- Категория: Нохчийн Мотт
- Просмотров: 212
И шиъ вовшех дика кхетар ду
Аьхкено букъ берзийнехь а, денош хаза лаьтташ дара ломахь. Сайтарби вехачу ламанца йолчу йуьртахь тахана а хаза йеанера Iуьйре. Денош а Iенош аьхке йахача санна, хаза дара дашо бос эцна гуьйрено ден болар а.
Стохка, кхузахь, ламанца хеттарх кхин йухкуш кара а ца йина, Iаьндахь карийна эцна йалайайтина шен вир дIайужуш воллура Сайтарби. Тохара хиллехь а, хIинца кху йуьртахь хIара цхьаъ бен кхин вир а йацара. Массеран бохург санна нехан машенаш йара, ваха-ван а, хIинца хIара санна долчу вордан цIа чохь йалур йолчу хIуманна а. Иштта йолу, «жигули» олу жима машен карайора цхьана аьттан меххах а. Цу тIе, некъаш а ду тахана дукхе-дукха шера, аьхна. ХIинца йуьрта йуккъехула болу некъ силаман а болуш. Делахь а, Сайтарбин тахана машен Iамо а, и карайерзо гIерта а хан йацара. ДезткъолгIа шо а дара кхуьнан, олуш ма-хиллара, мохь тоьхча хеззехь.
Вир дIайоьжна а ваьлла, масех даьсса гали вордан-цIа чу а тесна, мохь туьйхира Сайтарбис:
– ХIей, хезий хьуна? Мичахь йу хьо?
– Хеза, хеза. ХIун боху ахь, ва стаг? – кучахь хIоаш а долуш, бешара схьагучуйелира Бийзант.
– Со, эцца, эвла кIел а вахана, Къуддус волчуьра жуьйр, жарж хIума а йохьуш, Ахки чуьра Дахьранан хьера хьовзоран хьал муха ду а хьожуш, готесна вогIу хьуна.
– Ма дика хир дара иза. Ас Iуьйранна йетт узуш хьалха йоьхкинарш жуьйрех йисина тIаьххьара цхьа кана хIума йара-кх. Сарахь цунна хьалха йахка уьш хилча гIуллакх дара-кх и.
Меллаша, шайн урамехь охьа а хьаьвзина, йоккха-гуьйрг йолччу кхаьчча, аьтту агIор боккхачу некъа тIе болучу ураме дIахьовзийра Сайтарбис ворда. Силам-некъ биллина дукха хан йацара. КесталгIа биллина бара иза. Сайтарби а цкъа-шозза рузбане веанера кху новкъа. Массо а вара, гIаш верг а, машенахь верг а, хIокху некъах воккхавуьйш, дезар эца лууш. Иштта, Сайтарбина а лиира шен ворданахь кху новкъахула ваха.
Вир дуьххьара йаьллера силам-новкъа. Болар а сихделира цуьнан. Бергийн гIовгIа а йара самукъане, вотанах йекаш, хетарехь, вир а йара кху некъах йоккхайуьйш. Лахохь, ной йолччера дIа, некъ шен йолчул а, чунехье алсам йолуш бара. Цига кхаьчча, виран болар кхин а чехка делира, аьлча а, ловзайаьлча санна, йедира. Сайтарбис урх ийзайора, иза чехкайаларна реза воцуш, амма виран болар лагIлуш дацара. Хетарехь, некъ шера а хилча, чунехье а хилча, шен боларна маршо йеллера цо.
ЦIеххьана, аьрру агIорхьара кху новкъа волучу кIантах бIаьрг кхийтира Сайтарбин. Амма и кIант ворда йолчу агIор схьахьожуш а вацара. Иза цхьа башха корта а лестош, дегош дегI а долуш, Сайтарбин лаамера йаьллачу вирах тера, кIентан кхетамера даьлча санна, дегI чехкка новкъа иккхира. Сайтарбис бетта мохь цунна а ца хезира, шен гIора мадду урх озорах вир а ца сецира. Амма тIаьххьара шен ворданан аьрру чкъург жимма айайалале, кIентан некхехулу хьала, дирста санна, лергаш тIе боьдучу шина серах бIаьрг кхийтира Сайтарбин. ЦIеххьана, ткъех гIулч дехьа, шегара цхьаъ даьллий хиъча санна, вир а сецира. Охьаиккхина кIантана тIехьаьдира Сайтарби. Iадийча санна Iара кIант, наггахь настарх ка а тухуш.
– Дакъаза ма вала хьо, ма мохь биттира ас хьоьга. Муха ву-те хьо? Ност йо-м ца йойна? Вайшимма, хIокху дела сохьта, Малика йолче вуьгур ву. Жимма сатоха ахь… – Малика кху йуьртахь медпунктехь фельдшер йара, йуьртахошка дика хьожуш а, нахана дукхайезаш а.
– Со хезий хьуна? Воха ма вохалахь, – бохуш, чIоггIа мохь беттара Сайтарбис.
– Хеза, ваши, ва хеза, – хаддаза дIасахьоьжуш цхьаъ лоьхуш вара кIант. Йуха ша-шега санна:
– ДIогахь йу-кх, – олуш хьала а гIеттина, астагI а лелхаш, Сайтарбис сецошшехь, вахана дехьо Iуьллу шен телефон схьаийцира кIанта. ТIаккха ша хьалагIеттинчуьра лекхахьа, Сайтарбина дирстанах тарйелла наушникаш а схьаийцира.
– КIант, соьга хьой Малика йолчу вигийтахь. Хьан цIе хIун йу? Хьенан ву хьо? Дийцал вашина.
