Menu


Йицлур йоцу марзо

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Сийлахьчу АллахIан пурбанца, шен-шен хенахь де-буьйса хийцалуш, бIаьсте йолуш, аьхке йогIуш, иза гуьйренга лесташ, Iа дулуш лаьтташ ду хIара дуьне. И Дала хIоттийна низам хийца ницкъ болуш цхьа а вац. Харц-бакъ хан-зама йоккхий, хене довла гIерташ дуьненах каетташ Iай, цхьа гIийла дахаран мур хьой, дуьту вай хIара маьлхан дуьне. Безачех, бевзачех къеста дезаш хуьлу. Дада дийна велара, баба дийна йелара олий дагатосу сих-сиха. Иштта – тоххарехь бакъдуьнена бирзина гергарчу нехан сирла йаххьаш лаьтта иэсехь.
Виъ кIант, кхоъ йоI – оцу тайпана хаза доьзал кхиийра, Боккхачу тIамехь майраллица, доьналлица чекхваьлла а волуш, къонахашна йукъахь къонах волуш, дешна а волуш, Iилма а девзаш, и довзаре терра – хьехархочун болх бина а волчу сан ненадас. Массо а хIуман тIехь тешаме, дика накъост йолуш, къахьегар, дин лелор дахарехь коьртаниг хеташ, болх ца беш, Iамал ца йеш йаьккхина хан йайна а хеташ, массарна а дукхайезаш цуьнан хIусамнана а йара. Оха «Нана» олура цуьнах. Цул а кIеда-мерза, эсала адам сан бIаьрга дайна дац, йа гур ду ала меттиг бац...
Хьалха шуьйра латтанаш дIадуьйш хилла наха, стоьмаш кхиош, даьхний лелош, даима хьанал къахьогуш хилла. ХIетахьлера зама мелла а хала йара олу баккхийчара. Хила а хилла. Делахь а, белхаш бан Iаморал сов, дешарна, Iилманна йукъабоьллина хилла сан ненадас шен доьзал. Цундела – хьекъале, беркате кхиира цуьнан массо а бер.
Царех цхьаберш – боцуш бу. Везачу Дала декъалбойла вайн дIабахнарш! Могаш-маьрша дукха бехийла дийна берш.
Нохчийчу бохаме беаначу тIеман гIовгIа тийнера, амма йуьхьанца нехан Iер-дахар вуно хала дара. Къаьсттина кхераме дара некъаца дIасалелар. Цкъа мацца а и хьал хаъал аттачу делира, болх бан йуьйлайелира школаш, институташ. Сан йиша, ши ваша – тхо а дара доьшуш. Дас-нанас онда къахьийгира тхоьга лакхара дешар чекхдоккхуьйтуш. Оха дипломаш схьаэцна денош – цара доггаха сатийсина хан йара.
Тхо студенташ долуш, зама хала йара, ша могуш йацара аьлла ца Iаш, ненайиша йогIура сих-сиха хьошалгIа. Даима йелакъежна, Iаьмерза, хазачу озаца довха дешнаш аларца дагна хьаам бан хууш стаг йара Асет. Тхоьга, йишин берашка, болу безам бахьа а, билла а меттиг ца карош, тхуна чу садиллина хуьлуш йара иза гуттар а.
ХIоразза, ша йеача, «Муха Iаш ду шу, децийн бераш, муха ду шун дешар?» – олий, доладора къамел. – Схьадуьйла, охьаховша. Дакхийчарех дацахь а, чайнаца кхалла цхьацца хIума йеана ас шуна. Студенташ меца лела мегаш дац. Дас-нанас шу меца ца дуьтий-м хаьара суна, делахь а кегийчарна – доьшуш хилча муххале а – йуург-мерг сов ца хуьлу...
Тоххарехь дIайаьлла жималлин хаза хан. Тхо хIинца даккхий хилла. Деша а дийши, цхьацца белхашкахь а ду. Хилларш, лелларш, лайнарш – йахначу хено маракъевллинчохь диси. Дукха хIума – дицделла. Цкъа а дицлур доцурш ду шортта.
Царех цхаъ – баьпкан цастар тIе налха а хьаькхна, цу тIе моз диллина, иза кхаьллина, тIе чайнан къурд бича багахь хуьлу чам. И йара (хIинца а йу) цкъа а йицлур йоцу – мерза марзо.
Цхьа шатайпа хаза деттина (цунна и мичахь карадора а ца хаьа) бепиг, цIазамийн, баьллийн варени, моз, масех нелхан туп хуьлура децин тIоьрмиг чохь.
– Доьшуш верг – токхе кхача бууш хила веза, хьена а, мерза а хIума йаа йеза цо, – олура, йелакъажарца.
ХIетахь ойла а ца йора, йуха тIаьхьа бен хаа а ца хиира: децас тхо бахьанехь ахчанца йеш хилла харж, ша деза лазар токхуш йара аьлла ца Iаш, шена эшам барца йеш хиллий.
Дог-ойла цу хене дIагIерта сан тахана а. Хала хиллехь а – хаза хан хиллера иза.
Наггахь, ненайиша йогIуш хилла денош дагадогIий, бепиг, даьтта, моз схьаоьций, чай мала охьа хуу со.
Бакъду, цкъа-шозза кхаьллича, децин йуьхь-сибат дуьхьала хIуттий, дог Iовжадой, ойлане волий – саца везаш-м хуьлу.
ДIоггара атта а ца хилла, жималлехь мерза хеташ хилларг, воккха хилча – йаа.
Моз а хилла-кх, дукха ца диъча а, – къахьлуш…

ГАЗИЕВ Iусман

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных