Menu


Нохчийн меттан хьехархой дагабуьйлу

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Кху тIаьххьарчу кхаа шеран ламаст хилла дIахоьттина хьаьттан бутт юкъабаханчу деношкахь Нохчийн Республикин школашкара нохчийн меттан хьехархой цхьаьнакхетар. Кхушара а оцу ламастана тешаме хилира уьш – хьехархойн цхьаьнакхетар дIадахара А.Айдамировн цIарахчу нохчийн къоман библиотекехь.
Генарчу а, уллерчу а кIошташкара а, ярташкара а хьехархой тIеоьцуш, дикачу хIусамненах хьийзара республикин нохчийн меттан хьехархойн Ассоциацин куьйгалхо Бергоева Аза. Царна юккъехь бара Нохчийчуьра хьовха, Дагестанерчу нохчийн меттан хьехархойн векалш а: Татаева Хьурмат, Бачикова Инканат, Садулаева Амнат, Саритова Нажабат. Къоман мотт хьехарехь массарна а девза, кхиамаш кIеззиг а, лазамаш алсам а нислуш хилар. Амма нийса хир дацара нохчийн мотт хьехарехь вайн кхиамаш бац алар а. Цунна тоьшалла дан таро ю шайн белхан алссам зеделларг долуш болчу нохчийн меттан хьехархойн Мартан-Чуьра Шовхалова Хьаван, Соьлжа-ГIалин №12 йолчу гимназера Исмаилова Раисин, «Нохчийн меттан тоьлла кабинет» къовсамехь тоьллачу Зандакъарчу Таисин, Соьлжа-ГIалин №61 школерчу Довлетукаева ПетIиматан, Жима АтагIарчу №10 йолчу школа-интернатан хьехархочун Мамаева ПетIиматан, Котар-Юьртарчу №3 йолчу школерчу Терлоева ПетIиматан, иштта алссам кхечеран а. Кху могIарехь суна цIерш яха луур дара нохчийн мотт хьоьхучу вайн вежарийн а – Джонсуев Мохьмад-СаIидан, Цуцаев Iалавдин, Даудов Гиланин, Мусаев Хьамзатан, Джайнабизов Iалиханан, Зайтемиров Сайдикан, Бангачиев Iелин.
РогIерчу цхьаьнакхетарехь дийцаре диллинарг, тахана вайн школашкахь нохчийн мотт хьехарехь кхолладелла хьал дара. И хьал лазаме хилар билгалдоккхура цхьаццаболчу хьехархоша шайн куьйгалло шайга схьаеллачу дешаран плана тIехь нохчийн мотт хьехарна къастош долу сахьташ стохкачул а ах эшийна ду бохучу хаамо. Шеко йоцуш, иза Пачхьалкхан Думо тIеэцначу меттан законна тIетевжина бина хийцамаш бу. Ткъа цу тIехь билгалдаьккхина: Россехь цкъа а ца хилла, хир а дац цуьнан гражданийн меттан бакъонаш эшор. Россин къаьмнийн ненан меттанаш школашкахь Iамон тIедоьжначу декхарийлахь а ду, уьш программашна юккъехь а ду, амма берийн дай-нанойн бакъо ю шайн берана ненан мотт шайна луьург харжа. Иза хила тарло оьрсийниг санна, къоман мотт а. Цунна леринчу шен дашахь вайн Куьйгалхочо а билгалдаьккхира: «Ас тIедиллинера вайн депутаташна Пачхьалкхан Думехь «Ненан меттан» закон кечдеш а, дийцаре деш а дакъалацар. Цуьнан чулацамехь шен ненан мотт безаш и Iамо луучунна еш цхьа а дуьхьало ца карийна суна. Нохчийн маттах лаьцна аьлча, ша нохчи ву ала бакъо яц, кхана шен берана Кишиев Кунта-Хьаьжин, Шайх Мансуран, Айдамиров Абузаран, Сулейманов Ахьмадан мотт Iамо ца оьшу аьлла школин куьйгалхочунна тIевогIу волчун. Ас доккха эхь лорур дара сайн доьзалехь Бенойн Ильясан, Кадыров Iабдул-Хьамидан, сан ден Кадыров Ахьмад-Хьаьжин мотт буьйцуш ца хилча».
