Menu


Хьакъдолу совгIат

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

ХIара дешаран керла шо тIекхочуш Соьлжа-ГIалин 12-чу гимназин нохчийн меттан, литературин хьехархочунна Исмаилова Раисина дагахь доцу совгIат хилира – дуккха а шерашкахь исбаьхьаллин дашна тешаме хиларца Даймехкан литературехь къахьегарна, Нохчийн Республикин Яздархойн союзан цIарах цунна Мамакаев Мохьмадан орден елира.
ХIинцачул 30 шо хьалха еара Исмаилова Раиса ТIехьа-Мартан кIоштан Керлачу Шарарчу школе хьехархо хилла. Юьхьанцарчу классашна хьоьхуш, шерашкахь болх бира, 1997-чу шарахь чекхъяьккхира хьехархойн институт. Иштта, юьхьанцарчу школин хьехархо йолуш чекхъяла а там бара Раиса, амма, хууш ма-хиллара, хьуна дахарехь доьгIнарг цхьацца бахьаница нисло-кх.
ТIаьххьарчу тIеман шерашкахь вайн школашкахь хилла хьелаш дика дагадогIучарах ю иза. Цу шерийн дегаIийжамалла берашка болчу безамо къайлабоккхуш, царах шен дахаран къилба дина, «зачисткаш» йолчу дийнахь школе ца даьхкинчу берийн бIаьргаш чохь церан доьзалехь хилла цатемаш беша Iемина иза, къаста ца елира 2002-чу шеран 4-чу классах. Школин куьйгалхочуьнга дийхира цо, ша «шен берийн» классан куьйгалхо хилийтахьара аьлла. И дехар кхочушдарал сов, нохчийн меттан урокаш а нисъелира кхунна.
«Йоккхайийна а ца йолура со, – дагалоьцу Раисас, – урокан цхьа кIеззигчу хенахь сайн берийн дахар дог тIома доккхучу къоман барта кхоллараллин говзаршца, турпалаллин иллийн дешнашца кхоллалучу сирлачу ойланашца хаздан гIертара со. БIеннаш шерашкахь хьалха баьхначу вайн дайн кхечу къаьмнашца хилла доттагIаллаш хьагI-гамо йоцуш, дог цIена лелийна хилар девзаш, цIена ойланаш, сирла синхаамаш кхоллалора церан. Сан шеко яцара, дахаро дерриге а дIанисдийриг хиларх, амма тахана берийн дахар зевнечу ирсан некъаца догIийла лаар дара ас юьхьарлаьцнарг. Хаарш ца тоьуш а нислора, цундела шеконаш а кхоллалора, амма сайн ненан маттаца йолу ойла хийца а, цунна тIебоьду некъ хадо а лаам бацара сан. И бахьана а, нохчийн мотт цхьа кIорггерчу безамца безабалар а, цуьнга озабезам айса хьоьхучу берашкахь кхоллалойла лаар а хилира нохчийн меттан говзанчашца Далатов Адамца, Эсхаджиев Якъубца, Вагапова Асетца сан гергарло тасадалар. Царах дуккха а хIуманна а Iемира. Кхин дIа а дийшира, университет чекхъяьккхира. Иштта хуьл-хуьлу-уш хилира сох нохчийн меттан хьехархо.
Ала деза, и дешнаш олуш а сайгара гIалат долий-те олий, соций, ладугIу аса церан декаре, нохчийн меттан, хьайн къоман меттан, хьайн ненан меттан хьехархо хилар – иза йоккха жоьпалла ма ю». Раисин урокехь цкъа хиллачунна билгалдолу иза «урок ялархо» а йоцуш, баккъал а нохчийн меттан хьехархо хилар. Цуьнан меттан а, литературин а урокаш шайн чулацамца вовшийн тIеюзуш хуьлу. Грамматикин бакъенаш литературин говзаршкахь билгалъяро, меттан хаарш тIедоьзна а ца Iа, цхьацца талламаш бан а карахдолу кхуьнан дешархойн. Ткъа шайн хьехархочо шаьш дийриг къобалдича, гуттар а самукъадолуш Iамадо цара. Иза ма ду дешаран керлачу стандарташа лоьхург а.
Дахаран хьелаш бахьана долуш, кху тIаьххьарчу 3-4 шарахь масех школехь болх бар нисделла Раисин – Соьлжа-ГIалин 34-чу школехь а, 12-чу гимназехь а, Математически школехь а, Лингвистически гимназехь а. Дешархойн а, хьехархойн а керла коллективаш йовзарх, шен хаарш тIедузар а, говзалла лакхаялар бен эшам ца хилла цунна. Оцу билгалъяьхначу школашкахь цунах ала дика дош дисина, вуьшта, цо ша дийцарехь, мичхьа нисъелча а куьйгалхой дика нисбалар бахьана долуш, дIабахана цуьнан болх. Яздархой, журналисташ, меттан говзанчаш шен уроке кхайкхар Раисин белхан ламаст хилла дIахIоьттина. «Мамакаев Мохьмадан а, Мамакаев Iарбин а говзарш» тIехь «Хаарийн бIов» дIаяхьира цо Керлачу Шаран школехь. Кхузахь бара яздархой Х.Берсанов а, Э.Мамакаев а.
Математически школерчу дешархошца кечйира Айдамиров Абузаран кхоллараллех лаьцна йиллина урок, берийн хьеший бара яздархочун йоI Айдамирова Машар а, нохчийн меттан говзанча Вагапова Асет а.
Лингвистически гимназин 2-чу классан дешархошца «Кунта-Хьаьжех дийцар» цIе йолу йиллина урок а, 12-чу гимназин 7-чу классашца «МамакагIеран Iаьрбин а, Эдуардан а кхоллараллехь шира эшарш, байташ» цIе йолу мероприяти а. Берийн хьеший бара яздархой Э.Мамакаев а, I.Ирасханов а.
Раисас дийцарехь, иштта кхоллараллица бечу балхо гIо до берашкахь шайн ненан матте безам кхио, уьш яхье доху талламан болх барехь, шовкъе боху байташ а, яздархойн говзарш а Iаморехь.
– Аса бечу белхан дика накъостий хиларна бу сан иштта кхиамаш, – элира Раисас, – цундела даггара баркалла ала лаьа суна школийн куьйгалхошна Муциева Зураъна, Умарова Азина, Токашева Луизина, Алаева Тамарина.
«Хьехархо» газето а даггара декъалйо Раиса иштта башхачу совгIатца. Дала тIаьхье беркате йойла.

САРАЛИЕВА Табарак