Menu


Къоначу яздархойн форум

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Дукха хан йоццуш, Ульяновск гIалахь дIаяьхьира рогIера XVIII-гIа Дуьненаюкъара къоначу яздархойн форум. Цигахь дакъалоцуш вара Россера а, 15 кхечу пачхалкхера а 140 къона яздархо.
Зорбанехула а, шуьйрачу коммуникацешкахула а йолчу федеральни агентствон а, Президентан грантийн фондан а, Россотрудничество федеральни агентствон а, «Содружество» регионаш кхиоран фондан а гIоьнца форум вовшахтоьхнарг яра Социальни-экономикин а, интеллектуальни а программийн фонд а, Ульяновски областан Правительство а.
Нохчийн Республикера оцу форуме яханера къона яздархо Умарова Асет. Дагадоуьйту, Умарова Асета дакъа а лоцуш, дIаяьхьна къоначу яздархойн 4-гIа форум ю иза. Вовшахтохархоша дийцарехь, форумо къоначу яздархойн таро хуьлуьйту шаьш а, шайн говзарш а йовзийта а, бевзаш болчу экспертийн магорех, хьехарех пайдаэца а. Царна юкъахь бу яздархой Веллер Михаил, Юзефович Леонид, Ватутина Мария, Варламов Алексей, Славникова Ольга.
Форум дIаяхьале цкъа хьалха конкурс дIа а кхайкхийна, схьакъастийра цуьнан дакъалацархой (35 шо кхаччалц хенаш йолу). ДIаяьхьначу форуман культурин программи юкъахь дара Ульяновск гIалин а, областан а театрашка а, музейшка а бахар а, кхузаманан литературин мехала теманаш а, проблемаш а йийцаре яран цхьаьнакхетарш а, дискуссеш а, иштта «Арион» а, «Вопросы литературы» а, «Дружба народов» а, «Звезда» а, «Знамя» а, «Нева» а, «Новый мир» а, кхечу а литературин журналийн векалша дIаяьхьна
мастер-классаш а.
Форуман жамIашкахула Россин Федерацин Культурин министерствон стипенди эцарна хьалхатеттира вайн республикин векал Умарова Асет. ХIинца кхозлагIа форуман стипендиат хуьлуш а ю иза. Иштта А.Умарован говзарш юкъагIур ю «Керла яздархой» аьлла йолчу юкъарчу гуларна. Цул сов, форум дIаяхьарца доьзна зорбане йоккхур ю «Молодая литература» книгийн сери.
– Суна доза доцуш хазахеттера суо форумехь дакъалацаран конкурсех чекхъяьллий хиъча. Сайн жамIаша чIогIа цецйоккхуш гIадъяхийтира со. ХIокху шарахь «Знамя» литературин журналан мастер-класс хаьржира ас. Цуьнан куьйгалхой Сергей Иванович Чупринин а, Анатолий Николаевич Курчаткин а ву. Тешна ю, тхаьшна хьехначух а, довзийтинчух а кхидIа айса пайдаоьцург хиларх а, кхин а дика язъян а, тексташна тIехь болх бан а Iемарг хиларх а. Иштта цхьаьнакхетар хиллачул тIаьхьа дог ира-карахIуттий, кхидIа болх бан а, къахьега а болчу лаамца цIа йогIу со. Сан керлачу яздархошца доттагIалла а тасаделла, тешна ю, кхидIа а оха цхьаьна болх бийриг хиларх. Ульяновск а чIогIа тамехь, исбаьхьа гIала хийтира суна. Къаьсттина дагахь лаьтта тхаьш теплоход тIехь Волга хи тIехула дехьадовлар. Ас доккха баркалла боху Социальни-экономикин а, интеллектуальни а программийн фондан президентана Филатов Сергей Александровична къоначу яздархошна оьшу гIо-накъосталла цо дарна, – дийцира къоначу яздархочо Умарова Асета.
Адамийн дахаран, синкхачанан массо а декъехь бохург санна къахьоьгуш, кIад ца луш, болх беш схьайогIу Умарова Асет. Ишттачу адамаша дикачу агIор йовзуьйту кхечу къаьмнашна вайн республика а, нохчийн халкъ а, вайн культура а, литература а. Иза масал эца а, йохье вала хIума а ду, вайн къомана юьхькIам а бу.

Iаднан МУРТАЗОВ