Menu

  • Категория: Учителя
  • Просмотров: 52

Хьехархочун хьанал некъ

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

ХIара школин уьйтIа ваьлчхьана дуьйна кхуьнга маршалла хоьттуш хуьлу дешархой а, хьехархой а. ХIора керла де иштта долало: вовшашка маршалла а, хьал-де а хаттар, горгали бекар, урокаш юьйлаялар. Кхуьнан шовзткъе цхьайтталгIа дешаран шо ду хIинца дIадоьдуш дерг. Оццул шерашкахь кху школехь болх беш ву Нохчийн Республикин халкъан хьехархо Исраилов Iабдул-Хьамид.
Гуьмсера хьехархойн училище 1968-чу шарахь чекх а яьккхина, БелгIатойн-Эвларчу юккъерчу школе хьеха веара Iабдул-Хьамид. ХIара ша а кху юьртара ву, кхузахь школехь дешна а ву. Ткъа хьехархочун болх вуно жима волуш дуьйна кхуьнан даго къобалбина бу.
– Ас безаш хаьржира хьехархочун болх, цу хенахь со жима хиллехь а. Тхайн эвлара бархIшеран школа а яьккхина, Гуьмсерчу хьехархойн училище деша вахара со. Дешарх самукъадолура сан, цундела хир дара сан цу тIехь кхиамаш хилар. Айса дешначу школе юьхьаьнцарчу классашка хьеха веара со, хьехархойн училищера дешна ваьлча. ХIетахь дуьйна схьабогIуш бу сан хьехархочун некъ, – бохуш, дуьйцу Iабдул-Хьамида сан шеца хиллачу къамелехь.
Шен хаарш алсамдахархьама Нохч-ГIалгIайн пединституте филологин факультете деша воьду къона хьехархо 1970-чу шарахь. Пединститутах 1972-чу шарахь Университет хилира, тIаккха, 1975-чу шарахь иза кхиамца чекх а яькккхина, шен юьрта, ша хьалха болх бан волавелчу школе нохчийн мотт а, литература а хьеха веара Iабдул-Хьамид. Белхан говзалла дика караерзийна а, дика хаарш а долуш волчу къоначу хьехархочунна хала дацара шен дагца хаьржинчу хьаьрмехь къахьега, балхахь кхиамаш баха. Дукха хан ялале Шелан районан тоьллачу хьехархойн могIаре хIутту иза, кхуьнан белхан говзаллах масал оьцу къоначу хьехархоша.
Доккха похIма долу хьуьнаре хьехархо Шелан дешаран декъан куьйгалло тергонехь латтавора, цундела хир дара 1985-чу шарахь Iабдул-Хьамиде к1оштан дешаран декъе балха кхайкхар. Ша школехь бечу балхаца цхьаьна Шелан районан дешаран декъехь школийн инспекторан даржехь къахьега волало иза. Цунна атта дацара шина меттехь болх бан, амма школехь хьехар дIатаса ца лаьара Iабдул-Хьамидна, хIунда аьлча шен коьрта декхар берашна хаарш далар, уьш кхетош-кхиор лорура цо. Мел доккха дарже ша кхачарх, мел баккхий аьттонаш шен хиларх школах къаста луур дацара шена, боху хьехархочо.
Керлачу даржо даккхий декхарш тIедохкура: ша а школехь къахьоьгуш хиларна, Iабдул-Хьамидна дика хаьара хьехархочун халонаш, балхахь хуьлу цатемаш, цундела шен ницкъ кхочучу кепара цуьнан белхан мах нийса хадо а, оьшучунна тIехь гIо дан а хьожура иза. Иштта к1оштан комиссино муьлххачу а школин болх толлучу хенахь цу юкъахь Iабдул-Хьамид хилча, синтеме хуьлура школин белхахой. Царна хаьара цо нийсо лелор юйла.
