- Категория: Нохчийн Мотт
- Просмотров: 321
Йаздархой дешархой болчу баьхкира
ДIадаханчу йеарин дийнахь, 17-чу ноябрехь, нохчийн йаздархошца цхьаьнакхетар хилира Шелан районерчу Чуьйрин-Эвлахь. Кхузарчу Культурин цIийнехь йешархошца дIахьочу цу цхьаьнакхетаре баьхкира Нохчийн Республикин Йаздархойн союзан декъашхой: Цуруев Шарип, Бурчаев Хьалим, Арсанукаев Муса. Меттигерчу школийн директорша а, Культурин цIийнан куьйгалло а вовшахтоьхнера хIара мероприяти. Школашкара хьехархой а, дешархой а, меттигера бахархой а бара зала чохь. Дукха хан йара хIара Культурин цIа тIом болчу хенахь дуьйна дохийна лаьтташ долу. Амма кху шарахь вайн правительствон программица, республикехь йухаметтахIиттош йолу кхечанхьара культурин гIишлош санна, Чуьйрин-Эвлара культурин цIа, то а дина, дIахIоттийра, хьалха хиллачул дуккха а хаза а долуш.
Цу дийнахь зала чохь дуккха а нах бара, йаздархошца долчу цхьаьнакхетаре дуьххьара баьхкинарш а тIехь – къаьсттина дешархой. Йаздархошна йукъахь кхеран йуьртахо Арсанукаев Муса а вара.
Шаьш кечйинчу программица литературни суьйре дIайолийра иза дIахьош йолчу Чуьйрин-Эвларчу йуккъерачу школин нохчийн меттан хьехархочо Сайдулаева Дагмарас. Хьеший а бовзийтина, цо кху цхьаьнакхетаран Iалашо а, кхуьнан мехала хилар хIун ду а хаийтира кхуза баьхкинчарна.
Дагмарас дош ло йаздархошна. Шен къамелехь шуьйра вевзаш волчу нохчийн поэта, литературоведа, гочдархочо Цуруев Шарипа лаккхара мах хадийра хIара санна долчу цхьаьнакхетарийн. Цо билгалдаьккхира ишттачу мероприятешкахь йаздархошна а, йешархошна а йукъара уьйраш чIагIлуш хилар, церан вовшех дагадовлар а, авторан произведенех билггал долу къамел дан йиш хилар а. Цул сов, Шарипа дийцира нохчийн маттах а, таханлерчу дийнахь долчу цуьнан хьолах а лаьцна. Мотт дIаболу бохуш, къамелаш ду вайн йукъахь хазош. Иза дIабер бац, вай иза буьйцуш а, кхиош а мел бу, элира Шарипа. Мотт дIабалар а, ткъа цуьнца цхьаьна къам дIадалар а шина кепара хуьлу аьлла, билгалдаьккхира йаздархочо: хьалхарниг – нагахь и къам физически хIаллакьхилахь, шолгIаниг – нагахь шен мотт ца буьйцуш, къомо иза дIатасахь. Вай сагатдан бахьанаш ду таханлерчу дийнахь: кегийчара, ур-аттал йарташкахь а тIехь, шайн ненан мотт кIезиг буьйцу, цхьаболчарна иза дика хаа а ца хаьа. Нагахь мотт дIатосуш, вайн тIаьхьенаш иштта схьайагIахь, мотт барна билггал кхераме хьал ду. Цундела оьшу вайна вешан литература а, мотт а кхиор, шуьйра иза баржор, элира Шарипа.
Иштта Бурчаев Хьалима а кхидIа а йаржийра маттах йолу тема. Мотт – иза къоман са ду. И дIабаьлча къам ле, хIунда аьлча къоман дахар маттаца доьзна ду. Вайна исторехь дуьйцуш дукхазза а хезна, шайн мотт бар бахьана долуш, хIаллакьхиллачу къаьмнех лаьцна. Уьш дукха хьолахь кегий къаьмнаш ду. Мотт дIабалар бахьанехь, кхечу къаьмнех дIа а оьй, дуьнен чуьра дIадовлу и къаьмнаш. Иза цу цхьана къомана трагеди хилла ца Iа, дерриге а дуьнен чохь долчу къаьмнашна бохам бу иза, хIунда аьлча йовш йерг дийнна къоман культура йу. Ткъа иза йерриге а цивилизацина иэшам бу.
