- Категория: Нохчийн Мотт
- Просмотров: 239
Нохчийн меттан хьехархо тоьлла СКФО-н конкурсехь
Лахьанан беттан 25-чу дийнахь Кхарачойн-Чергазийн Республикин У.Д.Алиевн цӀарахчу пачхьалкхан университетехь дӀайаьхьира Къилбаседа Кавказан Федеральни округан (СКФО-н) субъектийн а, Эдигийн Республикин а къаьмнийн меттанийн хьехархошна йукъахь дӀахьош йолу «Тхо тайп-тайпана ду, амма бакъонца цхьатерра ду» аьллачу кхайкхамца йолу хӀорашеран ХӀӀ-гӀа конкурс.
Нохчийн Республикин цӀарах оцу конкурсехь дакъалоцуш вара Шелковски кӀоштан Старогладовски школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо Бангачиев Ӏела. СКФО-н конкурс нохчийн хьехархочо толам боккхуш дӀайирзира аьлла хаза кхаъ хезира. Конкурс дӀайахьаран рагӀ йухашарахь, ламасте дирзина ма-хиллара, толамхочун махкахь, Нохчийн Республикехь хир йолуш а йу.
Билгалдаккха деза Ӏ.Бангачиев конкурсана кечвеш къахьегнарг Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон Нохчийн меттан институтан Ӏилманан лакхара белхахо Говдаханова Ӏаламат хилла хилар.
Ӏ.Говдахановаца а, Ӏ.Бангачиевца а къамел дар хилира тхан. Цара дийцира конкурсехь дакъалоцуш шайна тайнарш а, керла девзинарш а.
«Тхо тайп-тайпана ду, амма бакъонца цхьатерра ду» конкурсан дакъалацархойн ларам беш леррина йеана конкурс чекхйаллалца Ӏийра Кхарачойн-Чергазийн Республикин дешаран министр йолу Кравченко Инна. Конкурсан финалехь: «Медиа-визит» а, «Мастер-класс» а, «Методикин пхьалгӀа» а кхаа декъехула тӀедахкарш кхочушдира оха. Билгалдаккха деза тхуна дина хьошалла а, конкурсана бина кечам а лаккхарчу тӀегӀанехь хилла хилар. Хьалхара меттиг вай а, шолгӀа меттиг Эдигийн а, кхоалгӀа меттиг ГӀебартойн-Балкхаройн а республикийн векалшна йаьккхира. Дешаран министра И.Кравченкос толамхошна совгӀаташ дӀа а луш, конкурс дӀайахьаран рагӀ, ламасте дирзина ма-хиллара, толам баьккхинчу Нохчийн Республике кховдийра. Даггара баркалла ала лаьа оцу конкурсана соьга кечам бойтуш къахьегначу Нохчийн меттан институтан директоран дешаран декъехула йолчу заместительна Дашаева Лайлаана а, Говдаханова Ӏаламатна а. Сох дог лозуш, сагатдинчу сан белхан накъосташна а, вайн махкахошна а», – баркаллин дешнаш элира Бангачиев Ӏелас.
ХӀара конкурс, Ӏелас ша ма-аллара, цуьнан дахарехь дуьххьарлера йацара. 2009-чу шарахь «Къона хьехархо» конкурсехь финале а, «ТӀейогӀучу хенан хьехархо» конкурсехь ахфинале а велира иза. Иштта, 2019-чу шарахь «Тхо тайп-тайпана ду, амма бакъонца цхьатерра ду» конкурсехь 3-гӀа меттиг а йаьккхинера.
«Кхарачойн-Чергазийн Республикехь дӀайаьхьначу конкурсан хьалхара «Медиа-визит» а, «Мастер-класс» а номенацешкахь къовсар мелла а атта хийтира суна «Методикин пхьалгӀа» номинацехьчул а. Иза кхушара дуьххьара йукъайалийна а йара. Делахь а, Делан къинхетамца толам боккхуш чекхдевлира вай», –дуьйцу Ӏелас.
Ша йуьхьанцарчу классехь нохчийн мотт хьоьхуш хиларе терра, Ӏелас «Мастер-класс» номинацин къовсамехь ша шен кегийчу дешархошца цхьаьна нохчийн матте гочдина хилла долу «Хорсам» туьйра гайтира. Туьйран коьрта турпалхой тайп-тайпанчу къаьмнийн векалш хилийтина цара. Зал чохь массара а къобалдеш тӀелецира туьйра. Берашна книгаш йешар марздаран некъаш а дийцира. Бангачиев Ӏела 2015-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан йуьхьанцарчу классийн хьехархочун отделени чекхйаьккхина. ХӀетахь дуьйна а Шелковски кӀоштан Старогладовски школин йуьхьанцарчу классашкахь нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш болх беш а ву иза. Ӏела санна шен болх а, бераш а дукхадезаш болу хьехархой хилар вайн республикин дешаран хьаьрмина боккха йуьхькӀам бу.
Иштта, Къилбаседа Кавказан Федеральни округан (СКФО-н) субъекташна йукъахь «Тхо тайп-тайпана ду, амма бакъонца цхьатерра ду» аьлла йолу конкурс тIедогIучу 2023-чу шарахь Нохчийн Республикехь дӀахьур йолуш йу. Дала тӀаьхье беркате йойла!
ЭЛЬДЕРХАНОВА Зайнап