Menu


Нохчийн меттан урокаш

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Мотт – иза адамаша вовшашца къамел даран коьчал ю. Буьйцу мотт ца хилча хала хир дара вайна луучух кхиниг кхето, уьйраш тийса, гергарлонаш чІагІдан. ХІора къоман а шен-шен мотт бу. Вайниг – нохчийн мотт бу. БІешерийн кІоргера вайн дайша кхиош, хазбеш схьабеъна иза хІинца хІаллакьхиларан кхереман дозане кхаьчна олий а хетало цкъацкъа.
Халахеташ ду цунах массеран а дог цалазар, хІорамма а веза хьаша вина шен баьрччехь иза цакхабар. Ненан матте безам жимчохь дуьйна кхолла беза. Бабин туьйранашца, дади къонахаллин иллешца билла беза цуьнан бух. Ишколехь деша дуьйладелча ненан матте безам литературехула боло беза. Халкъан барта кхоллараллех пайда а оьцуш дІаяхьа еза литературин урокаш а. Матте безам хьовха, амалан бух ботта а мегар долуш йоккха хазна ю вайн халкъан барта кхолларалла. Туьйранаша дикаллина Іамаво, иллеша – яхь йолуш, делла дош лардеш, вовшийн лераме хила Іамаво, ткъа кицанашкахь долу хьекъал вайн къомана бІеннаш шерашкахь зеделларг ду. ХІуманна тидаме хила Іамаво хІеталметалша а.
Вайн орамаш мичара схьа ду а, дайн гІиллакхийн бухбоцу хазна а йовзуьйту вайна барта кхолларалло. Цуьнга терра боккха тІеІаткъам бо литературо а. Цундела грамматикан урокашца йоьзна литературин урокаш а, классал арахьара ешар а, классан куьйгалхочуьнца дІахьо хьехарсахьт а ненан маттахь хилча кхачам болуш хуьлу меттан говзалла лакхаяккхар. Зенехь хир дацара хІора четвертехь литературин урокана лерина цхьаъ урок-къовсадалар дІаяьхьча. Цул сов, «Къона литераторш» я «Меттан Іилманчаш» цІерш йолуш кружокаш а пайдехь хир яра.
Буьйцу мотт ларбелча бен кхачаме ца хуьлу грамматика а, оцунна лерина цІахь бан темица лерина болх белла ца Іаш, хІора кхозлагІчу урокехь жима сочинени язъан тІедиллар дича а пайдехь хуьлу. Цо шиъ дика агІо йохьу шеца: дешархочун мотт шарбалар а, цуьнан амал йовзар а. Ткъех дешархочунна йоза-дешар хьеха хІоьттича хІоранна а тІе тидам бахийтар ледара хуьлу, амалан башхаллаш тала муххале а. Ткъа, хууш ма-хиллара, кехат тІе яздинчо таро ло стеган чухулара хатІ довза.
Шена хьалха волчу дешархочун ойланаш а, сатийсамаш а бевзаш хилча хьехархочунна атта хуьлу ша хьоьхург дешархочо кхачам болуш тІеоьцур долчу кепехь дІакховдо а, ша хьоьхучу Іилмане дешархочун безам бахийта а. Дешархошна юкъахь редколлеги вовшах а тоьхна, баттахь цкъа я шозза арадолуш классан газет а диллича, классан гайтаман паспорт а ненан маттахь хилча, урокаш йоцчу хенахь ловзарш а, дагадарш а ненан маттахь дІадаьхьча дешархойн ойла мелла а тІегІур ю ненан маттана.
Кхетош-кхиорна юкъа дай-наной озархьама хІора четверть чекхйолуш хуьлуш йолу дай-наной собрани дешаран жамІаш диначул тІехьа мелла а самукъне хилийта а, шайн бераша лелочунна уьш юкъаозон а лерина къовсадалар хІоттийча, муьлхха тема схьа а лаьцна, масала: «Ишколехь Іамийнарг карладаккхар», «Уггар дика шира дешнаш хуург», «Хьанна хаьа нохчийн мотт» и. кх. дІ. Оцу кепара цхьаьнакхетарш а, ловзарш а дІадахьа таро хилча дешархой цхьана тІедилларе санна а ца хьоьжуш, езаш-лоруш йолчу уроке санна догІур дара нохчийн меттан а, литературин а урокашка. Хьехархочун а, дешархочун а юкъаметтиг ларамца нисъелча атта хуьлу белхан жамІ дан а, говзалла айъан а.

Петирова ПетІамат

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных