Menu


Нохчийн меттан сайт

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Кхидолчу кегийчу къаьмнийн меттанашка санна, дуьненахь баха бисаран я цабисаран хьал нохчийн матте а кхаьчна. Иза бисийтаран дуьхьа тайп-тайпана гIуллакхаш ду кхочушдеш. Царах цхьаъ ю Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос Интер-нет-мазанца паналлин дахаре яьккхина лерринчу проектан WWW.UROK95.RU сайт. «Хьехархо» газетана еллачу интервьюхь, цуьнан балхах лаьцна дийцира сайтан куьйгалхочо Сусаев Расула.
– Расул, сайт кхоллаяларан истори йовзийтахьа тхуна.
– 2010-чу шарахь дара ЮНЕСКОс дуьнентIера дIабовр болчу меттанех нохчийн мотт хилар дIахьедича. Вешан къоман маттах доьзна иза хиларна вай тахана а тIе ца дуьту и дIахьедар, амма кхечу къаьмнийн меттанашна хилларг довзаро, ойла йойту. И кхерам вайна бац аьлла чIагIо ян генара таро а яц вайн. Шен къоман хиндолчух дог лозуш болчеран лазам бу иза. Воккхавево цу могIарехь вайн куьйгалхо Кадыров Рамзан хиларо а. Вайна дика девза, уьш даггара тIе а оьцу цуьнан дешнаш: «Вай декхарийлахь ду вешан къоман мотт ларбан а, иза шен исбаьхьаллица тIейогIучу тIаьхьенашна дIакховдо а». Сайтан истори: ХIинцачул 4-5 шо хьалха дешаран а, Iилманан а министр Байханов ИсмаьIалан Хонкара (Турци) махка ваханчохь ирс хилира туркоша шайн мотт Iалашбаран, кхиоран, Iаморан декъехь ден гIуллакхаш довза. Царах цхьаъ, туркойн меттан сайт хиллера. Оцу дикачу гIуллакхах масал эцар бахьана хилира вай юьйцуш йолу WWW.UROK95.RU сайт кхоллар. Ала деза, и гIуллакх вайн Республикин куьйгалхочо къобалдина хилар а. Бакъду, «Урок» меттана «Дарс», (и лаам дукхамма а аьлла!), я «Хьехаран сахьт» хилча, дика-м хетар дара. Делахь а, иза а замано гойтур ду.
– ХIун болх кхочушбо сайто?
– Кхо шо хьалха со кху балха нисвелча, сайт болх беш йолу ши шо хан яра. Шен цхьа билгалабевлла некъаш а, нисъелла цхьацца агIонаш а яра цуьнан. Сайтан коьрта Iалашо: кху дуьненан еа а маьIIе дIасабаьржинчу нохчашна а, шен ненан маттаца бала а болуш, иза бовза лууш волчу вайн къоман муьлххачу а стагана а и мотт Iаморехь гIо дар. Нохчийн мотт а, литература а, истори а, къоман гIиллакх-оьздангаллин хаарш довза луучунна а гIо дар. Цхьа чкъор ду вайн тIеман шерашкахь кхиар бахьана долуш, шайн ненан маттах ирс эцаза дисина, царна а, меттан хаарш карладаха луучунна а, литературехь а, исторехь а долу хьал довза а, талла а, массо а агIор ненан маттах дерг довза а луучунна аьтто хир болуш схьадохьуш ду оха сайт лелоран белхан низам. ТIаьхьарчу хенахь тхуна билгалдаьлла, школехь хьехархоша а цунах пайда оьцуш хилар.
Сайтан дIахIоттаман кеп школашкахь 1-11 – чуй классашкахь нохчийн мотт Iаморан хотIехь хIоттийна ю. ХIора а денна бохург санна, сайт тIеюзу гайтаман урокашца (видеоуроки) FullHD барамца. Вайн махкахь нохчийн меттан говзанчаш хиларца цIеяххана хьехархой бу и урокаш луш берш а: Чемирзаева Яха, Вагапова Асет, Хачукаева Кийса, Ильясова Зина, Абуева Товман, Хунакиева Зараъ, Юсаева Заира, Алиханова Малика, Мусаев Хьамзат, Байтаева Хадишт, Хасаров Рамзан, Цуцаев Iалавди, Умхаева Зарган, Хажаева Ровзан, Осмаева Хадишт, Джамиева Сахабат, иштта кхиберш а.
Гайтаман урокаш дешаран министерствохь оцу гIуллакхна леринчу студехь йохуш ю. Уьш (гайтаман дарсаш – видеоурокаш) сайта тIехь дахаре яхале боккха таллам бо лерринчу талламхоша (комиссино), цара къобалйина тIеэцначу урокашна бен ца го сайта тIехь серло. Талламхойн комиссин куьйгалхо ву республикин дешаран а, Iилманан а министр Байханов ИсмаьIал. Ша нохчийн меттан хьехархо хиларе терра, цIархазмана а, моттаргIина а доцуш, нохчийн меттан лазам бевзаш, даггара оцу гIуллакхан бала болуш, кху махкахь а, дуьненахь а вайн ненан мотт бахийта, кхиийта, Iалашбан ният долчу нахана хьалха ваьлла ИсмаьIал хиларна, иза къаьсттина хьахо лаьа суна сайн къамелехь. Цунах масал эцар тIехь ду вайна а.
– Расул, хууш ма-хиллара, дIадоладелла 2018-2019 дешаран керла шо. Тахана хIун керланиг ду шун, кху сайтах пайдаоьцучарна тидаме дилла, царна довзийта кечдина?
– Сайта тIе яха кечйина 4 бIе сов дарсаш ю тхан. 5-11-чуй классашкахь нохчийн мотт хьехаран сахьташ а кийча ду. Кечйина 1-чу классан гайтаман коьчал (видеоматериал) 50 сов дарс, уьш монтаж йина кийча ю. Кхин дIа а буха йисинчу материалаш тIехь болх бан дагахь а ду тхо. Сайтаца болу болх, ца бевзачунна атта хетахь а, цхьа меха чу чилланан тай тасар санна, собар а, корматаллин говзалла а оьшуш болх бу.
Сайто чулоцу агIонаш алсам хилийтархьама нохчийн литературех а, исторех а, къоман гIиллакх-оьздангаллех а лаьцна бина кечамаш бу тхан, амма видеодарсаш яц, хIунда аьлча уьш яха хан ца тоьу, я нах а ца кхочу.
Хууш ма-хиллара, иттаннаш шерашкахь оьрсийн матто ондда тIеIаткъам бина вайн маттана. И тIеIаткъам лахбелла а бац. ХIинццалц телевизор яра вайн чохь туп тоьхна, барч лаьцна Iаш, хIинца, 2-3 кхаьчначу беран а буьйнахь тилпон ю. Цу чохь кху дуьнентIехь мел дерг ду, и дерриге а оьрсийн маттахь а ду. ХIинца телевизоре хьовсурш кIезиг бу, амма интернет чохь бохкурш, хьашт ма-дду дукха бу. Цундела тIекхуьучу кегийрхошна юккъехь цхьа кега-мерса хIума а ца хуурш нисло. Масала, вайн дахаран чоьхьарчу (бытовой уровень) хьашташна лелош долу, эр вай «учи, сени, чоь» боху дешнаш а «ширделла» – «прихожка, зал, кухня» хеза вайна.
Тхан ницкъаш цхьабосса-м бац, амма къарделла кIелдиса дагахь-м дац тхо, цундела хIора денна а лехамехь ду.
– ХIинцачул тIаьхьа, нохчийн меттан сайто а накъосталла а деш, меттан говзанчаш кхуьур бу бохучуьнга сатуьйсийла юй вайн?
– Дала мукъ лахь, дикачуьнга сатуьйсийла даима а ю вайн. Цундела нохчийн къоман мотт аьшнаш бар вай цадезачарна а дитина, вешан маттах дог лозуш, ненан меттан патриоташ вайх хилахь а, уьш кхион ца кIордош хьехархой а, маттаца гергарло долу нах а вайн хилахь, мотт бехар бу, иза лийр а бац, аьлла сатуьсийла ю вайн.
– Амин. Расул, ахь ма-баххара, хьо нохчийн меттан говзанча вац, амма сайтаца болх бечу шерашкахь хьайн цхьа хьежам кхоллабалаза хир вац хьо. Нохчийн меттан кхане муха го хьуна?
– Вешан маттах даггара дог лозуш вай хилахь, кхане ю нохчийн меттан. Суна зеделла, ненан маттаца долчух цIархазмана, моттаргIана леларш кIезиг хилар а, даггара леларш алсам хилар а. Мотт Iалашбалур бу-бац бохуш, кхиэле ца диллича а, йозанан мотт а боцуш, 4-5 тIаьхьено шайн дайн мотт ларбина масал ду-кх Урдонехь (Иордани) беха нохчи. Цара мел хаза буьйцу вайн мотт, терахьдешнаш а нохчийн маттахь лелош, шайна шера хуучу Iаьрбийн, ингалсан дешнаш юкъа а ца далош. Доьзалехь бийцарна оццул мотт ларбелла вайн вежарий хилча, йоза-дешар долуш болу вешан мотт вайга ца ларбелча, вай муьлш ду?
– Расул, кхин цхьа хаттар а дара сан, респонденташ хуьлий шун?
– Ши эзар сов респондент а ву тхан. Кхечу мехкашкара а уьш хиларна, тхаьш дийриг оьшуш гIуллакх ду аьлла, дог тешна а ду. Сайт евзинарг а, нохчийн маттаца бала берг а сайтана тIевалаза ца Iа, ала деза, массо а тIеязвала лууш а ца хуьлу, шена оьшучух пайда оьций, IадIаш а нисло. Вуьшта, школашкарчу хьехархоша а шаьш пайда эцарх лаьцна а, сайтах шаьш баккхийбийна ца бовлуш хиларх лаьцна а хаамаш бо тхоьга. Масала, шаьш лучу урокан гайтаман гIирс совбаккхар Iалашо йолуш, интерактивни аннийн гIоьнца шайш урокаш, сайтан дарсех тIеюзуш болу хьехархой а билгалабевлла тхуна. Цаьрца зIе латтор а тхуна пайде хуьлу, уьш бу сайтан чулацамна чу са кхуллурш.
– Расул, Дела реза хуьлда хаттаршна жоьпаш даларна а, нохчийн мотт кIорггера бевзаш, хаза буьйцуш хьо хиларна а. Дала аьтто бойла хьан а, вайн къоман меттан бала болуш волчу массо а кIентан а, йоьIан а.

САРАЛИЕВА Табарак