Menu


Са цIандалар

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Довхачу бIаьрхиша йуьхь а йашийна, ненан кошан чуьртана боьгIна шийла тIулг мара а къуьйлуш лаьтта со. Кху мIаьргонехь суна и бIаьрхиш а, сан даггара доIа а кхечу хIуманца хийцар хьеха мила хир вара?! Сан метта шен дахар охьадилла, шен са дIадала, сан лазам шена чухуда, гечдан йиш йоцург а гечдан, со мухха велахь а - нуьцкъала йа гIорасиз, цомгаш йа кхетамах телхина - со ма-варра веза кийча хилла адам хIинца кху дуьненахь дац.
Кхин хезар дац кху дуьненна со доггаха, цIена велалуш... дукха экама ду хIинца кху дуьненца со вузу пардо. Дуккха а шерашкахь, болатан пурженаш санна, хьаьвзина лаьттина сан синпхенаш.
Сан бакъо йара кхера, амма бакъо йацара и кхерам гайта. Хиларан йа цахиларан зила тIехь дIадоьдура дахар. Ког шаршар - даиманна а дIавахар,
Йесаллин чаккхе йацарехь дIавар дара. ХIора дош, хIора хьажар, хIора гIулч шен мах болуш дара. И йерриге а халонаш букъа тIехьа йисинчул тIаьхьа, кхерам тIехтиллачул тIаьхьа и аьчкан пурженаш дукха сиха йастайала йуьйлира. ХIинца пхенаш чохь кхехкарг цIий дац - шена хьалха цхьа а дуьхьало ца йуьту сийна цIе йу!
Урх ца йевза эмалкаш санна, хьаьвдда ойланаш а. Царна цкъа а ца тоьара маршо, уьш даима а цхьана Iалашоне хьовсийна йара, ткъа и Iалашо йайча, уьш некъ а, къилба а ца хоьржуш, дIасайаьржина, дIасахьаьвдда...
Хьан дIадаханчо пен хилла ларво хьо дахаран бакъдолчух, амма и дуьхьало а гуттаренна а йац – дахаран Iаткъамо йожор йу и - тIаккха йуха хьийза йолалур йу болатан пурженаш.
Ткъа цкъачунна хьан гIорасизалло шина декъе доькъу хьуна гонахара адамаш: хьо когаш тIехь сацон гIертачаьрга а, шайн мачийн боьхачу айрашца хьо хьаша гIертачаьрга а. ДоттагIийн йамартлоно цец а ца воккху со - со цецвоккхург церан тешаме хилар ду. Вайн дерриге а дахар къийсам бу. Уггаре а халаниг ша-шеца болу къийсам а болуш: шен кхачамбацаршца, гIорасизаллица, шовкъашца, хьогIаца, саьхьараллица, малонца, десачу дешнашца...
Хьо хийцавелла, хьан гIора кхачийна, тIаккха хьуна гонахара дуьне а хийцаделла. Хьан дуьне гатдо тIедеттачу дешнийн дарцо - къизачу, ирачу, къинхетам боцчу дешнийн дарцо.
Ахь дуккха а шерашкахь къийсамца даьккхина хьан дуьне дукха сиха дузу маьлха кIел шайн меттиг лоьхучу адамех, цхьана а хIуманна бIаьрган негIар а ца тухуш, шайн меттиг йаккха Iеминчу адамех.
Когаш тIехь латта висар – хьайн берриге а ницкъ буйна гулбар, ойланаш урхе йерзор ду. Хьуна хаьа хIун дан деза, амма хьан ницкъ ца кхочу.
Хьуна гонаха дерриге а духуш, даьржаш ду, шен бакъдолчу сибатехь схьахIуттуш ду дуьне, хетарш а, моттарш а дIадовш, схьагуш ду хIуманийн а, хиламийн а бакъсурт. Хьо цунна тидам бан бен, хьайн а, нехан а шалхонаш йемалйан бен ницкъ ца кхочуш висина.
Амма иза дика зер ду. Ког ца тасалуш, охьа ца кхеташ ца хуьлу дахаран некъ. ТIаккха уллехь тешаме доттагIий ца хилахь, воьжначохь Iилла вуьсу. Тахана хьо таса бен ца велла, амма гонахара моттаргIане къежарш шийлачу кIецашка дирзина. Хьуна уллехь хьох кхета, гIодан, гечдан нах кIеззиг а болуш, хьо вохка, харцван, йамартло йан нах алсам карийча, хьайн дахарехь цхьаъ нийса хилла цахилар схьалоцу хьан гIелбеллачу кхетамо.
Ас ненан чуьртан шийла тIулг маракъуьйлу. Йуьртара кешнаш бен дац хьан
гIелделлачу синна паргIато яла. Кхузахь дицло дерриге а: набарза буьйсанаш, синкарзахалла, аьрха сатийсамаш, экама дегайовхонаш. Хьуна гуш-хезаш дерг деккъа хьайн дог делхар а, хьайн хиндерг а ду. Дуьне шен низамца деха, цо геч ца до гIорасизаллина, цуьнца кIеззиг бу безам а, кIеззиг бу къинхетам а.
Сайн лазам ас нанна беана, цо и дIахуьйдина. Цуьнан са тембоцуш, со Деле воьхуш хаало суна... Суьйренан сийналло дIалоцу кIайн дуьне. Юьртарчу маьждигехь маьркIажа ламазна кхойкхучу моллин аз хеза.
Кешнашкара ара а волий, йулучу буьйсанан бодашка гIулч тосу ас. Суо цхьалха цахиларх теша со, суо Хьаьнга кхайкха веза а хаьа. Хьайн къиношка, эшамашка, кхачамбацаршка ца хьоьжуш, хьан тIетевжийла йу-кх кху дуьненахь. Иза хьо Кхоьллинарг, Йесалла Кхоьллиннарг, хьан дохковалар ТIеоьцург ву.
Йа АллахI, лохьа сан синна ийман, цIандехьа и - Хьо ву-кх цуьнан Доладийриг а, Эла а!
Йа АллахI, со кхевда-кх Хьан гIоьналле сайна пайде доцучу хаарех, муьтIахь доцучу дагах, Iаба ца туьгучу сих, жоп доцучу дехарх...

Гайраханов Мовла
Гочдинарг Петирова ПетIамат

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных