Menu


БIаьргаш беллар...

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Москварчу цхьана школе ца лелаш, цIахь сецна цхьа кIант. КIира а даьлла ца вогIуш, ши кIира а…Телефон а яцара Левин, цундела классан куьйгалхочо хьехарца, цуьнан цIа дахара бераш.
Левин нана елира неI елла дуьхьал. Сингаттаме гора и. Бераша маршалла а хаьттина, элира:
– Лева школе хIунда ца лела?
Нанас гIийла жоп делира:
– КхидIа деша лелар вац и. Операци галъялла, бIаьрса дайна Левин. ХIинца и ша дIасалелачу хьолехь вац….
Бераш дист а ца хуьлуш, вовшашка хьоьжуш Iара. ТIаккха царна юкъара цхьаъ вистхилира:
– Оха роггIана вуьгур ву и школе.
– ЦIа а кхетор ву, – цунна тIаьххье вистхилира кхин цхьаъ а.
– Урокаш еш гIо а дийр ду, – хезира кхин цхьа аз а.
Ненан бIаьргаш хих буьзира. Дехьачу дигира цо бераш. Жимма Iийча, куьйга эшара некъ а лохуш, уьш болчу чувеара бIаьргаш дIабихкина волу Лева а.
Бераш тап-аьлла дIатийра цкъа. ХIинцца бен кхоччуш ца кхийтира уьш шайн доттагIчух Iоттабеллачу бохамах.
– Марша догIийла! – халла делира Левин багара.
Массо а гIор дека дуьйладелира берийн аьзнаш:
– Кхана хьо школе ас вуьгур ву.
– Алгебрин урокехь хIун елла дуьйцур ду ас.
– Ас историн урокехь хьехнарг довзуьйтур ду.
Царах муьлхачуьнга ладогIа деза а ца хууш висира Лева. Воха а воьхна, корта а лестош Iара и.
БIаьрхиш совцон ницкъ боцуш лаьтташ яра нана а.
Цигара арадевлча, бераш дагадевлира шаьш кхидIа дийр долчун хьокъехь: Лева школе дIавига тIаьхьа мила маца вогIу а, муьлха урокаш хьан хьоьху а, цуьнца чу-ара мила волу а.
Левица цхьана парти тIехь Iачу кIанта меллаша дуьйцуьра цуьнга хьехархочо классан у тIехь яздийриг. Ткъа мел тийналла хIуттура Левас урокаш дIаюьйцучу хенахь! Шайн кхиамел а хазахеташ тIеоьцура бераша Левин кхиамаш!
Левас дика доьшура. Цуьнца цхьаьна дика деша йолаелира ерриге класс а. Бохам хиллачу доттагIчунна хьехархьама, шайна а дика хууш хила ма езара урок. Цундела къахьоьгура бераша. Дешарал сов, Iай салазаш хахка боьлхура уьш доттагIчуьнца. Цунна классикийн мукъамаш безарна, цуьнца симфонийн концерташка лела а буьйлира уьш…
Дашочу мидалца школа чекхъяьккхина Лева институте деша вахара. Цигахь а карийра кIантана бIаьрса дага ца доуьйту доттагIий. Институт чекхъяьккхича а дешар юкъах ца дитира Левас – дуьненахь а гIараваьлла математикин Iилманча, академик Понтрягин хилира цуьнах.
Диканна бIаьргаш биллинчу адамийн терахь доза дозуш ду-кх!

Гочдинарг – ПЕТИРОВА ПетIамат