Menu


Берийн доттагI

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

ХIокху дуьненахь хIора а адаман кхолламехь дуьххьара доцуш ца хуьлу цхьа а хIума. «Дуьненчу доьлхуш догIу бер, ша лан мел дезачунна хьалххе доьлхуш», – аьлла цхьана хьекъалчо. Дуьххьара делало бер, дуьххьарлера дош олу, церг къеда, хьалхара гIулч йоккху, ден-ненан юьхь тIехь хазахетар гучудоккхуш.
ТIаккха дуьххьара цIийнан цIенкъе, уьйтIе, кетIе, урам, юрт евза цунна. Дуьххьара девза кхин адамаш, хеза церан мотт. Дуьненан йист шайн ков-кертахь ю моьттинчу берана тIаьхьо хаа долало дуьне шена моьттинчул а дуккха а доккха хилар. Дуьненан доккхалла, Iаламан хазалла, адамийн дика-вон амалш, уьйр-марзонаш евза, шен хенарчеран тобане, юкъаралле кхаьчча. Шен хенарчийн уьйр-марзонашкахь дуккха а керланиг девза, леррина билгалдинчу низамехь. И низам дIадолало школехь хьехархочун тергонехь, Iуналлехь, горгалино шен хеннахь а, шен рожехь а бекарца хаам беш.
Иштта горгали бийкира I970-чу шеран хьалхарчу сентябрехь, дуьххьара ишколе баьхкина дешархой шайн дуьххьарлерчу уроке кхойкхуш хьехархочо Валентина Петровнас класса чохь шена билгалйинчу метте охьахиира Хеда. Оцу дийнахь дIаболабелира Iилманан лакхене боьду иттшеран некъ. ЙоьIан самукъадолура шена хьоьхучух, къаьсттина нохчийн маттах, литературах а. Хедас, ша доьшуш йолуш, шена хьалха Iалашо хIоттийра, деша а дешна, говзалла караерзийна, ишколехь юьхьанцарчу классашкахь хьехархо болх бан. 1980-чуй шарахь Комсомольскера юккъера школа кхиамца чекхйоккхий, I980-I983-чуй шерашкахь Гуьмсе-гIалара хьехархойн училищехь доьшу хинйолчу похIмечу хьехархочо. 1984-1990-чуй шерашкахь Комсомольскера берийн бешахь кхетош-кхиорхо болх бо Эльсункаева Хедас.
I990-чу шарахь дуьйна Комсомольскера юккъерачу школехь юьхьанцарчу классийн хьехархо болх беш ю Хеда. Шен хаарш, похIма, корматалла а тIеюзу цо, 1995 – 1999-чуй шерашкахь Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтехь заочно деша а доьший.
Нагахь юьхьанцарчу классашкахь хьехархоша дешархойн хааршна ондда бух биллинехь, Iилманан бохь лекха хуьлу дешархойн. Хедас дешархойн ненан матте, исбаьхьаллин литературе безам кхоллар дика хилар билгалдолу цара юккъерчу а, лакхарчу а классашкахь доьшуш. Юккъерчу а, лакхарчу а классашкахь хьоьхучу хьехархошна, цхьа а шеко йоцуш, атта хуьлу юьхьанцарчу классашкахь хьехархоша дешархошна йоза-дешар Iаморан, кхетош-кхиоран болх оьшшучу тIегIан тIехь дIабаьхьнехь.
Хеда похIма долуш хьехархо хиларан тоьшалла ду дешархойн хаарш. КIоштахь а, республикехь а Комсомольскера юккъерачу школин дика цIе йоккхуш, дуьххьара цIе яккха хьакъ ю зеделларг долу хьехархо Эльсункаева Хеда. Цо Iамийначу, хаарийн бух биллинчу дешархоша кIоштан а, республикин а тIегIанашкахь нохчийн меттан, литературин олимпиадашкахь, къовсамашкахь а толаме меттигаш йоху. Оцу кхиамийн, беркатечу белхан а юьхь йолийра Вагапова Фатимас (нохчийн литература – хьалхара меттиг, 2008 шо), Байсагурова Рашанас (нохчийн мотт – шолгIа меттиг). ХIокху тIаьххьарчу итт шарахь ламаст хилла дIахIоьттина школан векалша республикин тIегIанехь дIахьучу нохчийн меттан, литературин олимпиадашкахь, къийсамашкахь толаме меттигаш яхар. «Жимчохь Iамийнарг – тIулга тIе яздина йоза», – олуш кица ду вайнехан. Юьхьанцарчу классашкахь шайна довзийтинарг, Iамийнарг юккъерчу а, лакхарчу а классашкахь тIедузаран жамI ду иза.
Вовшашца гергарло долуш бу Хедас хьоьху а, хьехна а дешархой а, «СтелаIад» журналан белхалой а. Журналан жоьпаллин секретарна Мугаева Забуна шайн цIершца девза и бераш. Арсанукаева Карина, цуьнан йиша Раяна, Байсагурова Рашан, Дугулаева Дагмара, Гайтамирова Танзила, кхиберш а зорбане бийлина оцу журналан агIонаш тIехь. Цхьадолчу журналан «Берийн кхолларалла» рубрика Хедас хьоьхучу дешархойн похIмина лерина, церан стихотворенеш тIехь йолуш яра. Уьш зорбане яха кечъеш берашна гIо дора Хедица цхьаьна нохчийн меттан, литературин зеделларг долчу хьехархочо Таибова Ларисас.
Эльсункаева Хедин белхан корматалла лаккхарчу тIегIан тIехь хиларан кхин цхьа тоьшалла а ду. Дахаро цхьацца халонаш тIехIиттийна, шайн хенарчу берашца деша аьтто боцу (коррекционни ишколехь хила деза заьIап бераш) дешархой Дала доккха похIма деллачу хьехархочо, царах хIоранца болх а беш, дахаран новкъа даьхна.
Юьхьанцарчу классийн дешаран декъехула школан директоран заместитель йолчу Джабраилова Ровзана, ша Х.Эльсункаеван балхах дош олуш, билгалдаьккхира: «Доккха жоьпалла а, доккха дукъ а ду хьехархочун белшаш тIехь. Цуьнан коьрта Iалашо кегийчу берийн цIена синош хьастар, уьш шаьш-шайх тешор, хаарш далар а ю. Эрна ца хилла Хедас ша школехь доьшуш йолуш дуьйна хьехархо говзалла къастор. Хедина бераш чIогIа дукхадеза, царна ша санна. Иза гуттар а лехамехь, ша бечу балха чу са а диллина, къахьоьгуш хьехархо ю. Иза хьехархо-говзанча, хьехархо-хьехамча ю. Цо шен балхаца масал гойту къоначу хьехархошна. Хедас Iамийна класс, баккхийбеш, хазахеташ, схьаоьцу юккъерчу классашкахь хьоьхучу хьехархоша, уьш кIорггера хаарш а, лаккхара низам а долуш хиларна. Берийн доттагI, догцIена адам, дика хьехархо йолу Хеда Шайхаевна белхан накъосташа а, дай-наноша а лору».
ЗаьIап долчу берашца болх бар дукха нисло похIмечу хьехархочун. ЧIогIа жоьпалле а, мехала а болх бу иза. Хедина хаьа берийн дегнаш эца, уьш, хьаьстина, шен лааме дало. Берийн дайша-наноша лаккхара мах хадабо хьехархочо бечу белхан. Царах цхьаъ ю Черхигова Малика. «Сан жимахволу кIант мотт хууш вац. Шен хенара бераш школе даха дуьйладелча, Вахина а лиира шина йоIаца деша ваха. Рашан а, Фатима а кхетара кIанта дуьйцучух. Цаьршинца уьйр а тасаелла, дикка лийлира Ваха школе. Цул тIаьхьа Хедас хьоьхуш (цIа а оьхуш!), язъян а, еша а Iемира цунна.
Ваха хIинца воккха хилла. Вахина нускал дало Хеда яхара. Иза кIентан лаам бара. Хедица долу гергарло хIинца а лелош ву Ваха. Суна даггара баркалла ала лаьа Хедина. Дала дог хьостийла цуьнан, цо сан кIентан хьаьстина дог санна!» – элира Маликас.
Мидиева Маликас масех шарахь хIора Iуьйранна школе валавора могашалла дика йоцу шен кIант ВахIид. Хедех лаьцна хастаме дешнаш элира Маликас: «Хедас чIогIа дика доладора ВахIидан. Йоза-дешар а Iамийра. Берийн йоза-дешарца уьйр-марзо хилийта а, церан кхиамаш хилийта а хаьа Хедина. Цо Iамийна бераш, йиша-ваша санна, барт болуш, вовшашца лерам болуш, цхьа доьзал санна, хуьлу. Тхайн доьзалан цIарах даггара баркалла ала лаьа суна Хедина».
Шен моттцахуучу йоьIаца, Тамилица, хьехархочо Хедас бина болх хьахабелча, Абдулмежидов Iадлана элира: «Мотцахуучу бераца кхетош-кхиоран болх бар Iаламат дукха къахьега дезаш гIуллакх дуй хаьа вайна, амма Хедина карийра вайн йоьIаца бийца мотт, кхоьллира йоза-дешаре безам. Шена мел хала делахь а, цо масех шарахь Тамилина Iамийра язъян а, еша а. Суна тхайн доьзалан цIарах доккха баркалла ала лаьа Хедина. Iаламат мехала а, меле а гIуллакх ду цо дийриг».
«Хьехархочун белхан бух бераш Iамо лаар ду, ткъа цуьнан белхан некъ – берашца долу доттагIалла», – аьлла гоьваьллачу нохчийн поэта Гадаев Мохьмад-Селахьа. Эльсункаева Хедина ала догIу и дешнаш. Шен дешархойн шолгIа нана хуьлий, цаьрца а, церан дай-наношца а юххера, мерза уьйр латто хаьа Хедина.
ХIинцалерчу федеральни стандарташца йогIуш, керла Iаморан, ловзаран технологеш ша берашца бечу балха юкъаялош, самукъане дIахьо похIмечу хьехархочо шен урокаш. Цундела ларамза дац хьалхарчу классе деша догIу бер Хедин классе дахийта дена-нанна лаар.
«Хьехархочо кхуллу къам», – аьлла Нохчийн Республикин Хьалхарчу президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас. Къоман сийлахь-цIена гIиллакхаш марздеш, йоза-дешар Iамош, Даймахке безам кхуллуш, вовшашлахь уьйр-марзо чIагIъеш хьанал къахьоьгучу хьехархойн хьалхарчу могIарехь ю, ала мегар ду, Гуьмсен муниципальни кIоштан Комсомольскера юккъерачу ишколан юьхьанцарчу классийн зеделларг долу хьехархо Эльсункаева Шайхин Хеда.

АБДУРАЗАКОВ Шертбек,
Нохчийн Республикин халкъан хьехархо