Menu


Нохчийн мотт Iалашбарх а, кхиорах а лаьцна дийцира

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Нохчийн Республикин кегийрхойн гIул-лакхашкахула йолчу министерствехь «Нохчийн мотт Iалашбаран а, кхиоран а проблемаш» темина конференци хилира.
Кегийрхойн шайн къоман матте марзо кхоллар а, нохчийн меттан сий, маьIна лакхадаккхар а, нохчийн мотт Iалашбарехь а, кхиорехь а йолу новкъарлонаш дIаяхаран некъаш лахар а яра конференцин Iалашо.
Конференцин балхахь дакъалецира Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала а, къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата а, Культурин министра Дааев Хож-Баудис а, Нохчийн Республикин Правительствон школал хьалхарчу дешаран Комитетан председатела Джунаидов Асланбека а, кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министра Ибрагимов Iийсас а, республикин Парламентан депутата Нагаев Iадлана а, Iилманийн Академин вице-президента Дадашев Райкома а, Дешар кхиоран институтан директора Умхаев Хьамзата а, республикин шуьйрачу хаамийн а, интернет-агентствон а гIирсийн журналисташа а, Iилманан, кхоллараллин интеллигенцин векалш а.
Байханов ИсмаьIала билгалдаьккхира: «Берашна нох-
чийн мотт цаIамар, цахаар церан дай-наношкара йолучу ледарлонна ду. Чохь оьрсийн мотт бен ца буьйцуш хилча, нохчийн мотт Iемийла дац. Цундела нохчийн мотт бийцар гIалаташца а хуьлу я нохчийн Iаьнарехь а ца хуьлу. Дай-наноша къахьега деза берашна шайн къоман мотт а, гIиллакхаш а Iаморехь а, марздарехь а».
Дааев Хож-Баудис элира: «Адаман дахарехь доккха маьIна леладо матто. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана нохчийн къоман гIиллакхаш а, мотт а Iалашбарехь деш дуккха а гIуллакхаш ду. Кегийрхой ийманехь кхетош-кхиоран Цхьаллин Концепци ю. Дине, къоман культуре, исторе, нохчийн матте, ламасташка безам, ларам кхолларан Iалашонца хIоттийна ю пачхьалкхан Концепци.
Цул сов, хIора шарахь билгалдоккхуш ду Нохчийн меттан де.
– Нохчийн матте безам жимачохь дуьйна кхолла беза берийн. Нохчийн яздархойн байташ, туьйранаш довзийта деза царна. Нохчийн мотт Iалашбан а, кхион а дагахь делахь, вай школал хьалхарчу дешарца дIаболо беза и болх.
Масала, берийн бошмашкахь дарсаш юкъадало мегар дара, берийн самукъадаккха ловзарш нохчийн маттахь хилийта а. Беро гушдерг, хезашдерг схьалоцу хан а, меттиг а ю берийн бешахь йоккхург», – бохура Хь.Умхаевс.
– Нохчийн мотт буьйцуш ах миллионал сов стаг ву. ЮНЕСКО-н говзанчаша дийцарехь дуьненчуьра дIадовлучу меттанашна юкъахь бу нохчийн мотт. Цуьнан бахьана ду вай нохчийн маттана кхечу (оьрсийн, Iарбийн, ингалсан) меттанашкара дешнаш тIехь сов юкъадалор.
Вай къамел нохчийн маттахь дан деза. Иза бу мотт Iалашбарна бисина нийса, беккъа цхьа некъ – элира Д.Умаровс.
Нохчийн маттахь ара долуш «Даймохк» цIе йолу цхьа газет бен дац вайн республикехь. Иза маса хIусаме, доьзале кхочуш ду я дац хуур ду газетан йоьалгIачу агIонна тIехь цуьнан тираж гича.
Нохчашна эшахь бехар а бу, кхуьур а бу нохчийн мотт. Вай тешна ду конференци дIаяьллачул тIаьхьа цигахь дийцинарш тIечIагIдеш беркате гIуллакхаш кхочушдийриг хиларх.

ЭЛЬДЕРХАНОВА Зайнап