Menu


Хьаддад Лайлаъ – Иорданехь тоьлла нохчийн хьехархо

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

ХIокху деношкахь Иорданерчу Заркъара хаза кхаъ кхаьчна вайн республике. Нохчийн дерриге а халкъана а юьхькIам хуьлу вайнехан векала ша д1акхаьчначохь Iилманца, дешарца, хааршца тоьлла гайтича. И хазахетар дозалле а доьрзу вайна. Махках бевлла дIабаха дезначу нохчийн, нехан хийрачу махкахь а, маттахь деша а, кхиамаш баха а хьуьнар, хьекъал, ийман тоьъча даккхийде вай, амма цаьргара ледара дерг даьлча дог а 1овжадо вайн. Хьаддад Лайлаъ а ю яхь йолчу нохчийн зударех цхьаъ.
Нохчийн хьехархо Хьаддад Лайлаъ Иорданерчу хьехархошна юкъахь дIаяьхьначу конкурсан толамхо хилла. Хьехархошна юкъахь массарел хьуьнаре, хаарш сов дерг билгалъяккхаран Iалашонца дIахьош йолу конкурс Иорданин паччахьан IабдаллахI Ибн Хьусейнан хIусамнанас Аль-IабдаллахIан Аль Малика-Ранйан д1адолорца дIахьош ю пачхьалкхан лаккхарчу тIегIанехь. Конкурсана кхайкхочу совг1атан цIе а ю «Тоьллачу хьехархочунна Паччахьан 1абдаллах1 Аль Малика- Ранйан ц1арах долу совгIат» аьлла. Боккха ларам болуш ю Иорданехь хьехархошна юкъахь тоьлларг билгалваккхаран 1алашонца йолу конкурс Паччахьа 1абдаллах1 Аль Малика Ранйас 2008-чу шарахь дуьйна д1акхайкхош, вовшахтухуш хилар. Цо тоьшалла до иза шайн халкъан хьехархойн кхиар лууш, сагатдеш хиларна.
Иорданерчу Заркъара яхархо, Хьаддад Лайлаъ биологин Iилма хьоьхуш ю школин лаккхарчу классашкахь. Тхан аьтто хилира Лайлааца зIене девлла цуьнга масех хаттар дан.
– Лайлаъ, конкурсах лаьцна массех дош алахь?
– ХIокху 2018-чу шеран оханан (апрель) баттахь юкъаяхара со Урдунан паччахьан IабдаллахI Ибн Хьусейнан хIусамнанас, пачахьа IабдаллахI Аль Малика-Ранйан д1адолорца Урдунин хьехархошна юкъахь дIахьош йолчу конкурсана. Урдунера 2471 хьехархо вара конкурсехь дакъалоцуш. Толаман 1, 2, 3-гIий меттигаш яра къовса езаш. АллахIан къинхетамца, конкурсан зерах чекхъяьлла, ас 2-гIа меттиг яьккхина аьлла хаза кхаъ кхечира.
– Конкурсан лехамаш чолхе барий?
– Конкурсан къийсадаларш 5 декъехула дIахьош дара:
1-ра – берийн бошмийн хьехархошна юкъахь.
2-гIа – заьIапчу берийн хьехархошна юкъахь.
3-гIа – юьхьанцарчу классийн хьехархошна юкъахь.
4-гIа – лакхарчу классийн хьехархошна юкъахь.
5-гIа – индустрийн школийн хьехархошна юкъахь.
Ткъа со, лакхарчу классийн хьехархошна юкъахь дIахьочу къовсаман дакъалацархо яра. Ас хьалха ма-аллара, 2471 хьехархочух финале ваьлларг 40 хьехархо вара. Юха, царна юкъахь тоьллачарех къастийра со. 1-ра меттиг яккхархьама 10 тIедилларах 9 дара кхочушдан дезаш хилларг. Хьалхара меттиг цхьаммо а ца яьккхира. ШолгIа меттиг яьккхира ас биологин 1илманехула кечйинчу проекто.
Хьаддад Лайлаа дийцарехь, Иорданин паччахьан хIусамнанас, паччахьа IабдаллахI Аль Малика-Ранйас хьехархошна юкъахь конкурс дIахьош йолу 10 шо кхечи х1окху шарахь.
Лайлаъ биологи хьоьхуш ю лакхарчу классийн дешархошна. Иза хьехархо йолу 13 шо ду. Ерриге а 6 класс ю цо Iамош ерг, хIора классехь 40 йоI а йолуш. Школа зудаберашна лерина ю.
Нохчийн Республикехь леррина хьехархошна аьлла зорбане доккхучу «Хьехархо» газетан коллективан ц1арах а, нохчийн маттахь цхьаъ бен доцчу «Даймохк» газетан ерриге а коллективан цIарах а оха даггара декъалйо хьо, Лайлаъ!
АллахIа могаш-маьрша леладойла шу, шайн нийаташ, доIанаш кхочуш хуьлуш, юьхькIоме йогIийла шуна шаьш дуьненчохь мел йоккху хан а. АллахI-Дала тIаьхье беркате йойла!

ЭЛЬДЕРХАНОВА Зайнап
Суьрта тIехь:
Иорданин паччахьан хIусамнана паччахь IабдаллахI Аль Малика-Ранйа а, нохчийн хьехархо Хьаддад Лайлаъ