Menu


Уггаре а хаза кхаъ

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Гольфехула йолу турнир чекхъяьлча, толамхочунна ахчанца совгIат дина. Дукха ахча хилла цунна делларг. Ирсан кхаж баьлла толамхо цIа ваха араваьлла. Клубана гена хIара валале, цхьа зуда тIе а еана, шена жимма мукъане а гIо дар дехна. И дукха декъаза, гIийла гуш хиларна, саца а сецна, цуьнга ладоьгIна стага.
КIант чIогIа могаш воцуш ву шен аьлла дийцина зудчо. Цунна дарба дан оьшург вуно дукха ахча ду. Цуьнах дукха къахеттачу стага шегахь долу ахча дерриге а дIаделла.
Масех де даьлча, юха а клубе веанчу стага шен накъосташка дийцина цу декъазчу зудчух лаьцна.
– ЭхI, ма халахийти тхуна, – цхьабосса аьлла цара. – Хьо а леви-кх цу зудчо! Хьоьгара ахча даккхархьама, цо ша кхоьллина ду и дийцар. Дукханца а хIоттийна цо и кеп. Хьоьга и ала а, хьан дог дохон а лаа-м ца лаьара, амма тхо хьан доттагIий ду.
– Цомгаш бер дац-кха тIаккха? – хаьттина стага.
– Дац!
– Далла бу хастам! Кху кIиранах уггаре а хаза кхаъ бу-кх и! – велакъежна стаг.

Гочдинарг – ПЕТИРОВА ПетIамат