Menu

  • Категория: Учителя
  • Просмотров: 13

«Нохчийн меттан тоьлла хьехархо-2020» конкурсан толамхо

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Эсаран (октябрь) беттан 28-чу дийнахь, Дешаран белхахойн говзалла лакхаяккхаран нохчийн институтехь республикин «Нохчийн меттан тоьлла хьехархо-2020» хӀорашеран конкурс дӀа а ерзош, жамӀаш довзийтира. Билгалдаккха догӀу, юьйцуш йолу конкурс Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон тӀедилларца республикерчу нохчийн меттан а, литературин а хьехархошна юкъахь 2010-чу шарахь дуьйна а дӀахьош хилар.
Конкурсан жюрин декъахь Нохчийн меттан а, историн а институтан Ӏилманчаш а, Дешаран белхахойн говзалла лакхаяккхаран институтан говзанчаш а, Нохчийн Республикин нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн Ассоциацин векалш а бара. «Нохчийн меттан тоьлла хьехархо-2020» республикин конкурсан хьалхара меттиг Гуьмсан кӀоштарчу Ойсхаран юьртан №1 йолчу школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо Имхаджиев Давуда яьккхина. Цуьнца къамел дар хилира тхан.
– Давуд, хьо къона хьехархо ву, амма республикин барамехь дӀаяьхьначу конкурсехь хьалхара меттиг яккха ларийна хьо. Хьайх лаций дийцахьа, тӀаккха, нохчийн маттана хьо иштта гергавалийна бахьанаш а дийцахьа?
– Ойсхарахь Ӏаш ду тхо. 1993-чу шарахь дуьненчу ваьлла со, Имхаджиев Сулиман а, Элинин а доьзалехь. Тхайн юьртарчу школе деша вахара. Сан синкхетамна боккха тӀеӀаткъам бинарг тхан денана Завани ю. Вевзаш волу поэт, яздархо Гадаев Мохьмад-Салахь тхан дененан гергара стаг вара. Цуьнгара дукха хезнера суна Мохьмад-Салахьа лайнарш, цуьнан хьуьнарех, кхоллараллах лаьцна дерш. Цунна санна сайн халкъ а, мотт а беза лиира суна. Ас школехь доьшучу хенахь тхан классан куьйгалхо а, тхан нохчийн меттан а, литературин а хьехархо а хиллачу (хӀинца школин директоран дешаран декъехула заместитель ю иза) Саламгириева Амната нохчийн литературе, къоман культуре сан болу безам гуш цхьана дийнахь элира соьга: «Хьо нохчийн меттан хьехархо хила веза» – аьлла. Иштта, школа яьккхина ваьлча Гуьмсерчу хьехархойн колледже деша вахара со. Колледж цӀечу дипломаца чекъяьккхича, айса дешначу школе балха а хӀоьттина, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан филологин факультетан нохчийн меттан а, литературин а кафедре заочни деша хӀоьттина, 2019-чу шарахь университет а кхиамца чекхъяьккхира.
– Конкурсехь дакъалацар а, толам баккхар а муха нисделира? Дуьххьарлера конкурс ярий иза хьан?
– Дуьххьара тхайн Гуьмсан кӀоштахь дӀаяьхьна хиллачу конкурсехь дакъалоцуш хилла ву со, амма республикин барамехь долчу къийсадаларшкахь дуьххьара нисвелла вара. Тхан Ойсхарарчу №1 йолчу школин директор Милиев ИбрахӀим нохчийн мотт а, къоман гӀиллакх дукхадезаш хиларна тхан (тхан школехь кхо хьехархо ву нохчийн мотт хьоьхуш) чӀогӀа ларам беш, балхана оьшуш дерг латтош ву. Ткъа конкурсехь дакъалаца хӀуттур а вацара со Гуьмсан кӀоштан Дешаран урхаллин методикин кабинетан куьйгалхочо Шалаева Ларисас яхье воккхуш ца хиллехь. «Дера ларор ву. Дера хуур ду!» – бохуш, шен хан а, ницкъ а ца кхоош оцу конкурсана кечвира цо со.
– Конкурсан тӀедахкарш чолхе дарий?
– Чолхе хиларал сов, жоьпалле дара уьш. «Хьехархочун васт» а, «Балха тӀехь зеделларг» а, «Мастер-класс» а аьлла тӀедахкарш дара. Къийсадаларш кхаа дийнахь лаьттира. Вайн республикин хӀора а кӀоштара билгалваьлла цхьацца хьехархо вара конкурсехь дакъалоцуш. Конкурсан жюрин декъахь вайн республикехь бевзаш болу нохчийн меттан говзанчаш бара. Царна юкъахь Закриева ПетӀамат, Дашаева Лайлаъ, Абдурзаков Шертбек, Бергоева Айза иштта, кхиберш а.
– Давуд, хьехархо хиларе терра хьуна дика хуур ду, берашна дезий нохчийн меттан дарсаш?
– ХӀокху тӀаьхьарчу 2-3 шарахь къаьсттина мелла а дукхабезабелла аьлла хета суна царна нохчийн моттий, литературий. (9-чу классехь дӀалуш йолу пачхьалкхан коьрта экзамен а нохчийн маттехула дӀаяла лааам берш хӀора шарахь совбуьйлуш а бу). Айдамиров Абузаран а, Мамакаев Мохьмадан а, Сулейманов Ахьмадан а, Дикаев Мохьмадан а, Ахматова Раисин а кхолларалла дукхаеза дешархошна.
– Дегайовхо кхуллуш бу и хаам, Дала тӀаьхье беркате йойла оцу гӀуллакхан а. Ахь толам баккхар муха тӀеийцира доьзалехь, балхахь?
– Массара а хазахетарца тIеийцира. Суна даггара баркалла ала лаьа конкурсехь толам баьккхина со цӀавоьдуш леррина суна дуьхьала веана хиллачу Гуьмсан кӀоштан дешаран урхаллин хьаькамна Зубхаджиев Мохьмадна а. Со шен чуьра доьзалхо волуш санна даггара тӀеийцира цо. Иштта, баркалла ала лаьа тхайн школин директорна Милиев ИбраьхӀимна а, Гуьмсан кӀоштан Дешаран урхаллин методикин кабинетан куьйгалхочунна Шалаева Ларисина а, белхан накъосташна а.
– Дала тӀаьхье беркате йойла. Дахарехь аьтто а, балха тӀехь керла кхиамаш а хуьлда хьан, Давуд!
– Дела реза хуьлда сан терго ярна а, довха дешнаш аларна а.

Интервью дӀаяьхьнарг – ЭЛЬДЕРХАНОВА Зайнап

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных