Menu


Хьуьнаре директор

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Къамелехь хьахаделча, школера болх атта бац олу-кх вай. Иза бакъ ду: хьехарал сов, бераш кхетош-кхио а ма деза, цаьргара диканиг йа къаьсттина вониг даьллехь, иза тергоне ца оьцуш, дуьтийла а дац. Ткъа берриге а кхин болх а хьехархоша дIахьош бу йуьртахь, школин дахарца йа йукъараллин гIуллакхца иза боьзна белахь.
Оццул дукха белхаш беш хьехархо хилча, школин директорна тIехь ма доккха дукъ хила деза. Иза массо а хIуманах жоп дала дезаш ма вуй: коллективан балхах а, школехь долчу хьолах, школехь дIахьо массо а мероприятех, веанчух, ваханчух – школи чохь йаьгначу лампин биста кхаччалц директорх хьакхалуш ду-кх дерриг а.
Ткъа муха лараво директор оцу массо а гIуллакхца? Иштта хаттар хилира сан Шелан районера Чуьйрин-Эвларчу №1 йолчу йукъарадешаран йуккъерчу школин директоре Арсанукаев Султане Килабовиче.
– Болх бан луург ларор ву, – элира Султана, – дан деза гIуллакх, кханенга дIа а ца тоьттуш, шен хеннахь дичхьана.
Иза чIогIа нийса жоп ду, балхана мало йича-м, дера, ларор вац цхьа хIума дан а. Тхойшиннан къамел хуьлу школин дахарх а, директоран балхах а лаьцна. Султан школе балха веара 2014-чу шарахь. Кхуо йуьхьаенца историн а, ОБЖ-н а, физкультурин а урокаш лора дешархошна. Дахарехь шортта зеделларг долуш волчу хьехархочо шен урокашкахь йеккъа теори йийцина ца Iара берашна. Цо дахарера дуккха а масалш даладора царна, муьлххачу а хьолехь дан дезарг хьоьхура, вочух царна ларбала Iамадора. Цуьнан урокаш хазахетара дешархошна, уьш самукъа а долуш богIура Султанан урокашка.
Кестта хьехархочо вовшахтуьйхира тIеман-патриотически клуб «Искра». Цу йуккъе балийра школин тоьлла дешархой. Берашна тIеман гIуллакх а, строй йукъахь лела а Iамийра хьехархочо, массо а хенахь патриотически дог-ойла кхиорехь кхетош-кхиоран болх а бора цо дешархошца.
Цул тIаьхьа масех шо даьлча, вайн пачхьалкхехь кхоьллира дешархой тIеман-патриотически декъехь кхиорна лерина Всероссийски тIеман-патриотически болам, «Юнарми» ц1е а йолуш. Цу йукъахь вайн республикерчу кхиазхоша-армейцаша а жигара дакъалецира. Хьалхе дуьйна а районехь дIахьочу конкурсашкахь хьалхара меттигаш йохуш болу Чуьрийн-Эвлара дешархой билггал бара, керлачу боламехь дакъалоцуш. ХIинца районехь хилла ца Iаш, республикехь а дIахьош йолчу смотран а, стройхь леларан а конкурсашкахь дакъалоцура Чуьйрин-эвларчу №1 йолчу юкъарчу школин къоначу армейцаша. Ишттачу конкурсехь 2017-чу шарахь 2-гIа меттиг йаьккхира чуьйриэвлахоша.
Москвахь 2018-чу шеран февраль баттахь дIахьочу Ерригроссин къоначу армейцин форуме кхайкхира кху школин команда. Султан вахара бераш эцна цу форуме.
Москвахь масех де даьккхира къоначу армейцаша. Ала дашна, кхеран форумехь дакъалецира политикин а, тIеман гIуллакхан а, культурин а шуьйра бевзаш болчу гIуллакххоша а, артисташа а, спортсменаша а. Царна йукъахь бара: Россин тIеман дуьхьалонан министр Сергей Шойгу, Россин Президентан Администарцин куьйгалхочун заместитель Сергей Кириенко, Россин халкъан артист Василий Лановой, Россин халкъан артист Михаил Пореченков, шозза олимпийски чемпион волу, гIараваьлла хоккеист Вячеслав Фетисов, дуккха а кхиберш. Оцу бевзаш болчу нахаца цхьаьна мероприйатешкахь хилира нохчийн генарчу йуьртара вайн къона армейцаш. Царна кхузахь хуьлуш дерг тамашийна а, самукъане а, дуккха а шерашкахь дицлур доцуш а дара. Амма уьш хьакъ бара ишттачу форуме кхача, хIунда аьлча шайгара даккхий хьуьнарш гайтинера цара, вайн республикехь дIахьочу йаккхийчу а, чолхечу а конкурсашкахь. Уьш цу къовсамашна кечбеш, церан ледарлонаш тергоне а оьций, уьш дIайохуш, хаддаза болх вара берийн куьйгалхо, говза хьехархо Султан Килабович.
Хьуьнаре хьехархо районехь а, республикехь а билгалвелира. Цундела хир дара цуьнга 2020-чу шарахь Чуьйрин-Эвларчу йуккъерачу школин директоран дарж кховдор. ХIетахь дуьйна директоран болх беш ву Султан.
– ХIун халонаш хилира хьан, болх бан волалуш? – хотту ас директоре.
– Школехь йийбар а, оргтехника а ца тоьура, йан йезаш капитальни ремонт а йара, тойан йезаш йовхо лун система а йара. Кхин а дара уьш шортта, – жоп ло цуо.
– Хьехархой тоьуш барий школехь? Предметаш хьоьху говзанчаш берриш а барий? – кхин а цхьа хаттар ло ас.
– Говзанчаш тоьуш бара, цу агIор халонаш йацара тхан, – дуьйцу Султана. – Коллективан болх бара жима жигарабаккха безаш. Иза а оха дукха хан йалале кхочушдира.
Ала догIу, хIара школа Чуьйрин-Эвларчу поселкехь йолу шовзткъе бархI шо хан йу. ХIара гуттар а тоьллачарна йукъахь хилла йу, муьлхха коллектив кхузахь къахьоьгуш хиларх. Кхузара дешна бевлла, дIабаханчу дешархошна йукъахь Iедалан гIуллакххой а, Iилманчаш а, хьехархой а, лоьраш а, дуккха а кхин говзаллаш йолу нах бу. Дукхахболчара шаьш дешна школа йиц ца йо, дешна бевлларш цхьаьнакхетачу дийнахь богIу уьш хIора шарахь а.
Ишттачу школин цIе дIакхехьа а, школехь низам, къепе латто а атта дац. Муха лараво оцу коьртачу декхаршца директор?
– Муьлххачу а куьйгалхочунна шега цхьаьнга болх дIакхехьалур бац, йуххехь бертахь а, балхана тIера а накъостий бацахь. Тахана кху школин коллектив районехь тоьллачарна йукъахь цхьаъ йу. Дера, тхуна тIехь доккха декхаралла ма ду. Берашна хаарш делла ца Iаш, уьш кхетош-кхиоран болх а ма бу массо а хенахь бан безаш. Белхан и ший а агIо цхьаьний дика дIайахьа хьовсу тхо, – боху Султана.
Школехь болх беш кружокаш йу, царах шиъ районан тIегIанехь а йолуш. Царах цхьаъ – «Къона медик» (куьйгалхо, химин хьехархо Баудинова Разет Мовсаровна) – республикехь тоьлла йолчу пхеа кружокана йуккъе йахана, Соьлжа-ГIаларчу 14-гIа гимназин а, Математикин школин а, Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу гимназин а кружокашца цхьаьна.
ШолгIачу кружоко – Эколого-биологически станци (куьйгалхо Баудинова Разет Мовсаровна) – вайн республикехь хIокху гурахь дIайаьхьначу конкурсехь хьалхара меттиг йаьккхина. Иза Iаламат дика гайтам бу хьехархочун Баудинова Разетан а, берийн а белхан.
Школехь кхиамца дIахьош методически болх а бу, массо а предметаш а, йуьхьанцара классаш а йукъа а лоцуш. Иштта болх школехь лаккхарчу тIегIане дIахIоттийна хилча, кхиамаш боцуш ца йуьсу цхьа а коллектив.
ХIора шарахь республикехь дIахьочу «Шеран хьехархо» цIе йолчу конкурсехь дакъалоцу Чуьйрин-Эвларчу № 1 йолчу школин хьехархоша. Иштта кху шарахь хиллачу къовсамашкахь толам а баьккхина, финале йаьлла химин хьехархо Баудинова Разет Мовсаровна а, биологин хьехархо Арсанукаева Малала Адхамовна а. И йеза цIе тIедогIучу шарахь хин долчу жамIашкахь цу шина хьехархочо йаккхаре сатесна йу школин коллектив.
Школлин коллективо лерринчу тергонехь латтабо дайшца-наношца дIахьош болу болх. Массо а хенахь хьехархоша а, классийн куьйгалхоша а довзуьйту царна берийн дешарца долу хьал а, церан низамах дерг а. Иштта, дешархойн дешар а, лелар а дийцаре а деш, аьтто баьлча, хьехархой а, дай-наной а цхьаьна а кхеташ, цхьана болх бича, кхиамаш а хуьлу берийн дешарехь а, уьш кхиорехь.
Кху шарахь капитальни ремонт йина кху школина. Хьалхе дуьйна федеральни программина йукъахь йара хIара, ремонт йан билгалйаьккхина. ХIинца школа йевзар а йац: арахьарчу пенаш тIе лаьцна вайн заманан гIишлошйаран коьчал – композит йу, школин гIишлон хатI хийцаделла, Iаламат хаза йу иза хIинца. Ремонт массо а чохь а йина, кор-неI а, йовханан система а хуьйцуш.
Иштта хьал ду Шелан районера Чуьйрин-эвларчу йукъарадешаран йуккъерчу №1 йолчу школехь. Стаг шен меттехь а хилча, шен а, коллективан а белхан сий а деш, дика къахьоьгуш а хилча, белхан гIуллакх дика хуьлу. Иштта хьуьнаре а, хьанал а къахьоьгуш ву кху школин директор Арсанукаев Султан Килабович.

Беноев Муса

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных