Menu

  • Категория: Учителя
  • Просмотров: 66

Стаг гIиллакхо хазво

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Цкъа юьхьанца дукха хан йоцуш сайна гинчу цхьана хIуманах лаьцна дуьйцур ду ас. Тхан юрт тIаьхьарчу хенахь йоккха хилла йогIу. Ерриге а Нохчийчохь санна, дуккха а керла цIенош ду кхузахь деш, кхоллалуш къона доьзалш бу. Кегийчеран аьтто хилча, вайна, баккхийчарна, хазахета, уьш вайл а дика баха лаьа. Ткъа муха хуьлу церан вовшийн довзар а, дистхилар а, дагара довзийтар а? Хьалха санна, хинан йистехь я синкъерамехь, ловзаргахь гар ма ца нисло хIинца. Гар, дистхилар дагахь доцчу меттигехь, цецваллал долчу хьолехь нислуш а хуьлу церан наггахь.
Со вехаш волчу урамна тIебогIучу боцачу урамехула цIа вогIуш ву со хьастагIа. Цу жимачу урамехь комаран дитта кIелахь аннех гIант дина тхан куьпара кхиазхоша. Сарахь цу гIанта тIехь сакъоьруш Iа уьш. Церан сакъерар муха хуьлу? Юуш чипсаш, морожнеш, кхийолу хIуманаш, молуш мутташ, пепсиш,колаш хуьлу. Ерриге а нехаш, шишанаш оцу гIантана гонах а, шайн когаш кIел а охьакхуьссу цара. Кегийнаш-м цхьанна а новкъа бац, шайга телефонаш лелаяйтичхьана цхьана а деца бала а бац церан. Уьш массийтта велахь а, хIорра а шен телефона «чохь воллуш» хуьлу. Иза ду церан сакъерар.
Дерриге а дика дара цу кхиазхойн, шаьш Iачохь нехаш ца яржаяхьара. ТIехволучо ала а олу, оьзда лела олий, амма бохург дIалоцуш кIезиг бу царна юкъахь. ГIиллакх хIун ду а ца хаьа цхьаболчарна. Оцу гIиллакхах лаьцна дийца лаьара суна.
Иштта, со схьавогIучу хенахь дитта кIеларчу цу гIанта тIехь Iаш кхиина даьлла кIанттий, йоIIий го суна. Схьагарехь, дагара дуьйцуш ду ишиъ. ХIинца кегийчара ма-аллара, «свидани деана». «Да ватIа шен делаI, кхин бегIийла меттиг ца карийна те кху шинна дистхила? – олий, дагадогIу суна, генара царах бIаьрг кхетча. – Оцу нехашна, чалхана юккъе а хиина, цIена безам муха буьйцур бу?» Иштта цу балхах цецваьлла волу со юххе нисвелча, гIиллакхна хьала а ца айадели ишиъ, ур-аттал схьа-м ца хьаьжи! Шаьшшиъ ма-Iарра, дуьхь-дуьхьал а дирзина, къамел деш IадIий-кх.
«ЦIе хала хьо белхан! И хIун дара суна гинарг? Кхузткъа шо герга хIокху юьртахь вехаш, суна гина хIума ма дац иза. Нохчийн гIиллакх дIадаьлла те?» – ойла йо ас. Цкъа, сецна, шуьшиъ хьенан мила ду ала дог хуьлу сан, тIаккха а сел ледара долчу цаьргара суна цхьа а нийса жоп хир дац я цара дийцича а, со арз эцна ваха а ца воллу, олий, дIавоьду со.
Мича дахана те нохчийн гIиллакх? Дала-м ца делла те иза? Вай даха, делла дIа ца даьллехь а, вочу хьоле-м дирзина. Ткъа мила ву бехке, вайн гIиллакхаш дIадовлуш хилча? Вай ду-кх, вай ваьш. Кхечу махкара баьхкинчу хийрачу наха дохош ма дац уьш. Вай дохош ду. Лар ца дича, лела ца дича, кегийчаьрга Iама ца дайтича, доьхний ма ду уьш.
Соьца (сан метта кхин милла а хила тарлора) оьзда йоцу кеп ялийначу кIантана а, йоIана а мелла а гIиллакхаш девзаш хила тарло. Делахь а шайна ца вевза стаг тIехволучу хенахь хьала ца гIаьтти ишиъ, бехк лаьцна, тIехьа ца дирзи. Цара гIиллакх лелор дара иза шайн цIийца хиллехь, денна лелош а хиллехь. Вайна новкъахета кегийчара цу тайпа ледарлонаш йийлийтича, уьш бен а боцуш лелча. Амма уьш кхиор, царна гIиллакхаш Iамор баккхийчаьргахь ду. Шен доьзалхо чохь а, арахь а муха ву те, цо хIун леладо те аьлла, бала кхочуш хила деза да-нана а, доьзалан верас а.
Мел лерина лелийна хиллехь а, лар ца дича, тIаьхьене дIа ца делча, дIадолу муьлхха а гIиллакх, телха доьзалан юкъаметтигаш. Доьзал боьхча, юкъаралла а талха герга ю. Къам доккха я жима дара аьлла а дац иза. Нехан шен къоман культурица бала хилар, цуьнца доьзнарг Iалашдар, тIаьхьенашка, лардеш, дIакхачийтарца доьзна ду иза.
ХIора къоман шен тхьамданаш, лараме, бевзаш нах хуьлу. Уьш хила тарло баккхий политикаш, депутаташ, динан дай, бизнесменаш, яздархой, артисташ. Юкъараллин дахарехь дуккха а хIума ду церан балхах а, дуьнене болчу хьежамех а, къоман культуре церан йолчу уьйр-марзонех а доьзна. ХIунда аьлча халкъ шен тоьллачу нахе хьовсуш а, ладугIуш а ду. Церан дахарх масал эца гIерта могIарера адамаш. Халкъан векалша, наха лоручара дIакхехьа деза, аьлла хета суна, вайн культура а, цуьнца доьзна дерг а Iалашдар а, даржор а.
Таханлерчу дийнахь вайн республикин куьйгалло беш боккха болх бу тIекхуьуш йолу тIаьхье ийманехь а, гIиллакх-оьздангаллехь а кхиорехь. Цуьнца доьзна дара 7 шо хьалха, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца, Динан а, юкъараллин а организацешца зIе латтон департаменто а, дешаран а, культурин а ведомствоша а, Iеламнаха а, цхьаьна болх а бина, ТIекхуьуш йолу тIаьхье ийманехь кхетош-кхиоран цхьааллин концепци арахецар. И Концепци Республикин Куьйгалхочо шен указаца чIагI а йина, цуьнца болх беш схьайогIу вайн дешаран а, культурин а, спортан а – тIекхуьуш йолу тIаьхье кхиоран ерриге а организацеш. Концепцин гурашкахь бечу балхо юкъалоцу вайн республикера деша даха дезаш долчу берашна тIера кхиина богIучу кегийчу нахана тIекхаччалц йолу тIаьхье. Кегийчаьрца кхетош-кхиоран болх беш дешаран а, динан а, культурин а белхахой бу. Денна бохург санна, дIахьош тайп-тайпана мероприятеш ю кегийчаьрца, царна дайн гIиллакхаш довзуьйтуш, дикачун масалш гойтуш, вочун тIаьхьало йовзуьйтуш. Иштта, Концепци тIеэцначу 7 шарахь цу организацеша 200 эзар гергга мероприяти дIаяьхьна вайн кегийчаьрца. Ткъа бечу белхан дика агIо хирг хиларан а, цунах пайда бериг хиларан а цхьа а шеко яц.
Мотт къаьсттина чIогIа ларбан безаш бу. Зорбанан хьостанашкахь а, телевиденехь а, радиохь а вай дукха дийцина цунах лаьцна. Иза дийца а, тергонехь латто а дезаш гIуллакх ду, хIунда аьлча вайн къоман юкъара лазам бу иза. Тахана нохчийн маттаца долу хьал вайна ма-лаъара дика дац. Иза дика хилийта ницкъ кхочург дерриге а дан деза вай.
Кху деношкахь Республикин Куьйгалхочо дIахьедар дина, нохчийн мотт школашкахь а, дешаран заведенешкахь а леррина Iамо беза, ур-аттал цу тIехь ойла ян а еза вай аьлла. Ишттачу дешнаша гойту, нохчийн маттана Iедалан агIор тергам беш хилар а, тIейогIучу хенахь ненан мотт Iаморан гIуллакх толуш дIагIуриг хилар а.
Ненан мотт стенна оьшу бохург дийца оьшуш а дац. Адамийн вовшашца уьйр латторан а, дахаран массо а агIо кхиоран а хьоста хилла ца Iаш, вайн гIиллакхаш лелоран, лардаран гIирс а бу иза. Ненан маттехула девза жимачунна дерриге а диканиг, халкъан иэсехь гулделларг. Цу юкъахь къоман гIиллакхаш а ду. Цундела ду мотт ларбар Iаламат мехала а, оьшуш а гIуллакх.
Вай олу: «Цивилизацино йохайо къаьмнийн хьалхалера дахаран кеп». Иза бакъ ду. Цивилизацино хуьйцу вайн дахар, керл-керла хIуманаш юкъадалош, адамийн юкъаметтигаш галморзахйоху, уьйраш малйо. Амма вай лелийча, лардича, цхьана а цивилизацино вайн гIиллакхаш дохор дац. Церан керла кепаш хила а тарло, уьш мелла а хийцадала а тарло, амма уьш дуьсур ду халкъалахь. Ткъа уьш лардар вайн уггаре а даккхийчех цхьа декхар ду.
Дерзош, ширачу заманахьлера цхьа масал дало лаьа суна. Жимачу АтагIахь хилла бохуш, хезна суна иза. Iабдул-МутIелип цIе йолуш, цхьа жима стаг хилла цу юьртахь вехаш. Эвлан лахахьа агIор, бенойн куьпахь, тIехьийза йоI хилла цуьнан. Тоьлла духар а духий, леррина шен дин а кечбой, йоIана ирахьIан воьдуш хилла Iабдул-МутIелип. Ша беной бехачу ураме дIакхаьчча, меллаша говрара охьа а вуссий, цуьнан юьхь а лоций, гIаш дIавоьдуш хилла иза тIехьийза йоI йолчу. Цкъа-делахь, цу йоIе а, цуьнан нахе а шен ларам хилар, шолгIа-делахь, шен оьздангалла, дайн гIиллакхаш ша ларар гайтина цу оьздачу къонахчо. Иштта яьхь йолу, гIиллакхе кIентий лаьттийла вайна юкъахь даима а!

КИЛАБ Муса

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных