Menu


Дешархойн дуьне

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

ЦIердешнийн чаккхенаш нийса ала а, нийса язъян а мелла а атта дагахь латтийта некъ а лехна, хIоранга шен тайпа легадойтуш йолчу хьехархочо рогIерчу йоьIан тайпа хатта а йоьлла:
– Танзила, хьо муьлхачу дожарехь ю? – аьлла хаьттича, шен хьехархо галъяьллий кхетта, цуьнан хаттарх терра жоп дели бохура вукхо.
– ЦIерниг, Малижа Махмудовна!
***
Класс чохь цаьпцалг хааеллачу йоIа: «Iале-е-е-лай, цаьпцалг! Ва-а-а, дIаяккха!!!» – бохуш, цхьа вон цIогIа хьекха долийча, хьехархочо эли бохура:
– ДIахьажа цуьнга, ма хаза хIума а ю-кх и!.. Дала хьо санна кхоьллина а ю. Цуьнан бIаьргашца хьо муха го а ма ца хаьа хьуна... И нана йоккха а йолуш, ирча хьо ган а ма тарло цунна! Аьлча а – вай. Мел даккхий ду вай цунна хьалха...
Дуьненан эрчалла ша хетча санна, тап-аьлла дIатийра бохура важа…
***
– Зарема Махмудовна, суна сайн йозанан хатI (почерк) чIогIа хаза хила лаара, ас хIун дан деза?
– Цкъа хьалха прописаш тIехь болх бан беза. ХIора элп айхьа дуьллуш, цуьнан шораллин, локхаллин барам нисбеш, йозанан белхаш алссам бан беза... Хьайн куьг оцу барамна марздаллалц къахьега деза.., – бохуш, дикка генаяьлла йоI кхетон гIерташ йоллуш хилла хьехархо.
Кхуьнан къамел дахдала доьлча, 6-чу классан дешархо йолчу Мадинас эли бохура:
– ТIаккха а дохкоели со!.. Ас хIун до цунах? ХIинцца дала а делла дуьсур долу дуьне!..
***
Шардар кхочушдеш бохкучу сан дешархойн тидамза ца дисира «хIургон» боху дош. Иза фургон хилар а, «ф» элп долу дешнаш нохчийн цахилар а, цундела тIеэцначу дешнашкахь цуьнан метта я «п» (панар, ишкап), я «хI», «х» диллар (хIургон, хураьшка) дийцина а ялийтина, уггар аьрханиг Iийр варий шениг ца дийцича?
– Лайлаъ Халидовна, шун машен а ю-кх тIаккха «Порд Покус»!
ДIаяздинарг – Исраилова Луиза, нохчийн меттан хьехархо