Menu


Цхьа гIулч хьалхахьа яккхар

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Ангалин йоккхачу яьшкичу хи а доьттина, чIара дIахецна. Юьхьанца паргIат лелаш хилла и цу чухула, тIаккха жимма хан яьлча, стомма ангали а диллина, дуьхьало йина, ах яьшка бен паргIат ца юьтуш. ЧIерана къаьсташ ца хилла и куьзга, цундела яьшкин дехьа йисте кхача дагахь, дIагIоьртташехь, куьзганах кхеташ хилла и.
Дуккха а хан яьлла и гуш доцу пардо дохон гIерташ чIеро къахьоьгуш. Эххара а, чIеран гIора кхачийна, кхин ца беттабелла и цу куьзганах, къарбелла и. ТIаккха Iилманчаша куьзга дIадаьккхина. Амма чIара кхин цкъа а дехьабала ца гIоьртина. Яьшкин цхьана эхехь нека а деш, Iийна и, йоккхачу цу яьшкин дехьа агIо а шена маьрша юй а ца хууш я и хаа а ца гIоьрташ.
Вайн дахарехь а хила тарлой-те иштта: цхьа а дуьхьало йоццушехь, зедделачо вай хьалхахьа дIа ца хоьцуш? Кхин цхьа гIулч хьалхахьа а яьккхина, вайн къинхьегаман стоьмаш муха хуьлу хьаьвсича хIун хир дара-те?
Гочдинарг – ПЕТИРОВА ПетIамат