Районан дешаран декъехь йолчу методически цхьаьнакхетараллин балхана Iуналла деш, хьехархойн балхахь зеделларг гулдеш, иза кхечарна довзуьйтуш, семинараш вовшахтухуш, уьш дIахьош, къахьоьгура Iабдул-Хьамида. Ша балхахь кхоош, тахана дан дезарг кханенга дIатоттуш цуьнан цкъа а Iедал дацара. Иза гуттар а хьуьнаре а, дечунна мало ца еш а, шегара ледарло ца йолуьйтуш, шех тешна гIуллакх леррина деш, схьавеана дуккха а шерашкахь. Цундела ду цунна к1оштан а, республикин а Iедалан структурашкара делла вуно дукха совгIаташ: сийлаллин грамоташ, баркаллин кехаташ, сийлахь цIерш, кхин а совгIаташ. Иштта дуккха а шерашкахь хьанал болх барна, баккхий кхиамаш а бахарна, дуккха а тIаьхьенашна хаарш даларна а, уьш беркате кхетош-кхиорна а республикехь хьехархочунна луш йолу уггаре а еза цIе а елла Исраилов Iабдул-Хьамидна масех шо хьалха – Нохчийн Республикин халкъан хьехархо. Иза цуьнан белхан хьакъ болу мах хадор ду, хIунда аьлча цо дуккха а шерашкахь, баккхий кхиамаш а бохуш, хьанал къахьегна. Ткъа хьанал болх бечунна ирс ша тIедогIу, цунна кара ма во ша тIедосса хьакъ верг.
Иштта ду кху башхачу стеган, доккха похIма долчу хьехархочун дахарехь нисделла беркате и гIуллакх. Делахь а Iабдул-Хьамида-м ша совгIатийн дуьхьа къахьоьгуш ца лору, хIунда аьлча цуьнан балхахь коьртаниг иза ма дац. Хьайн хааршца дешархошна хьалха хIоттар, уьш царна дIадала хаар, церан бIаьргаш чохь хIума хааре болу лаам кхоллар, керла хIума девзина, цунах кхетта, церан самукъадалар – иза ду муьлххачу а хьехархочунна уггаре а доккха совгIат. Ишттачу совгIате кхача гIиртина иза ша болх бечу ерриге а хенахь.
Iабдул-Хьамидан хIусамехь ву со. ХIара хьанал ваьхна хиларе терра, беркате а, оьзда а доьзал кхиъна кхуьнан а, хIусамненан Iайнаан а. Доьзал гуттар а кхушиннан лаамехь хилла бу, ламаз-марха шайца долуш, гIиллакх-оьздангалла йолуш, аьллар тIехь болуш. Мел доккха ирс ду ден-ненан сел муьтIахь доьзал кхиар. Iабдул-Хьамидан йоI Луиза а, нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш, Соьлжа-ГIалахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Дешаран центрехь болх беш ю. Хьехархо хиларал сов, говза поэт а, яздархо а ю Луиза. Дукхазза а цуьнан стихаш а, дийцарш а къоначу яздархойн гуларшкахь арадийлина кху тIаьхьарчу шерашкахь.
Iабдул-Хьамида шен цIера белхан кабинет гойту суна. Цу чохь шкафаш чохь дуккха а книгаш ю – коьрта долчу декъана нохчийн маттахь йолу исбаьхьаллин литература. Нохчийн шуьйра бевзаш болчу яздархойн, поэтийн говзарш ю терхеш тIехь лаьтташ. Хьехархочунна оьшу методикин книгаш, учебникаш, яккхий папканаш а ю.
– ХIара ю сан белхан меттиг, кхузахь урокашна кечам бо ас, дешархойн тетрадащ тIехь болх бо, сайн цхьацца йозанаш до, балхана оьшу тайп-тайпана материалаш кечйо. Хьажал, тIаьхьарчу итт- пхийтта шарахь зорбанера арадевлла журналаш: «Орга», «Вайнах», «СтелаIад», газеташ: «Даймохк», «Вести республики», «Хьехархо», «Зама» ду ас гулдина. Уьш ас коьрта долчу декъана сайн балхана пайде хир йолу материалаш царна тIера схьаэцархьама леладо. Iаламат доккха гIо хуьлу нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш волчунна оцу журналех а, газетех а.
Iабдул-Хьамида ша папкаш чохь гулйина журналийн а, газетийн а статьяш, стихаш, дийцарш, кхин материалаш гойту суна.
– Хьажал хIокху папкане, кху юкъахь школехь Iамош йолу Айдамиров Абузаран «Ненан дог» цIе йолу говзар ю. ХIара цхьана хенахь зорабанера араяьллера, хIинца цхьана а библиотекехь карош яц. Ас принтер тIехь оцу говзарна зорба а тохийтина, дешархошка ешийта кечйина хIара санна йолу ткъаессана папка ю. Оха урокашкахь иштта болх бо тексташ тIехь. Дешархошна еша а, талла а, пайда эца а гIо хуьлу царех.
Суна го мел лерина кечам бо Iабдул-Хьамида шен балхана, мел жоьпалле ву иза дечу массо а хIуманна тIехь. Иза цуьнан амалан коьртачех цхьа агIо ю – дечунна тIехь жоьпалле хилар. Дикачу стеган а, дикачу говзанчин а билгало ю ша деш долу хIума жоьпаллица дар, иза ларар, цу гIуллакхан сий дар. И дерриге а Iабдул-Хьамидехь долуш ду. Иза вайн заманан муьлххачу къоначу говзанчина масална хIотто мегар волуш ву.
Хьехархочун болх атта бац, цуьнан тIахьалонан ойла а еш, бан ма-беззара иза беш белахь-м муххале а. Цхьана хьекъалчас аьлла: шен говзалла дика евзаш а, кIорггера хаарш а долу хьехархо тоьлла говзанча ву, ткъа цул а гIолехь ву шен хаарш дIахьеха хууш верг, амма цу шиннал тоьлла ву хаарш дIахьеха а хууш, шен дешрахой дукхабезаш волу хьехархо, иза тIех дика говзанча ву. И тIаьххьарниг Iабдул-Хьамидах лаьцна ала мегар ду, хIунда аьлча, кIорггера хаарш а долуш, уьш дика дIа а хьоьхуш, бераш дезаш хьехархо ву иза. Ша дешархо чеха ца во, цуьнгара ледарло яьллехь, цуьнан сий ца дойъу, ша цуьнгара воккхачуьнгара санна бехк боккху. Иза гIоле хета шена, хIунда аьлча, сий а ца дойъуш, емал а ца веш, бехк баккхаро дешархо дика кхетор ву шен гIалатах, юхахула иза ца далийта а хьожур ву иза, дуьйцу хьехархочо. Бераш лара деза, церан сий а, амал а кхоо еза, кхана Iуьйранна баккхий а хилла, хьан юьртахой а, лулахой а хилла, дIахIуьттур ма бу уьш. Хьан шайга ларам хиллехь, царна иза цкъа а дицлур дац. «Хьехархочун балхахь диканиг хIун ду хааий хьуна?» – хотту цо соьга. Юха жоп а ло: «Хьан дешархо дахарехь, гуттар а дешархо а хуьлий, ма вуьсу. Ткъа шун юкъаметтиг дика хиллехь, иза цкъа а хьоьца долчу гIиллакхах ца вуху. Цо иза гуттар а хьоьца леладо. Ткъа хазчу гIиллакхе кхочуш хIун ду?»
Иза а ма ю хьехархочун белхан дикачу агIонах цхьаъ: хьайн дешархошца хаддаза дахарехь уьйр латтор, церан кхиамех воккхавер. Цунах дика адам, дика говзанча хиллехь, хьан дакъа а ма ду цу юккъехь.
Iабдул-Хьамида дозаллица буьйцу шен хилла дешархой. Церан кхиамех воккхаве иза. Масех дешархочун цIе йоккху цо:
Ирезиев Сайд-Хьамзат, Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн филологин Iилманийн кафедрин куьйгалхо, филологически Iилманийн кандидат, доцент;
Закриева Мадина, Соьлжа-ГIаларчу номер 7 йолчу школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо;
Исраилова Луиза, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Дешаран центран нохчийн меттан а, литературин а хьехархо.
Уьш уггаре а тоьлларш бу, царех цхьаъ Iабдул-Хьамидан шен йоI а йолуш. Дика тIаьхье кхиийначу, шена санна ненан мотт а, литература а езаш, къомах дог а лозуш, цуьнца доьзнарг а дезаш, дешархой дахаран новкъа баьхначу хьехархочун мел доккха сий хила деза, мел ларам хила беза цуьнга? Цундела ма дац Iабдул-Хьамида а, и санна болчара хьоьгу къа эрна. Иза цкъа а довр дац, хIунда аьлча ишттачу хьехархойн халкъалахь сий-ларам даим хир бу.
Тахана пенсехь велахь а, шен ницкъ кхочучу кепара къахьоьгуш ву говза хьехархо. Кхана юха а дешархошна хьалха хIуттур ву иза, собаре а, хьекъале а, оьзда а волуш.

АРСАНУКАЕВ Муса,
НР-н хьакъволу журналист

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных