Menu


Бер школехь а, цIахь а кхетош-кхиор

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Хьехархочо беран дахарехь коьрта меттиг дIалаьцча бен, кхиаме дац цо хьоьху Iилма дешархочо схьаэцар.
Iилма хьехарал сов, кхетош-кхиорхо ву хьехархо. Цуьнах масал оьцуш, и дош хеташ дешархо мел ву, юкъараллина а, шен доьзална а кхераме вац кхиазхо. Цо шен дахаран некъ билгалбоккху шен цIенна а, махкана а пайде хир ву олий.
Амма халахеташ делахь а, тIаьхьарчу шерашкахь хьехархочун сий-ларам дешархошна а, церан дай-наношна а хьалха мелла а лахбелла богIу.
Хьехархочух нийсанакъост тарвелла. Бакъдолуш, цхьадолчу декъана-м нийсанакъост а, доттагI а хила веза хьехархо, амма гIиллакхан, лараман гурашкара даьлла хIума товш ца хуьлу-кх миччахь делахь а.
Бехк берийн бац... церан дай-нанойн бу. Сан могIарера, сан нийсархой бу таханлерчу дешархойн дай-наной. Ткъа тхо тIеман бераш ду. Тхан бералла а, къоналлин юьхь а шина тIеман цIергахь яьгна. ХIетахь тхо Iожаллех са идош дара, уггаре а коьрта Iалашо – сачохь дисар яра. Олуш ма-хиллара, дешар а, дуьне а, зама хир ю ца моьттура...хIора де а толам хетара. Ойла йича, хIетахь экамадевлла-те тхо олий хета. Берах хIума ца хьакхаделчахьана, церан дуьхьа хьаьнцца а эвхьазадовла кийча а долуш...
Амма зама цхьана меттехь лаьтташ яц, дахаро шена тIаьхьакхиа боху. Вайн берашка хьоьжуш сийлахь-даккхий гIуллакхаш ду, цаьрга хьоьжуш толамаш, лакхенаш, кхиамаш бу. ХIара дуьне ша вайн тIаьхьено хаздаре хьоьжу. Вай куьг а лаьцна новкъа баха беза уьш. Ткъа цу некъан хьалхара гIулчаш школехь йохуш ю. Хьехархой а, дай-наной а вовшех дага а бовлуш, цу хIора берана кху лаьтта тIехь шен меттиг карон йолу некъ лоху хан кхаьчна...вайн берийн ирсо зазадоккху хан...

ПЕТИРОВА ПетIамат, НР-н Юкъараллин Палатин декъашх