Арсанукаев Мусас а дийцира нохчийн литературехь таханлерчу дийнахь долчу хьолах а, зорбанера арайуьйлучу нохчийн авторийн керлачу произведенех а лаьцна. Литература кхиъна йогIуш хиларан коьрта билгало йу – цу йуккъе шортта къона авторш бахкар, билгалдаьккхира Мусас. Шаьш долчохь, Йаздархойн союзехь, литературни консультацеш луш шуьйра бевзаш болу йаздархой бу: Абдулаев Лечи, Ахмадов Муса, Бексултанов Муса, Бурчаев Хьалим. Цара, къоначу авторшца цхьаьна а кхеташ, беркате болх бо, шайна литературехь а, дахарехь а зеделларг кегийчарна довзуьйтуш, уьш Iамош, церан произведенеш толлуш, уьш нийсачу новкъа бохуш. И болх, хIинцале дика жамIаш долуш, схьабогIуш а бу. Къоначу поэтийн а, прозаикийн а гуларш зорбанера арайийлина, ткъа иштта церан произведенеш Йаздархойн союзо кху шарахь дуьйна арахоьцуш долчу, «Йаздархо» цIе йолчу литературни журналан хIора номерехь а зорбане йуьйлуш а йу. Литература кхиорехь иштта бIаьрла болх бу тахана шаьш беш, элира Мусас.
Шаьш хьешашна бина кечамаш гайтира литературни цхьаьнакхетар дIахьош болчу Дагмарин накъосташа а. Йуьртарчу школашкара бераша Цуруев Шарипан а, Бурчаев Хьалиман а, Арсанукаев Мусан а биографеш а йовзийтина, цу авторийн цхьайолу произведенеш а, царна йукъара дакъош а дийшира. Шаьш кечйина роликаш а гайтира цара, кху авторех лаьцна йолу.
Йуха йаздархоша шаьш а йийшира шайн цхьайолу произведенеш. Шарипа а, Хьалима а шайн стихаш йийшира, царех лаьцна комментареш а йеш.
Кхеран произведенех лаьцна хаттарш дира зала чохь болчу хьовсархоша. Хаттарш хIора йаздархочуьнга шег-шега делира. Гуш дара йешархошна авторийн говзарш дика йевзаш хилар, хIунда аьлча луш долу хаттар кIорггера маьIна долуш а, чулацаме а дара. Йаздархоша дуьззина жоьпаш делира церан хаттаршна, царна даггара баркалла а олуш.
Гулбеллачеран самукъадаьккхира Чуьйрин-эвларчу № 1 йолчу йуккъерачу школин хьалхарчу классан дешархочо Iайшата. Цо Iаламат хаза а, говза а кхочушдира сцени тIехь ши хелхар.
Цхьаьнакхетар дерзош, йаздархошна баркалла элира школийн директорша Арсанукаев Султана а, Юсупова Сарета а, Чуьйрин-Эвларчу админстрацин куьйгалхочо Агамерзаев Аюба а. Цара билгалдаьккхира хIара санна йолу мероприятеш шайн дешархошна чIогIа пайде хилар. Иштта цхьаьнакхетар бахьанехь нохчийн литературе а, культуре а болу безам а, марзо а алсамйолу, берийн синкхетам кхиабо, элира цара.
Цхьаьнакхетар чIогIа бертахь а, хазачу синъайамашца а чекхделира. Йерзош, цхьаьна суьрташ дехира йаздархоша а, йешархоша а. Шаьш долчу дахкарна даггара баркалла элира цхьаьнакхетаре баьхкинчу йуьртахоша.
Килабов Муса
Суьрташ тIехь: Чуьйрин-Эвлахь йаздархошца хилла цхьаьнакхетар