– Ца оьшу, ваши. Со дIавахалур ву. Со… эцца… – хIокхуьнан хилла хьехархо вара хIинца сецначу машенара охьавуссуш. ХIинца хьенан ву ма-дарра ца аьлча ца долура. ХIара хIокху аьхка ваьллера ишкол чекхйаьккхина а.
– Де дика хуьлда хьан, Сайтарби! Шуьшиъ хIумма хилла Iаш-м вац?
Шен хиллачу хьехархочуьнан де дика а дина, кIант, меллаша волуш йуьстах а ваьлла, ша схьавогIуш хиллачу новкъахьа дIаволавелира.
– Далла воьзийла, Хьамзат! Ма дика ду хьо кхаьчна. ХIара кIант… сан вир… – бохуш, хиллачух цецвуьйлуш, сурт довзийта гIертара Сайтарби.
Хьамзатан йуьхьа тIехь дайн велааьшна хаалора. Иза кхеттера хиллачух. Иштта, бахьанах а. Сайтарби цунах кхето а ца гIиртира иза. И эрна дара. Сайтарбин ирс хилла и ун-лазар ца довза, цунах ца кхета а. Амма дуьненчу чIогIа даьржина-кх, цхьа а лам, Iин а ца дуьтуш, массо меттехула. Кхин дIа а даьржаш дIагIур долуш а ду, цхьа наггахь волчо дуьхьало йарх, соцур а доцуш йа хила шена эшам а боцуш. Уггар халаниг и ун-лазар адамо дезаш тIелацар ду, цуьнгахь толам буьтург а…
КIант хIинца гуш а вацара.
– Хьамзат, и кIант дIаваха-кх, со хьоьга хIара дуьйцуш Iашшехь. Цунна хIуъа моттахь а, лазийна хир волуш ма ву и. Вуьшта, могаш варий а ма ца хаьа... Иштта ала а дера ца лаьа суна… Делахь а, тазачу адамехь йоцу билгалонаш йара-кх цуьнан новкъа варехь. Цу балха тIе лергана онда хир волуш а ву. Ас оццул шега мохь беттарх хаза ма ца хезира цунна. Чехка йогIуш машен хиллехь хIун дан дезара? Дала тохар дацара и тIаккха? Дала лардойла-кх вай вочу балхах! ИсмаIали кIентан ву элирий ахь иза? Шен ден цIе-м йаьккхира цо. ХIинцале а йицйели-кх.
– Ва-те. ИсмаIали кIентан Iабдуллин кIант ву-кх.
– ХIаъ. Иштта йаьккхира хьуна цо шен ден цIе. Iабдулла. ИсмаIали кIант Iабдулла… вевза дера. Иза-м хьаха ву тIекаре дика йолш бакъахьара кIант. ХIаъ… бакъдерг аьлча, ИсмаIал… Дала гечдойла цунна! Деллахь, ма дика а, оьзда а стаг вара-кх иза. Хьуна а дагавогIу хир ву иза. Йуьртана а синтем бара-кх иза волуш. Дера бара…
– ВогIу дера. Дага вогIу. И дIаваьлча санна доккха тезет гина дац суна-м цкъа а.
– ХIаъ. Бакъ ду и. Делахь, хIинца Iабдулла ган гIоьрту со. Оцу кIантах хIун хилла а хьожуш.
– Сайтарби, Iабдуллех со кхетар ву. Хьо хьайн гIуллакхе дIагIохьа. Иза балхаца волуш, сарахьо бен цIахь а хир вац. Вуьшта, оцу кIантана сагатдан ца оьшу хьуна, ахь, муххале а. Цунна хIумма а ца хилла хьуна. Иза могуш-таза а ву хьуна. Шайн ловзарш ду оцу кегийрхойн хIинца иштта. Вай тIаьхьакхуьур долуш хIумнаш дац уьш. Са а ца гатдеш, хьайн гIуллакхе дIагIо хьо.
Хьамзата ша гIура ву аьллехь а, сарахьо, маьркIиж-хан хилале йухавоьрззург аьлла, Iабдулла ган вахара Сайтарби.
Сайтарби уьйтIа ваьлча, рагIу кIел стоьла йисттехь хиъна Iаш вара Iабдулла. Кхунах бIаьрг ма-кхийтти, хьалаиккхина, дуьхьалвелира иза:
– Дела ва хьо могуш-марша! Деладахь ма дика ду-кх хьо вайга вогIуш! Охьахаахь цкъа, охьахаахь. ХIоккхе хаахь, – стоьлан баьрчехь долу гIант, сихха кIедачуьнца хийцина, охьахаийтира Сайтарби.
Могуш-паргIат хаьттинчул тIаьхьа, тахана хилларг Iабдуллина довзийта лиира Сайтарбина.
– …Деллахь, Iабдулла, оцу виро цкъа а дина хIума-м дацара хьуна и. Тахана цунна хIун хиллера а ца хаьа-кх суна…
– И кIант дукха лазоза висин-те, Iабдулла? Мухха йелахь а киртиг ма йуй и тIехIоьттинарг. Иза къинтIера ваккха а ма лаара суна-м…
Сайтарбина лаарна цуьнга ладоьгIуш Iара Iабдулла, Хьамзата хьал шена довзийтинехь а.
Сайтарбин суьйре дика а йеш, тIейеанчу Iабдуллин хIусамнанас шун дуьззина чIепалгаш стоьл тIе охьадехкира.
– Сайтарби, деллахь ма вайша дийца а, хьехо а оьшуш хIума дац моьттий ахь и. Эшахь, оцу «варрашна» шайна дика карор бу хьуна йукъара мотт. Ишиъ вовшех дика а кхетар ду. Бисмилла даккхахь, Сайтарби. ДIаэцахь. Дала валий-кх хьо...
Такалашов Султан