Menu


Хила йиш йоцург а хила йиш ю!

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

I939-чу шарахь Калифорнерчу университетехь доьшу вара ткъе пхи шо долу математик Данциг Джордж. Дешарца долу гIуллакх леррина лелош волу и хан яллалц Iара урокаш еш. Цкъа ишшта йозанаш кегош дIа ца вуьжуш а Iийна, вижина висина, ткъа минотана тIаьхьа а вуьсуш, кхаьчна и лекци.
Меллаша чоьхьа а ваьлла, охьахиина, ша схьавале кхара хIун дийцина тIаьхьакхиа гIерташ, дIасахьоьжуш хилла и.
У тIехь язбина шина хьесапан билламаш хилла. ТIейогIучу урокана кечамна цIахь бан белла болх бу моьттуш, уьш у тIера схьаязбина Данцига. Язйина ваьлча, профессора дуьйцучуьнга кхидIа ладогIа волавелла и.
ЦIахь и хьесапаш дан воьлча, кхузза дохкаваьлла и, ша урокана тIаьхьависарна. Баккъал а, хала хилла и хьесапаш. Уьш нийса дархьама оьшу цхьа коьртаниг ша ла ца дугIуш дисина аьлла хетта Данцигна. Амма дан хIума дацара. Масех дийнахь тIетаьIIина болх бича, и ши хьесап дина кхуо. Ша динчух гIадвахана, профессор волчу а вахана тетрадь дIаделла цо.
Профессора – Нейман Ежи хилла цуьнан цIе – тIе а ца хьожуш, схьаэцна тетрадь. Дика ду, аьлла. Сихха коьрте а ца даьлла цунна, ша студенташна цIахь бан болх белла цахилар…
Жимма хан яьлча, шена студента еанарг хIун ю хьажа тетрадь схьадиллича, цец-акъ ваьлла и. Цунна дагадеана цхьа пара йолалуш ша студенташна цу шина хьесапан билламаш бийцина хилар. Цхьаьнгга а даделла доцчу шина хьесапан билламаш!
Амма Данциг вацара и теоремаш кхочушъялуш яц бохуш кхуо дуьйцучу хенахь, цундела цуьнга кхочушдаделла и хьесапаш. Цунна хууш ца хилла, уьш кхочушдан йиш йоцуш хилар, цуьнан куьйгаш дихкина ца хилла.
Иштта вайга а далур ду дан йиш яц аьлла хетарг а. Нагахь санна, и кхочушдалур дац аьлла вай ойланехь чIагI ца лахь…
Гочдинарг – ПЕТИРОВА ПетIамат