Menu


Сизалг

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Цхьана хазачу махкахь, Хаарийн шахьарахь, Грамматика цIе йолчу гIалахь дешдакъош Iаш цхьа хаза урам хилла. Оцу шахьарахь вуно дукха долу уьш, вовшашца чIогIа бертахь Iаш хилла. ХIора дийнахь дешдакъоша керла дешнаш кхуллура, ткъа уьш, шаьш гулделча, дешнийн дитташ тIе даха охьаховшура. ТIаккха царах предложенеш хуьлура. Цкъацкъа дош дерриге а сехьа ца долуш меттиг нислуш хилла Хаарийн шахьарахь а.
Цхьана дийнахь предложени чу дехьа ца довлалуш, гIовгIа эккхийтина хьийзаш хилла дешнаш. Цхьа дош къаьсттина чIогIа доьлхуш хилла. Цо хьоькху мохь а хезна, царна тIе йахана Сизалг цIе йолу жима йоI. ЧIогIа дика а, къинхетаме а йоI хилла и.
– ХIун ду хилларг? Хьо хIунда доьлху? – хаьттина цуьнга Сизалга.
– Сан цхьа дакъа бен предложени чу ца тарло, тIаккха цунах цхьа а кхетар вац – бохуш, доьлхучуьра ца соцура дош.
– Делха ма делха, ас гIо дийр ду хьуна дехьадала. Цкъа дуьххьара дакъошка декъалол хьо, – аьлла, хьаьстина дош Сизалга. Дош декъаделла. ТIаккха ша дешдакъошна йуккъе а хIоьттина, меллаша керлачу могIане дехьадаьккхина цо иза.
ХIетахь дуьйна дешнашна гIо деш лела Сизалг. Муьлхха а цхьа дош могIане ца тарлуш хьаьвзича, цуьнан дешдакъошна йуккъе хIуттий дехьадоккху цо иза.

Момуева Хеда

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных