Menu


Нохчийн мотт кхиоран керла хьелаш

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Дукха къаьманаш ду дуьнен чохь, цу хIора къоман шен мотт а бу. « Мотт ца хилча, къам а ца хуьу», – олуш цхьа кица ду вайн халкъалахь. Иза Iаламат нийса аьлла дош ду. Къам дIадаларан ши бахьана ду боху Iилманчаша: хьалхарниг – нагахь къомо шен мотт дIатасахь, иза ца буьйцуш, цунах пайда ца оьцуш, и къам хилахь, иза дуьнен чуьра дIадолу; шолгIаниг – нагахь и къам, цхьа бахьана а хIоьттина, дерриг а хIаллакьхилахь. Исторехь хилла хIуманаш ду уьш. Къомах дозуш доцуш, цуьнан бехк боцуш ду иза, йа тIом хилла, йа ун-цамгаро хIаллакдар. И саннарг хилча, цу къоман бехк бац, хIунда аьлча цуьнан лаамца доьзна дац и хIаллакьхилар. Ткъа къомо шен мотт дIатасар ду тамашийна хIума. Ишттачух теша а, кхета а хала ду. Мел чогIа шен къам ца дезаш и ца лоруш хила веза стаг, шен мотт цо дIатосуш хилча. Амма таханлерчу дийнахь вайна гуш ду-кх вайн къомах болчу наха шен ненан мотт йемалбар, иза ца буьйцуш, цунах ца бешаш уьш лелар. Иза ду чIогIа ирча гIуллакх.
Вай ала тарло: «ХIан-хIа, цIена нохчийн орамах волчу стага шен ненан мотт дIатосур бац, кхин мотт а буьйцуш, лелар вац иза». Хала ду иштта ала, хIора стеган шен бахьана ду маттаца «мостагIалла лаца». Цхьаволчунна моьтту, шена ненан мотт дахарехь дукха оьшур а бац, гIеххьа бийца шена иза хаьа, ткъа балхахь а, некъахь оьшург, масала, оьрсийн мотт бу, иза шена дика хаа беза. Ша дахарехь бохун болу кхиамаш оьрсийн маттаца боьзна бу аьлла, тешна ву ишттаниг. Дера, пачхьалкхан мотт ца хиъча ма ца болу. Дика мел хии а дика ду. Амма мел дика хьуна иза бийца хаарх, хьо хьайн балхахь говзанча вацахь, маттах дан хIума дац. Цул сов, вайн республикин Конституцица нохчийн мотт а ма бу пачхьалкхан мотт, массо бакъо а йолуш.
Вуьшта стагана шен ненан мотт стенна оьшу? Дера, оьшу шен гергарчу нахаца, вевза-везачаьрца, халкъаца йолу уьйр ца хадорхьама. Шен халкъан мотт а, культура а, истори а, гIиллакхаш а стагана дика хууш а, цо уьш лелош а хилча, шен къоман векал ву иза, миччанхьа а иза вахча, шен къомах дозалла дан йиш йу цуьнан, цунах лаьцна диканиг ала а, дийца а аьтто бу цуьнан. Ткъа гонах болчара иза оцу къоман векал санна бен тIеоьцур вац. Шен къам а ца девзаш, цуьнан мотт а ца хууш волу стаг чIогIа ледара а, хийра а хета цу къомах болчу нахана. Цуьнан бехкенна ца хила а тарло стагана мотт а, шен къоман гIиллакхаш а цахаар. Амма мелла а сихо йан йеза цо уьш Iаморхьама, ша шен къомаца ваха лууш велахь. Ткъа мотт дIатеснарш ца беза цу къомах болчу нахана, уьш хийра а, айпе а хета царна. Цара уьш тIе ца а оьцу, дукха хьолахь тергал а ца бо, хIунда аьлча уьш хьакъ бац шайн къомах болчу нехан гIо-накъосталла а, уьйр-марзо а хила.
Вай тидам бо кегийчу берашца къоначу наноша оьрсийн мотт буьйцуш. Хиъча дика ду иза, деша а атта хир ду, олу цара. Иза нийса ду. Амма оьрсийчуьнца цхьаьний нохчийн мотт Iамабейша шайн берашна, уьш ши мотт дика хууш хилча, кхин а чIогIа хьекъале а, хьоьхург дика схьалоцуш а хир ду, шуна. Iилманехь цунах «билингвизм» олу, иза дуьнен чохь даьржина хIума ду. Цунах боккха пайда а болу, кегийчарна хилла ца Iаш, баккхийчарна а тIехь.
Ткъа шен мотт а ца Iамош, кхечу къоман мотт бен ца буьйцуш долчу дас-нанас деш дерг зулам ду, уггар хьалха шен доьзалхочунна, йуха шайна а. Цунах уьш кхеташ хилча, цуьнан ойла йеш хилча, дика дара. Шен къам дIа а тесна, муха вехар ву стаг? Кхидерг ца дийцича а, ирсе-м хир вац иза.
Вайн республикехь нохчийн мотт кхиорехь а, тобарехь а дIахьош боккха болх бу, уггар а хьалха Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана Ахматовича и гIуллакх шен лерринчу тергоне а эцна. ТIедогIу шо Нохчийн республикехь «Нохчийн меттан шо» аьлла, дIакхайкхийна а ду. Республикехь дIахьош йолу йерриге а мероприйатеш нохчийн маттахь хир йолуш, маттаца доьзна дуккха а дика гIуллакхаш хир долуш, беркате цхьаьнакхетарш а, хьаша-да тIеэцарш а хиларца билгалдер ду тIедогIу, 2023-гIа шо.
Вайн хІора йуьртахь а бу ненан мотт хаза а, говза а буьйцуш нах. Нах гулбеллачохь – диканехь а, вуонехь а – цара къамел дечу хенахь массара а леррина ладугІу. Оцу наха, меттан говзанчаша, ларбеш а, кхиош а бу вайн нохчийн мотт. Цаьргахула кхочу иза гонах болчаьрга а.
Вай буьйцург къомо барта буьйцу мотт бу – муьлххачу а меттан бух, цуьнан лард. Цу тІехь кхуьуш ма бу литературни мотт а, йоза а.
Къаьсттина мехала ду ненан мотт кегийчарна бовзийтар, Іамор. ХІунда аьлча цара иза дІатасахь, вайн меттан хьал ледара хир ду, иза барна кхерам бу. Ткъа мотт дІабаьлча, къам а дІадолу, вай лакхахь ма-аллара.
Амма вай тешна а ду, вайн йоккха дегайовхо а йу вешан ненан мотт ларбан а, кхио а вайн ницкъ кхочург хиларх.
Уггаре хьалха вай тидаме эца дезарг ненан мотт доьзалехь бийцар ду. Доьзал цунах хербалар, цара шайна йукъахь кхин мотт бийцар – иза нохчийн маттах уьш дІахада гергахиларан коьрта билгало йу.
Лерринчу тергонехь хила деза нохчийн мотт школехь Iамор. Иза хьехаран хьал лаккхарчу тIегIанехь хила деза. Нохчийн меттан хьехархошна церан балхана оьшуш долу дерриг а хьелаш хилийта деза. ТIаьхьарчу хенахь сих-сиха хуьйцуш йолу дешаран программаш а нисйина, цаьрца цхьаьна Iаматаш а тойина, болх жигарабаьккхича, дешархойн кхиамаш а хир бу, нохчийн мотт хьехаран гIуллакх а дика толур ду.
Вай вешан къам кхечарел лакхара я лахара ду ца боху. Вай кхечу къаьмнел тоьлуш ду а ца боху. Амма вай доккха дозалла до вешан къомах, хІунда аьлча хийллаза халачу киртигах чекх а даьлла, шен мотт, къоман сий, йахь ларйина цо. И цхьаъ тоьур дара жимма йахь йолчунна, кийрахь нохчийн дог долчунна шен къам а, цуьнан мотт а беза а, лара а.
Вайн къомах боцчу наха, Iаламат лакхара мах а хадош, цуьнан токхе а, хаза а хиларх цец а буьйлуш, хестийна нохчийн мотт. Царах бу 19-чу бIешарахь баьхна оьрсийн сийлахь-воккха йаздархо Л.Н. Толстой а, сийлахь поэт М.Ю. Лермонтов, Iилманча П.К. Услар а, кхиберш а.
Къаьсттина чIогIа ларбан безарг йозанан мотт бу. Зорбанан хьостанашкахь а, телевиденехь а, радиохь а вай дукха дийцина цунах лаьцна. Иза дийца а, тергонехь латто а дезаш гIуллакх ду, хIунда аьлча вайн къоман йукъара лазам бу иза. Тахана нохчийн маттаца долу хьал вайна ма-лаъара дика дац. Иза дика хилийта ницкъ кхочург дерриге а дан деза вай. Цунна тIе терго Iедало а йохуьйтуш хилча муххале а.
Ненан мотт стенна оьшу бохург дийца оьшуш а дац. Адамийн вовшашца уьйр латторан а, дахаран массо а агIо кхиоран а хьоста хилла ца Iаш, вайн гIиллакхаш лелоран, лардаран гIирс а бу иза. Ненан маттехула девза жимачунна дерриге а диканиг, халкъан иэсехь гулделларг. Цу йукъахь къоман гIиллакхаш а, Iеран-дахаран сурт а, йукъаметтигийн хазалла а йу. Цундела ду мотт ларбар Iаламат мехала а, оьшуш а гIуллакх.

Арсанукаев Муса,
Нохчийн Республикин хьакъ волу журналист

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных