Menu

  • Категория: Учителя
  • Просмотров: 69

Къахьегна а ца Ӏаш, гӀазот даьккхина цуо

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Шела-шахьар, цкъа мацах, советийн заманахь, СССР-хь а уггаре йоккха йурт ларалуш йара. (Вай тӀера агӀонаш схьа а йохуш лелош хиллачу пенан рузмана тӀехь сайна а гина суна иза иштта хилар чӀагӀдина хаам).
Шелан деган йуккъехь лаьтташ йара, нохчийн халкъ Казахстанан а, ГӀиргӀизойн а мехкашкара шен цӀадерзо зама герга йуй хиъча, 1964-чу шарахь йина хилла йолу 3 гӀаттах лаьтта, йоккха №8 йолу школа. Школин дуьххьарлера директор (Дала гечдойла цунна) Межидов Зеламхан Леча вара.
Оцу школин кертара таьллаш школин ха деш лаьттачу анддийчу наьртех тера дара. УьйтӀенан майда а, спортан майда санна йоккха йара, цундела дешархоша школин неӀаре кхачархьама бан беза некъ бехха бара.
1965-чу шеран хьаьттан (август) беттан 15-чу дийнахь дара иза. Ӏуьйранна школин горгали бекале хьалха чукхача дезачу дешархойн бӀаьргаш цхьа чӀогӀа хаза, оьзда кечйелла йогӀучу хьехархочунна тӀехь севцира. И хьехархо – Хутаева Зоя Мингаевна йара. Массарна йукъахь а къаьсташ йара. Шатайпа дара цуьнан васт а, аз а, болар а. Мингин Зоян къинхьегаман некъан дуьххьарлера де дара иза. Шен йуьртахойн а, лулахойн а берашна нохчийн моттий, нохчийн гӀиллаккхий хьеха хьаьгна йара къона хьехархо.
Вайн халкъ депортацера цӀадирзича Нохч-ГӀалгӀайн АССР-н дешаран хьаьрма йухаметтахӀоттош а, кхиош а къахьегначу турпалчу хьехархойх цхьаъ йу Зоя Мингаевна.
ХӀокху карарчу 2022 -чу шарахь 56 шо кхочу цуо республикин педагогикин хьаьрмахь къахьоьгу! Оцу заманах а, хьехархойх а беттанашкахь дийца а хьакъ ду аьлла хета.
ХӀетахь, бакъдолуш, тхуна, дешархошна, тхайн хьехархоша лелайо бедар а лаьттахь хӀуьттучу базарашкахь а, туьканашкахь а оьцуш а, йа йухкуш а йац моьттура, тхайн хьехархой мац ца луш, к1ад ца луш, Дала тхайна тӀехӀиттийна долу адамаш хетара. Зоя Мингаевнехь мел долу хӀума шех масал эца хьакъ долуш, дешархошна шех тера хила лоуьйтуш, сирла а, нуьре а дара.
И зама хьехархо, дешархоша хьовха, церан дай-наноша а устаз санна лоруш хилла йолу зама йара иза. ХӀунда? Ша 13 шарахь махках даьккхина леллачу халкъана шен цӀокана тӀехь дикка хиира хьехархочуьнан буьззина мах. Дешна цахиларо лайтина баланаш! Дела ву царна теш… Цундела, школе доьлхучу шайн берийн лорах дай-наноша туху мохь а: «Варийлаш! Хьехархочунна дуьхьала дош ма далаш!» – алар дара.
Шеларчу №8 йолчу школехь нохчий моттий, литературий хьоьхуш йолчу Зоя Мингаевнас нохчийн берашна ненан мотт хьехна ца Ӏаш, царна къоман гӀиллакх-оьздангалла а хьоьхура. Оцу берийн дай-наной Даймахка цӀабирзина дукха хан йацара, шайн цӀа-чоь, белхеш вовшахбетташ йухаметтахӀоттош сиха бохкучу царна, доккха накъосталла дара хьехархоша дийриг.
ГӀиргӀизойн махкахь Кзыл-Су олучу меттехь, Быстровка йуьртахь дуьненчу йаьлла йу Зоя. Нохчашна шайн Даймахка йухаберза бакъо йеллачул тӀаьхьа, 1959-чу шарахь Шела цӀабаьхкира ХутаевгӀар.
Церан ден Мингин а, ненан Зураан а 9 доьзалхочух йоккхахйерг Зоя йу. Хууш ма-хиллара, доьзалехь йоккхах йерг йоӀ хилар ненан ирс ду. Шен йиша-ваша Ӏалашдарехь а, чоь-кхерчан цӀано, къиэпе латторехь а воккхачо санна, ненаца дукъ доькъуш кхуьу иза. Ненан гӀортор, ненан гӀоьнча йолуш кхуьуш йара Зоя а.
Нохчийн доьзалашкахь, вайна ма-хаъара, кхин дӀогара къобалдеш дацара йоӀ деша йахийтар. Амма Хутаев Минга ша дешна хилла хиларна, ГӀиргӀизойн махкахь волчу хенахь а Райфинотделехь болх бина, дешначу стеган мах дика хууш вара. Цунна чӀогӀа лаьара нохчийн хӀора а бер дешна хуьлийла. Шелахь дуьззинчу 10 шеран школа йацара. Соьлжа-ГӀалахь деша дезаш къастам хӀоьттира хьалха. Зоян ненан ваша Шелан кӀоштан Дешаран урхаллехь инспектор хилар бахьана долуш хиира Соьлжа-ГӀалахь «Школа горянки» аьлла школа хилар а, цигахь нохчийн зудаберашка дешийта, къаьсттина, 16.04.1958 — 20.06.1971-чуй шерийн муьрехь Нохч-ГӀалгӀайн АССР-н министрийн Советан Председатель волчу Гайрбеков Муслиман хьалха а йолуш, йоккха Ӏалашо хилла хилар.
«КӀанта-м мангал тоьхна а, цӀа доьттина а доккхур дара шен рицкъ, дешна хилар йоӀана кхин а чӀогӀа оьшур ду шен дахарехь»,– олуш хиллачу М.Гайрбековс даггара къахьийгира вайн къоман интеллигенцин хӀу дендан гӀерташ.
Иштта, республикехь дуьххьарлера «Школа горянки» кхуллу. «Тхан №15 йолу школа-интернат Соьлжа-ГӀалахь Революцин проспектехь йара. Школин директор Даутова Фариза Вагаповна йара. Соьца цхьаьна дешна йу тхан девешин Абуязедан йоӀ Лиза а, иштта, БузуртановгӀеран, ГайсановгӀеран, АсхабаалиевгӀеран, ТамаевгӀеран, ХасуевгӀеран, ЦутиевгӀеран зудабераш а. Зудаберана дахаран дохалла мел оьшур дерг, цуьнгахь товш мел долу оьзданиг, пайдехь дерг, тайп-тайпанчу Ӏилманийн баххаш Ӏаморна тӀера, бедар тега а, йуца а, кхача кечбан а, йукъараллехь оьзда лела а, воккханиг лара а, шена тӀехь цӀена лела хааран а биста кхаччалц дерриге а Ӏамош дара оцу школехь. Культурин программаш хуьлура. Тхаьш пачхьалкхан филармонехь дӀахьош йолчу концерте дигча дуьххьара гира тхуна Магомаев Муслим а, Кабзон Иосиф а, иштта кхин болу бевзаш болу артисташ а йаздархой а», – дагалоьцура Зояс.
Иштта, йуьхьанцарчу классийн хьехархочун говзаллина дешна йаьлла Зоя, 1965-чу шарахь Шеларчу №8 йолчу школе балха хӀутту. Школин директор хилла волчу Зеламхан Леча Гуьмсерчу хьехархойн училищан директор хӀоттаво.
Делахь а, Шелара №8 йолу школа куьйгалхо диканиг воцуш ца йитира Дала. Школин директор хӀоттийра нохчашлахь дуьххьарлера инженер хилла волчу, Сталинград йоккхуш тӀам тӀехь капитанан даржехь кхелхинчу, Понтоннийн-тIайн 44-чу батальонан командиран Езиев Якъубан йоӀ Элима. Шеларчу №8 йолчу цхьана школехь бен йацара директор зуда. Амма бакъ ду, Шела-шахьарахь бехачу баккхийчу наха «Элимин ишкол» аьлла цӀе тиллина, Шелан кӀоштахь хьовха, Нохч-ГӀалгӀайн АССР-хь а сий долуш, дешаран а, кхетош-кхиорна болх лаккхарчу тӀегӀанехь болуш, тоьлла школа йара иза.
Зоян а, и санна болчу хьехархойн а пусар дан хууш йара Якъубан Элима. Цунна Зояс йуьхьанцарчу классашкахь хьехна ца Ӏаш, лакхарчу классашкахь а хьоьхийла лаьара.
Школехь «Йиллина урокаш» дӀахьош ламаст дара. Дукха лерина кечам буора оцу денна. Дас Мингас хоттура: «ЙоӀ, дӀайирзиний хьан урок?», йоӀа «хӀаъ» аьлча доккха садоккхура, «Далла бу хастам, ахь а, оха а садоӀур ду-кх, тӀаккха», – олий велалора иза. Бакъдолуш, школе комиссин декъашхой баьхкича, ца кхоьрруш, цуьнан урокашка кхойкхура завуча, хӀунда аьлча, цуьнан классан дешархоша урокана бина кечам а, низам а, цхьа а ледарло йоцуш йуьхькӀоме хуьлий шайна хаарна.
«Тхан школехь мел волу хьехархо вара шен предметан декъахь долу хаарш лаккхара долуш а, зеделларг долуш а. Ишттачарах «Виртуозы своего дела» олуш дара. Хьехархо балха а диканиг, шен болх даггара безаш верг бен ца оьцура тхан директора»,– даглоьцура цуо.
Иштта, иза Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан хьехархойн институте деша йоьдий, 1977-чу шарахь тӀех дикачу кхиамашца чекхйоккху иза. Оьрсийн меттан а, литературин а, нохчийн меттан а, литературин а филолог-хьехархо говзалла карайерзайо цо.
Дай-наношна шайн бераш Зоян классе нисдала лаьара. Цо шен болх даггара бина ца Ӏаш, оцу берийн гӀиллакх-оьздангаллин бух тӀехь кхиар а тидамехь латтадора. «Дика дешархо вацахь а, вуон адам кхиа ца деза цхьаннах а» боху кхайкхамца къахьоьгучу хьехархойх йара иза. Мас чкъор дешна, хьала кхиъна хир ду цунна хьалха 56 шарахь?!! Советийн пачхьалкх йоьхча луш алапа а доцуш а бира белхаш. Иштта, школехь оьрсийн мотт, литературий, нохчийн мотт, литературий, нохчийн къоман гӀиллакх-оьздангалла довзуьйтуш йолу «Этика» предмет а хьийхира. Цул сов, цхьана муьрехь Шелахь медицинин колледжехь студенташна психологи а, оьрсийн мотт а хьоьхуш, колледжан завучан даржехь а къахьийгира цуо.
Цуьнан дешархой йуьртахь а, махкахь а, Россин йаккхийчу гӀаланашкахь а лаккхарчу даржашкахь, шайна а, нахана а беркате а болуш хьалакхиира.
Боккхачу ларамца йоккху цара Зоян цӀе. 1970-чу шарахь «Сийлахь къинхьегамхо» а, 1971-чу шарахь Нохч-ГӀалгӀайн АССР-н Лакхарчу Советан депутат а йара.1972-чу шарахь РСФСР-н Серлонан отличник а, 1983-чу шарахь РСФСР-н Серлонан министерствон куьйгаллин омранца Лаккхара хьехархо а сийлахь цӀераш йелла цунна.
Тамашийна, нийса аьлча, хала хетахь а, цуьнан тахана а а йац республикин хьакъйолу хьехархо цӀе. И гӀуллакх цкъа долийна дисира, вайн махкахь тӀом балар бахьанехь делахь а… Теша лаьа, цуьнан чаккхе хазчу кхоъца йоьрзург хиларх.
Ала доггучуьра хьахо лаьа, Шеларчу ХутаевгӀеран Мингин а, Зураан а берриге а доьзал а бу ийманехь, нохчийн гӀиллакх-оьздангаллехь кхиъна. ХутаевгӀеран Руслана (Увайс) Соьлжа-ГӀалин пачхьалкхан мехкадаьттан институт чекхйаьккхира, Одеса (бакъ йолу цӀе Ислам йара, Дала гечдойла цунна, Буру-ГӀалахь медицинин институт чекхйаьккхина, Шеларчу кӀоштан больницехь лор-анестезиолог вара), Илеса Буру-ГӀалара йуьртабахаман институт чекхйаьккхира, ткъа Исхана а (ИбраьхӀим) Амната а, ПетӀамата а, Ленинградера Н.Вознесенскийн цӀарах йолу финансийн-экономикин институт чекхйаьккхира, Азас а Ленинградера санитарни-гигиенин медицинин институт чекхйаьккхира, жимахволчу Асланбека Тюменера «Автодорожный» институт чекхйаьккхира.
Шел жимах долу йиша-ваша дешарна тӀехь а ир-кара хӀоттадора Зояс.Тахана цхьана классехь дешначеран цхьаьнакхетарш Зоя ца кхайкхича чам ца хуьлу царна. Цуьнан гӀиллакхех лерина ду йуьртахойн дика-вуо декъар, пӀераскан буьйса ларйина сагӀа даккхар. Лулахь, урамехь, йуьртахь доккха беркат ду иштта адам хилар. Къахьегна ца Ӏаш гӀазот а даьккхина аьлла хетало ишттачу хьехархочо, хӀунда аьлча, Далла гергахь а сийлахь, мелехь гӀуллакх ду берашна хаарш далар а, царна шайн дахарехь оьшуш йолу гӀиллакх-оьздангалла марзйар а. Тахана а къахьоьгуш йу иза.
Лараме Зоя Мингаевна, Дела реза хуьлда хьуна хьехархочун говзаллин сий деш йахарна! Берашна нохчийн мотт марзбеш, Ӏамош хьанала къахьегарна! Вайн къоман мотт, ненан мотт, хьо санна болчу хьехархойн беркатца бехаш а, кхуьуш а бу!
Суьрта тӀехь: Шеларчу №8 йолчу школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо Хутева Зоя Мингаевна

ЭЛЬДЕРХАНОВА Зайнап

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных