Menu


«Эзар сом»

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

ХIусамнана: Стаг, хьо меца вуй? Чай молий, ахь?
ХIусамда: ХIан-хIа, вац, вуьзна эккха воллу. Ма тамашийна болх бу хIара, хьо тахана дера йоцуш хIара де хилар!
ХIусамнана: ДIавалахь, стаг, со маца гина хьуна дера! Со-м ю хьуна даима къежна, делла цициг санна.
ХIусамда: И-м бакъ ду. Случайно, хьо цIа яха лууша-м яц?
ХIусамнана: Яц, кхин дIа алахь?!
ХIусамда: Дера хир яц, хьо, ахча дезаша-м!
ХIусамнана: Хьажжал хьайна, цIийнада-м ву, хаза шен хIусамненан дагара хууш! Стаг, цхьа эзар сом дац хьоьгахь?
ХIусамда: Соьгахь-м дац, цхьа сом.
ХIусамнана: Хьоьгахь-м дац, амма соьгахь-м ду!
ХIусамда: Хьоьгахь мичара хуьлу? Сан кисана-м ца кхаьчна хьо? (Кисана куьгаш туху).
ХIусамнана: Хьуна мичара долу? Ас дехча-м цхьа сом ма дацара хьоьгахь?!
ХIусамда: Дара цхьа эзар сом, валар-висар хилахь, аьлла дIалачкъийна.
ХIусамнана: Делахь ма ле суна, хIара эзар сом ду алий.
ХIусамда: Оццул ас лачкъийна лардеш долу хIара эзар сом, десара ала, хьо тIе муха кхечира?
ХIусамнана: Хала ду ткъа, пуьтушна тIекхача, селхана хьан бедарш юьттуш кисана хьаьжира со, ванах кху стега документаш-м дац-те аьлла, тIаккха цу киснахь вай цхьа хаза, цхьа сийна эзар сом ду-кх. Цхьа хазахетта суна!
ХIусамда: ХIаъ, хьуна хета мегар ду.
ХIусамнана: Хьуна хета дезар иза-м. Кисана ца хьожуш, стиральни машенчу хьан бедарш кхийсинехь хIун хира дара? Шувв-шувв ,хIуф аьлла, хих иэ а делла и хьан документаш хилла меттиг хир бацара. Цундела хьуна гIуда догIу, кхин цхьа эзар сом.
ХIусамда: Собар,собар ахьа-м кхин эхь ца хеташ со декхар ма вахийти!
ХIусамнана: Шек дIа ма валахь стаг, вац хьо, декхар.
ХIусамда: Муха вац со декхар, хIинца хьо ма ю соьга кхин эзар сом гIуда?- бохуш.
ХIусамнана: И текхна ваьлла хьо.
ХIусамда: Муха ваьлла со и текхна? Дера хир яц хьо, сан костюм кисана кхаьчна-м?
ХIусамнана: Сом хьаха ца кхаьчна, хьан костюм яра-кх суна тIекхаьчнарг. Селхана костюмана иту хьаькхна, юха иза вешалки тIеуллуш, ца хууш киснара кхин цхьа эзар сом охьадуьйжи-кх.
ХIусамда: Ахь и Iункара ерзийна-м яцара?
ХIусамнана: Яцара дера, вешалка кагъеш, ша Iункара елир-кх иза.
ХIусамда: Со-м ца хилла-те оцу костюм чохь?
ХIусамнана: Вай, дIавалахь дIа, дика дера ду цу ахчанна тIе бераш ца кхаьчна. Бераш тIекхаьчнехь хIун хир дара?
ХIусамда: ХIумма хир дацар-кх, сан киснахь сан ахча хир дар-кх.
ХIусамнана: Дара чIогIа, цара цхьа ловзо кехаташ ду моьттуш, этIийна, цаца сан дийра дара, тIаккха хьоькхучу мохо дуьненан еа маьIIе дIахьуриг хира дара. Цу тIе и пекъарш, хьехархой, субботникаш еш хир бара. Кхин эзар сом декхар ву хьо, гIуда ду хьуна.
ХIусамда: Лаа вуй со декхар, юха а сан документаш стиральни машен чу тосур долуш-м дацара?
ХIусамнана: Стиральни машен чу кхачарна кхерам бацара, амма и вайн бераша вайна ца хууш схьаэцна бага Iиттина хиллехьара, кийча кхераме инфекци яра-кх.
ХIусамда: Цунах хIун инфекци хир яра? Хьайн даго хьоьхург ма дийцахь.
ХIусамнана: Им эзар нехан карахула чекхдолуш дай, валарна кхерам бу.
ХIусамда: Зуда, тIаккха хьайн карара дIа ма даккхалахь.
ХIусамнана: ХIун бохура ахь?
ХIусамда: Дера боху, нах ахча ца хилча ма ле, ткъа ахь ахча дерг ма волуьйту.
ХIусамнана: Ас-м ца волуьйту, хьан Iожалла тIекхаьчча цхьа минот сов вехар вац хьуна, шек дIа ма вала хьо! «Гигиена» ларъян ма еза. ГIуда ду хьуна эзар сом.
ХIусамда: Соьгахь-м дац, шадерг хьан кара ма дирзи иза.
ХIусамнана: Ца оьшу, вайшиъ «расчетехь» ду.
ХIусамда: Делан Вазлора хир яц хьо, сан тIоьрмиг чу кхаьчна-м?
ХIусамнана: Селхана, хьуна хазахетийта, байт язъян къолам эца хьан тIоьрмиг чу хьаьжира со, къоламан метта сан кара хIун еанера хаьий хьуна?
ХIусамда: Эзар сом деана хир ду-кха, кхин хIун йогIур яра хьан кара?
ХIусамнана: Вай, стаг, деа дера, вайшиъ расчетехь ду, яхара со, туькана. Вададай, далалай, ма беркате деа хьо, таханлера де!
ХIусамда: ВаллахIи, бу хIара зударий хьекъале а, саьхьара а. Зударийн хьекъал дац, тов! ВаллахI ду-кха.
Ватсапчохь со цхьаьнга язъеш велахь, мел дика хаьа алахь, хаац ватсап чохь кхин цхьа бIаьрг бацахь. Пуьташ боттахь, теша а теший, алахь!
Дика хьаха ду, сан сбербанковски карта ца девзаш, цхьа визитка ду моьттуш Iаш ю, пекъар! И хаахьара "Карта заблокирована" эр дара, тоххарехь сом чекхдаьлла хьан, аьлла.

Зайтемиров Сайдик

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных