакъволу журналист Аболханов Хьаьким, Нохчийн Республикин халкъан хьехархо Абдурзаков Шертбек а, Нохчийн Республикин нохчийн меттан а, литературин а Хьехархойн ассоциацин куьйгалхо Бергоева Айзан, нохчийн меттан а, литературин а хьехархой, кхиберш.
Институтан даздарийн йоккха зал чохь гулбеллачу нахе маршаллин дош олуш вистхиллачу Нохчийн меттан Iилманан институтан директора Умхаев Хьамзата шен къамелехь билгалдаьккхира: «Нохчийн мотт кхиорехь доккха дакъа вайн республикерчу школашкахь къахьоьгуш болчу нохчийн меттан хьехархоша дӀахьош ду. ТӀаккха, нохчийн мотт талларехь а ма-хетта сиха хуьлуш бацахь а, дуккха а кхиамаш а бу, кхочушйеш йаккхий проекташ а йу. Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министр Дааев Хож-Бауди а, цуьнан заместитель Зубхаджиев Мохьмад-Ӏела а даима ладугӀуш ву, оьшуш долчунна тӀехь шайн ницкъ кхочург деш ву. Массарна а Дела реза хуьлда шуна. Вай тахана динарг дуьсур ду, карор ду тӀаьхьенашна».
Дешаран а, Ӏилманан а министран заместитела Зубхаджиев Мохьмад-Ӏелас элира нохчийн меттан хьехархо шен предметехула хилла ца Ӏаш йерриге предметашкахула а хаарш дика долуш хила везаш ву аьлла. Кху конкурсаш тӀегӀа кхин а лакхадоккхуш дӀайахьа йезарх лаьцна а элира цуо. «Воккхавеш хьоьжу со кху институтан хӀусаме. Тоьлла хьелаш ду, дерриге а безамца дӀанисдина ду. Дела реза хуьлда хӀара дика гӀуллакх дайтинчарна массарна а. Вайна тӀехь даггара къахьегар ду. Шух, хьехархойх а Ӏилманчах а, вайн къоман мотт безачу нахах а йоккха дегайовхо йу тхан. Дала аьтто бойла шун!», – дерзийра М-Ӏ.Зубхаджиевс шен къамел.
«Нохчийн меттан тоьлла хьехархо» конкурсехь хьалхара меттиг йаьккхина Грозненски кIоштан Беркат-Йуьртан йуккъерчу школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо Бугаев ИбрахIима.
«Нохчийн меттан тоьлла кабинет» конкурсехь хьалхара меттиг йаьккхина Устрада-ГӀалин округерчу БердкӀеларчу йуккъерчу школин №1 йолчу А.И. Идрисовн цIарахчу школин кабинето (кабинетан доладархо нохчийн меттан а, литературин а хьехархо Даудова Халисат.
«Нохчийн маттахь тоьлла сочинени» республикин конкурс республикин йукъардешаран школийн 9–11 классийн дешархошна йукъахь а, республикин йуккъерчу корматаллин дешаран организацийн студенташна йукъахь а дӀайаьхьнера. Дешархошна йукъахь дӀайаьхьначу «Нохчийн маттахь тоьлла сочинени» конкурсехь хьалхара меттиг йаьккхина Соьлжа-ГIалин №39 йолчу школин 11-чу классан дешархочо Какаев Жабраила. Ткъа йуккъерчу корматаллин дешаран организацийн студенташна йукъахь хьалхара меттиг йаьккхина Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан хьехархойн колледжан 3-чу курсан дешархочо Гиреева Жайнас.
Конкурсийн толамхошна Дипломаш а, Сийлаллин грамоташ а, зезагийн курсаш а, мехала совгӀаташ а дира, Сертификаташ а делира. Дала тӀаьхье беркате йойла!

ЭЛЬДЕРХАНОВА Зайнап

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных