- Категория: Учителя
- Просмотров: 145
Исакова Бирлант – «Дато бухӀа» совгӀатан луареат
Бекарг беттан 5-чу дийнахь дара академикан М.Миллионщиковн цӀарахчу Соьлжа-ГӀалин мехкадаьттан техникин университетехь Нохчийн Республикин Интеллектуальни туьшан хIорашеран «Дато бухIа» совгIатан лауреаташ билгалбахарна лерина даздар.
ХӀокху шарахь «Хьехархо» номинацехула «Дато бухӀа» совгӀат динарг Соьлжа-ГӀалин №5 йолчу гимназин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо, Нохчийн Республикин хьакъйолу хьехархо, Россин серлонан кхетош-кхиоран сийлахь белхахо Исакова Бирлант йу.
Бирлант йевзачарна шеко йоцуш олу – цунна-м «дашо» совгӀат дан а хьакъ дара!
Иштта сий-ларам болуш хьехархо йу иза. Нохчийн мотт кхиорехь а, тӀекхуьчу чкъурана иза Ӏаморехь доккха дакъа йукъадуьллуш схьайогӀуш йу Бирлант.
«Нохчийн меттан тоьлла хьехархо-2016» а йу иза.
2016-чу шарахь дуьйна жигара дакъалоцу Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон Нохчийн меттан институтан Нохчийн меттан интернет-урокаш кхолларан проектан белхан тобанан «urok95.ru» интернет-порталехь экспертни комиссин декъашхочо санна.
Иштта, «Ларбе мотт», «Къоман сий» республикин проектийн декъашхочо санна а.
Дешархойн хаарийн «тӀорказ» дузарехь классал арахьарчу белхан сахьташ дӀахьо цуо. Ламаст хилла схьадогӀу цуо гимназин библиотекехь тематикин мероприятеш дӀайахьар а. Ден-ненан, воккхачун ларам бан безарх, нохчийн къоман йаздархойх, къоман турпалхойх, къоман гӀиллакх-оьздангаллех, Даймахках, доттагӀаллех лаьцна хуьлу цуо кечдечу сахьтийн теманаш.
Республикин, гӀалин къовсамашкахь а, олимпиадашкахь а, Ӏилманан-талламан конференцешкахь а толамаш боху цуьнан дешархоша. Сийлаллин грамоташца, баркаллин кехаташца билгалбаьхна бу берийн белхаш.
Бирлант шен хаарех тоам бина Ӏаш йац. 2020-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь «Меттан а, литературин а Ӏилманаш» аспирантура чекхйоккху. 2019-чу шарахь дуьйна Къоман меттанийн а хьехархойн Ассоциацин декъашхо йу иза. Ткъа иштта, оьрсийн меттан хьехархой Ассоциацин декъашхо а йу (2019 ш. Москва). 2019-чу шарахь дакъалоцу Москвахь хиллачу Йерригроссин «Россин каьмнийн меттанаш: кху заманан школашкахь къаьмийн меттанаш хьехаран актуальни проблемаш» Ӏилманан-практикин конференцехь; ГӀалмакхойн Республикин пачхьенехь Элистахь хиллачу «Ненан мотт поликультурни дешаран шортенаш: кхузаманан технологиш а, эвсара практикаш а» регионан конференцехь. Жигара дакъалоцу V-VI Къилбседа-Кавказски Хьехархойн Йешаршкахь а, ХV Дуьненайукъара Хьехархойн Йешаршкахь а (Соьлжа-ГӀала а, Тбилиси а).
Соьлжа-ГӀалин дешаран Департаментан а, Нохчийн Республикин дешаран, Ӏилманан Министерстван а, Соьлжа-ГӀалин администрацин а, Республикин Правительстван а Грамоташца билгалбаьхна Исакова Бирлантин кхиамаш. Масала, 2015 шо – Соьлжа-ГӀалин администрацин Грант, 2017 шо – Нохчийн Республикан Куьйгалхочун грант, 2016 шо – «Республикин тоьлла хьехархой» къовсаман грант. ТӀаьхьарчу шерашкахь беркате гергарло лелош йу А.Айдамировн цӀарахчу республикин Къоман бибилиотекица а, С.М.Михалковн цӀарахчу республикин Берийн библиотекица а. Цуьнан дешархоша жигара дакъалоцу цара дӀахьочу мероприятешкахь. 2016 ш. «Уггар дукхайоьшуш йолу класс», 2019 ш. «Дуьххьарлера йешархой», 2022 ш. «Шеран жигархо» конкурсийн номинацешкахь толамаш бахарна Баркаллин кехаташ делла царна.
Исакова Бирлант 1967-чу шеран хӀутосург (май) беттан 18-чу дийнахь дуьнен чу йаьлла Грозненски (хӀинца Хьалха-Мартан) кӀоштарчу Йоккхачу АтагӀахь. Шайн йуьртан школа 1984-чу шарахь а, Соьлжа-ГӀалин хьехархойн колледж 1993-чу шарахь а кхиамца чекхйоккху. 2009-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан нохчийн меттан а, литературин а отделене деша йоьду. Педагогикин хьаьрмахь 1990-чу шарахь дуьйна къахьоьгуш йу.
Суьрта тӀехь: «Дато бухӀа-2022» совгӀатан лауреат
ХИЗИРОВА Зайнап