Menu


Нохчийн мотт – ирсе кхане

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Иштта дешнаш ду Cоьлжа-ГIалин №18 йолчу юкъардешаран школин нохчийн меттан, литературин кабинета чуьрчу классан у тIехула дIатоьхна. Оцу ирсечу кханене нохчийн къоман маттехула шен дешархой кхачош, кху школин хьехархочо Магамадова Резидас къахьоьгу 43 шо ду. Иза дика евза гӀаларчу а, республикерчу а хьехархошна.
Шен балха тӀехь зеделлачунна хьулам ца беш, семинараш еш а, зорбанехула а, эфирехула а цо довзуьйтуш хиларна. Тахана «Хьехархо» газетин хьаша ю иза.

– Резида, хьо хьехархочун болх бан йолаелла 1975-чу шарахь Веданан кIоштарчу Марзойн-махкарчу школехь. Оццул шерашкахь айхьа хаьржинчу говзаллина дохкоялар доцуш, мелхо а, шо-шаре мел долу а и говзалла кхиош схьаеъна хьо. ХIун эр дара ахь, тахана нохчийн мотт хьехарх, бахарх, бийцарх, кхиарх лаьцна?
– Вайна ма-хаъара, кху дуьнентIехь дуккха а къаьмнаш ду, царах муьлххачух делахь а, хIора а адамана тIедоьжна декхар – шен къоман мотт а, гIиллакх-оьздангалла а Iалашъян гIортар ду. И кхетамаш боцучу нахах къам ца хуьлу, бахархой хилахь а. Мотт – иза адамийн синкхача а, са а ду, хIорангахь а дерг: яхь, гIиллакх, оьздангалла, адаман кхиаран барам гучубоккху гIирс бу. Муьлхачу а къоман дахар цуьнан ненан маттах а, адамийн синмогашаллах а доьзна ду. Цхьа а шеко йоцуш ду, жимма а ненан меттан са гIелделлачохь, кхечу меттан ницкъ алсам а болий, цо важа дIакхоллуш хилар. Кхузахь вай буьйцург беккъа мотт хилла а ца Iа, дийнна къам а ду.
Тахана мел халахеташ делахь а, оцу бохаман хьу хьакхаелла вайн къомах а. Оцу цамгарна дарба вай ваьш лаха дезаш ду, иза дуккха а ницкъ а, хан а оьшуш болх бу. Бакъду, хьалхарчуьнца дуьстича, вайн меттан орамаш хецадаларна оьшуш долу хьелаш дуккха а тоделла. И хьелаш кхуллуш вайн меттан гIароллехь юкъ йихкина схьабогIуш бу вайн паччахь Кадыров Рамзан, вайн дешаран Iилманан министр Байханов ИсмаьIал, Iилманчаш а, яздархой а, къаьсттина нохчийн меттан хьехархой а. Амма бан безаш берг хIинца а Iаламат дукха болх бу. Оцу некъа тIехь коьрта дакъа нохчийн меттан хьехархошна кхочу. Цхьа а шеко йоцуш, царах дукхахберш, керлачу стандартийн гурашкахь ненан мотт хьехарехь, кхиамца къахьоьгуш бу.
– Резида, вайна хаьа, лазаме дерг матте доьрзийла, и ФГОС нохчийн маттахь муха дIатаръелла школин низамехь?
– Хууш ма-хиллара, дуьххьарлера шен къоман меттан орам беран шен доьзалехь тасалуш бу. Берехь шен матте безам кхоллар а дай-наной декхар ду. Амма и декхар кхочушдан ницкъ кхочуш ца хуьлу дукхахболу дай-наной. Оцу хьолехь, хьалхара тIегIа карадерзийна а доцуш, кхочу и бераш хьалхарчу классе. ДIабуьйлалуш дуьйна халонаш хIуьтту царна дуьхьал, хIунда аьлча, керлачу ФГОС-ца арахецначу Iаматашна тIехь ду тIедахкарш «баккхийчеран, ден-ненан гIоьнца» бохуш. Ткъа и «гIо» дан таро йолу хаарш дерш кIезиг бу.
Циггахь, меттан «диттан» «гIад» кхуьуш хила дезачу 2-чу тIегIанехь хIутту хало, анпал (проблема), дешархоша юкъахь дитина хьалхара тIегIа бахьанехь (доьзалехь хила дезарг школехь карадерзо дезаш хиларна, уьш цхьа тIегIа тIаьхьа а буьсий, кхочу хьехархочуьнга). Хьалха дешархой оьрсийн мотт ца хууш хиллехь, хIинца телефонаш а, интернета а чохь болчу царна оьрсийн мотт хаьа, ткъа шайн ненан мотт хуучунна а ледара хаьа. Оцу хьолехь юха а, дешархой Iаморан а, тIекхиоран а, кхеташ-кхиоран а жоьпаллин декхар нохчийн меттан хьехархочунна тIедужу. Нагахь и хьехархо ша нохчийн мотт дика хууш а, шен белхан говзалла лаккхара йолуш а велахь, цо тIаьхьакхиор ву и дешархо, иза кхеташ волчу маттах пайда а оьцуш, нохчийн маттахь Iама а веш, нохчийн, оьрсийн шина маттана юккъе гергарло а тосуш, цу шиннан уьйр чIагI а (интерференци) еш.
Мотт – иза халкъ, къам латтош болу синпха бу, цундела иза цIенна бийца а, йозанехь нийса гайта а хаа деза. Цунна тIедоьгIна, Iалашонаш билгал а яьхна, схьахецна ю вайн керлачу ФГОС-ан хьелашна йогIу белхан программаш а, Iаматаш а, гIоьналлин пособеш а. Шеко йоцуш, таханлерчу дийнахь нохчийн мотт хьоьхучу хьехархошна, доккха гIо ду иза.
– Резида, ахь билгалдаьхьначарел сов, кхин хIун декхарш ду тахана нохчийн меттан, литературин хьехархочунна тIехь?
– Вай дийцинчу бакъдолчунна тIедоьгIна аьлча, нохчийн меттан хьехархо даима а меттан Iилманан а, методикин а, педагогикин а говзалла лакхаяккхарна тIехь къахьоьгуш а, керлачунна тIаьхьакхуьуш а хила веза, шен дешархошца цхьаьна, даиманна а лехамехь хила а веза, дешархойн хаарийн дикалла тоярна, Iамор кхетамца карадерзаран а, церан кхолларалин ойла кIаргъярна гIо деш долу некъаш, кепаш, гIирсаш а лохуш, царех нийса пайда а оьцуш. Дешар Iамор а, кхетош-кхиор а вовшех доьзна ду, къасто йиш йоцуш, цундела тIекхуьучу чкъурана ненан моттий, литературий Iамор, цаьрга безам кхоллар мехала гIуллакх ду. Хьалха и болх исбаьхьаллин книгаш ешарца бара, амма вайзаманан дешархошна и гIуллакх марздан дезаш хуьлу. Цундела классал арахьара ешар а, цхьаьнакхетарш а алсамдохуш, дIабахьа беза и болх. Дала аьтто бойла оцу халачу, амма хьаналчу новкъахь къахьогучу хьехархойн.
P.S. Резидас тIаьххьара аьллачу дешнаша дагадахкийтира суна 18-чу школин куьйгалхочо Ж.Арсанукаевас шен хьехархочух аьлла дешнаш: «Резидан xӀopa урок а берийн хаарш кӀаргдарна а, тӀедузарна а лерина ю. Хьехархо шен белхан говзанча хилла ца Ӏаш, ша стихаш а, методически статьяш а язъеш, эшарш а локхуш, тӀаьхьара пондар а балош, похӀма долуш хиларо боккха аьтто бо цуьнан дешархойн тайп-тайпанчу къовсадаларшкахь а, олимпиадашкахь а, конференцешкахь а лаккхарчу кхиамашка кхача. Цунна тоьшалла ду дешархойн алссам тайп-тайпана совгIаташ. Ткъа Резидан шен а кху школехь болх бечу 18 шарахь Нохчийн Республикин куьйгалхочун грант а, Соьлжа-ГӀалин мэран грант а, Нохчийн Республикан Парламентан а, Дешаран а, Iилманан а министерствон а, Октябрьски кӀоштан администрацин куьйгаллин а, ДЦТ-н а, ГТр-н а, HP профсоюзийн а совгIаташ долуш, 30 сов грамоташ, дипломаш, баркаллин кехаташ а ду. Вайн махкарчу хьехархошна масал хилла болх беш ю Резида».

САРАЛИЕВА Табарк