Menu


КIант а, хIордан седарчий а

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

ХIорда йистехула схьа-вогIучу стагана гIамар тIера цхьа хIуманаш схьа а оьцуш, хIорда чу кхуьйсуш жима кIант гина. Герга а веана хьаьжча, кIанта хьалаийдеш дерш хIордан седарчий хилар хиъна цунна. Ког билла меттиг йоцуш дукха хилла уьш цу хIорда йистехь, дIасахьаьжча бIаьрго ма-лоццу гуш дерш и седарчий хилла.
– Уьш хи чу хIунда кхуьйсу ахь? – хаьттина цо кIанте.
– Кху гIамар тIехь кханенга довлахь уьш лийр ду, – аьлла кIанта, ша дийриг а ца сацош.
– Сонта хIума ма ду и! – мохь баьлла стаге. – ДIасахьажахьа! Миллионаш хир ду и седарчий хIордо кхуза схьатесна, ког билла меттиг яц кху хIорда йистехь церан дукхаллина. Хьоьга хийцалур долуш хIума дац и, эрна къахьоьгу ахь!
РогIера седа схьаэцна, цхьана мIаьргонна ойлане а ваьлла, тIаккха и седа хIорда чу а кхоьссина, кIанта аьлла:
– ХIорш дерриге а кIел-хьарадаха ницкъ кхочур бац дера сан-м… Амма сан кIеззигчу гIуллакхо дуккха а хIума хуьйцур ду… кху седана…

Гочдинарг – ПЕТИРОВА ПетIамат