Menu


«Цадийцар – деши»

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Базарахь хезна керла хIуманаш хьехархочунна дийца сихвелла хилла дешархо.
– Собар, – сацийна и къаночо. – Бакъду аьлла хетий хьуна хьайна хезнарг?
– Ца хаьа. Бакъ хила а мега, ца хила а мега.
– Цхьанна а пайда бохьур болуш дуй и хабар?
– Цуьнах тешна вац со, пайда бохьур бу аьлла ца хета. ХIун пайда хир бу цуьнах?
– Беламе дуй и?
– Жимма беламе ду, амма хазахетар дохьуш дац.
– Гой хьуна? ТIаккха хIун до цуьнга ладоьгIна? Ца дуьйцуш IадIар тоьлу хьуна.
– Хьо бакълоь, хьехархо. Ахь цуьнга ладогIа а ца оьшу. Я цхьамма а дац цуьнга ладоьгIна дан хIума, – элира, мелла а ойлане ваьллачу дешархочо.
Гочдинарг – ПЕТИРОВА ПетIамат