Menu


Дегабаам бина дешархо а, картолаш а

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Цкъа шен хьехархочуьнга аьлла цхьана дешархочо:
– Хьо чIогIа хьекъале ву. Даима а велавелла-векхавелла, цхьанна а оьгIазло ца еш ву хьо. Иштта хила гIо дехьа суна а.
Хьехархо реза а хилла, дешархочуьнга чекх са гуш болу тIоьрмиг а, картолаш а я аьлла.
– Нагахь хьо цхьанна оьгIаз а вахана, дегабаам хилла меттиг ялахь, – аьлла хьехархочо, – хIара картол схьа а эций, цхьана агIор хьайн цIе а, вукху агIор айхьа дегабаам бинчун цIе а язъяй, и картол тIоьрмиг чу таса.
– Кхин хIумма а дан а ца деза? – цецваьлла дешархо.
– ХIан-хIа, – аьлла хьехархочо. – Ахь даима а тIоьрмиг хьайца лелон беза. ХIоразза а хьуо цхьанна оьгIаз мел воьду, картол тIе а тосуш.
Дешархо резахилла.
Мелла а хан яьлла цул тIаьхьа. Дешархочун тIоьрмиг чохь кхин а масех картол совъяьлла. ХIинца базбала боьлла и тIоьрмиг биллина шеца лелон хала хила а доьлла. Цул сов, цо дуьххьара чутесна картол яхкаяла а йолаелла. Силам а тесна, вон хьожа а оьхуш йолу и новкъа хилла дешархочунна.
Хьехархочунна тIе а веана аьалла цо:
– ХIара тIоьрмиг кхидIа соьга текхалуш бац. Цкъа-делахь, беза бу хIара, шолгIа-делахь, вон хьожа а йогIу кхуьнах. Цхьа кхин хIума хьехахьа суна.
Амма хьехархочо дуьхьало йина:
– Изза хьал хьан сица а хуьлу хьуна. Хьо цхьанна оьгIазвахча, ахь дегабаам бича, хьан даг тIе цхьа беза тIулг уллу. Юьхьанца хьуна хаа ца ло и. Жим-жимма довлуш аласамдовлу и тIулгаш. Хьан гIуллакхаш гIиллакхашка доьрзу, гIиллакхаш – амале. ТIаккха телхаш ю амал. Даима хьайца текхон беза мохь бу и, охьатесча, хьуна чIогIа паргIато а луш. Цу картолашца ас хьуна гайтинарг масал дара…
ХIоразза а айхьа цхьанна халахетар дан я дегабаам бан дагадеъча, ойла ехьа, оьший хьуна и тIулг?

Гочдинарг – ПЕТИРОВА ПетIамат