Menu


Уггаре а дезчу дешарх дийцар

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Къона, дукха хан йоццуш балха эцна йоккхачу компанин менеджер куьйгалхочо чукхайкхина.
Чу муха ца кхойкху?! Цо бинчу бартаца фирмина доккха зен хилла. Белхахо шен гIалатах кхетта ваьлча, тIаьхьа хилла. Ахча дIадахьийтина хилла.
Кабинет чу а веана, шен бехкана къера а волуш, шега хIуъу алахь а, тIеэца кийча а волуш, вистхилла белхахо:
– Со кхета со дIаваккха шун бакъо хиларх, сайн бехкана даре а до, шун муьлхха а сацам тIеэца кийча ву.
– ДIаваккха?! – мохь баьлла куьйгалхочун. – Хьо Iамон хIинцца миллион сом ца доьхки вай? Иштта мехала белхахой дIабаха чот яц сан! Вало, хьайн болх бе!
Гочдинарг – Петирова ПетIамат