Menu


Нохчийн маттахь «вистхир ву» Онегин

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Оьрсийн литературин классикан Пушкин Александран дуьненахь а гIаръяьлла евза «Евгений Онегин» поэма нохчийн матте гочйина Хатаев Хьусейна. Цуьнан болх литературин «Вайнах» журналехь зорбане баьккхина.
Масех де хьалха Хь.Хатаевн болх бовзийтарна лерина цхьаьнакхетар а дIадаьхьира А.Айдамировн цIарахчу республикин Къоман библиотекехь. Цигахь дакъалецира Iилманан а, кхоллараллин а интеллигенцин векалша. Суьйре дIаяьхьира Нохчийн Республикин халкъан яздархочо Ахмадов Мусас.
Хь.Хатаевс дийцира: «Евгений Онегин» поэма гочъян халкъан яздархочо Ахмадов Мусас дагадаийтира суна. Иштта дIаболийра ас цу тIехь болх. Говзар гочъярехь, уггаре а халачех дара – оьрсийн классикан меттан хатI лардеш хила дезар»
Поэта, гочдархочо Ахматукаев Адама билгалдаьккхира, говзарш гочъяр иза аттачех гIуллакх цахилар.
– Вайна массарна а школехь дуьйна дика евзаш ю «Евгений Онегин» поэма. Оьрсийн литературин классикан Пушкин Александран оцу говзарехь хаалучу мукъамна Iамаделла вай. Цундела, нохчийн матте яьккхинарг схьаэцча, тамашийна хета тарло цхьаболчарна. Муьлхха а говзар гочъечу хенахь цуьнан маьIна гайта а, цуьнан шен мукъам ларбан а хьажа везаш хуьлу. Хатаев Хьусейна бинарг боккха болх бу. Цо и говзар гочъяр вайна мехала ду, цунах вайна хаза кхаъ а хилла, – элира цо.
Вайн республикерчу Нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн Ассоциацин председатела Бергоева Айзас элира:
– ХIара гочдар арахецар нохчийн меттан хьехархошна хаза кхаъ бу. Вайна ма-хаъара, оьрсийн шайн къоман гIиллакхаш ду. Ткъа Хьусейна нохчийн Iадаташца йогIур йолчу кепара гочйина и Пушкинан поэма. Тхуна доккха совгIат дина ахь, Хьусейн.
«Евгений Онегин» поэма нохчийн маттахь хилар боккха кхаъ хилла Х,Нурадиловн цIарахчу къоман театран актерашна а. Поэмин нохчийн маттахь йолчу тексташна тIехь къахьоьгуш бу театран актераш. Юьхьенца атта ца хилахь а, «Евгений Онегин» поэмин нохчийн маттахь постановка хилар доккха гIуллакх ду аьлла тешна ду вай, вайн республикин литература езачу бахархошна а, театран историна а гергахь. Оьрсийн классикин гочдар нохчийн маттахь хаза таро хиларо кхин цкъа а тIечIагIдийр ду нохчийн мотт, таронаш яккхий йолуш, токхе, хаза мотт хилар. Вай хьоьжуш Iийр ду спектаклан премьеран горгали бекаре.

ХИЗИРОВА Зайнап