Куьйгалхочо иштта боххушехь, цхьаццайолчу школашкахь оьрсийн мотт хьеха луш боллу аьтто нохчийн мотт хьехарна цабалар лазаме хилар дуьйцура хьехархоша. Вайн дукха башха школаш ю, уьш хьашт ма-дду вайзаманан гIирсашца кечйина а ю, амма вешан къоман мотт Iаморна тоъал сахьташ ца хилча, мел доккха зеделлачу хьехархочун а таро хир яц оцу меттан хазалла, башхалла йовзийта, и мотт Iалашбеш вайн къомо таханенга кхачоран некъ бовзийта. Цхьаццаболу куьйгалхой кIелхьарабовлу, адамийн лаам бу иштта, олий. Цунна тIедоьгIна ала лаьа, йиц ялаза ю вайх юкъара цхьа «советски къам» дан гIиртина зама а. Цу хенахь а бара «заманал хьалхабевлларш». Уьш-м хIинца а карор бу, гуш лаьтташехь церан аьтто бу-кх, шайна беза къастам бан. Бакъду, царна хаьийла, ишттачу дас-нанас шайн берашна тешнабехк бина ца Iаш, шайна а тешнабехк бар. Шайн бер нохчийн маттах мукъа ма-диттара, цара иза мукъа дуьту нохчийн къам кхечу къаьмнех къасточу гIиллакхех, ламастех, со харц хир яц, динах а. ХIун тIаьхье, хIун кхане хир ю царах? Шайна ца оьшу нохчийн мотт буьйцучу къоман векал хуьлучул, шайна безаш буьйцучу а, оьшуш Iамочу а меттан векал хила мегар ду ишттачарна. Церан дуккха а дуьненан даьхни а, алссам кхиамаш а хила там бу, амма цхьана дийнахь, шаьш схьадевллачу юьрта, кIошта беъна Далла дуьхьал-м баха беза церан. Цу дийнахь буьйцург нохчийн мотт а хир бу. Дала гечдойла кхечу маттахь-м эр дац царна.
Тахана Пачхьалкхан Думо тIеэцначу законо ойла йойту, тайп-тайпанчу хьелашка хIоттаво нохчийн меттан хьехархо а, цуьнца марзо йолу муьлхха а вахархо а. Нагахь юьхьанцарчу классашкахь нохчийн мотт Iамон дешаран плано лучу 4-5 сахьтах хьехархочо ца ваьлла тоам барах, (лакхарчу классашкахь тоъал сахьташ хилча оьшург тIедузур ду-кх, бохучу ойланца!), и мотт хьеха 5-11-чуй классашна кIирнах билгалдиначу 3 сахьтехь (урокехь!) мел говзачу а хьехархочун таро хир яц хьакъдоллучу кепара теманаш йостуш мотт хьеха, бакъду, оьрсашна а дайна «для галочки» урок-м лур ю цо. Ткъа хIун дан деза стохка а, кхушара а конкурсан хьолехь хьехархойн университете нохчийн мотт, литература Iамо баханчу студенташа. Церан хаарш оьшур дуй-те масех шо даьлча?
Ала деза, массанхьа а иштта цхьабосса чолхе хьал цахилар а билгалделира цхьаьнакхетарехь. Соьлжа-ГIалин а, Хьалха-Марта а, ТIехьа-Марта а кIошташкара цхьаццайолчу школин хьехархоша дийцарехь, церан куьйгаллина нохчийн мотт хьехарна кIиранах 6 сахьт дита гечо карийна. ТIаккха, «куьпчичо шена луьучу буллу тIам» бохург хуьлу вайн учебни планах?
Кхеташ ду, вайн школин куьйгалхой берриге а нохчийн меттан хьехархой а бац, и мотт бийцарх, дукхахберш цуьнан духе кхуьуш а бац. Шаьш тахана куьйгалхой хилча, «региональни компонент» кхочушъян некъ шайн маттана эшам болуш карон еза моьттурш а хир бу. Амма уьш бIе шарахь хир бац куьйгалхой, ткъа къоман дерг эзар шерашкахь деха. Цхьаьнакхетаран юьхь иштта дог дожочу хиламашца йолаеллехь а, алссам дог айдо хаамаш а бовзийтира хьехархоша. Оцу декъах дара республикин куьйгалхочо Кадыров Рамзанан дешнаш: «Нохчийн мотт кхиарна лерина вайх доьзна дерг дерриге а дийр ду. Цу маттахь зорбане евр ю Iаматаш, тайп-тайпана исбаьхьаллин тептарш, хIиттор ю спектаклаш, кечйийр ю телепередачаш. Европерчу а, Уллерчу Малхбалехь а, дуьненан кхечу регионашкахь а бехачу нохчашна юккъехь нохчийн къоман мотт бахийта ницкъ кхочург дерриге а дийр ду».
Цхьаьнакхетар дерзош Бергоева Азас билгалдаьккхира:
– Кхин хIумма а ца хилча а, иштта вовшех дагадовла, вовшийн кхиамаш бовза, цатемаш дIабаха некъ карон аьтто хилар а нохчийн меттан хьехархойн кхиам хилар ду.

САРАЛИЕВА Табарак