Menu


Керлачу шеран дийцар

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Керла шо тIедогIуш, дIадоьдучу шеран мах хадош хилла стаг, зудий. Ресторанехь хIума кхоллуш Iаш, леткъа волавелла стаг, ша ваха дезачу новкъа вахана ца хилла ша, цундела эшамаш хили шен бохуш.
Зуда леррина базалган тидам беш Iаш хилла.
Ша дуьйцург цуьнан ладогIа дог догIуш дац аьлла хетаделла, къамел хийцина стага:
– Ма хаза ду цу тIера и чиркхаш! – аьлла цо.
– ХIаъ, хаза ду, – жоп делла зудчо. – амма ахь лерина тидам бахь, цу дуккха а долчу чиркхаш юкъахь, цхьаъ баьгна карор бу хьуна. ДIадоьдучу шарахь хьайн хиллачу дуккха а кхиамаш юкъахь, хьайн хиллачу цхьана эшаме хьоьжуш волу хьо, цу дуккха а чиркхаша къагийнчу базалга тIерачу цхьана чиркхан яйначу серлоне хьоьжуш хетало-кх суна.

Гочдинарг – ПЕТИРОВА ПетIамат