Menu

  • Категория: Учителя
  • Просмотров: 103

Хаарш тӀедуза кийча йу

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Кху шеран асаран беттан 17-чу дийнера товбецан беттан 18-чу дийне кхаччалц йолчу йукъана Пятигорск гӀалахь дӀайаьхьира Йерригроссин «Къоман меттан а, литературин а тоьлла хьехархо» корматаллин керла конкурс.
Регионан а, федеральни а тӀегӀанашкахь, очни а, заочни а турашкахь дӀахьош а йара конкурс. Россин Федерацин 68 регионера къоман меттан а, литературин а 60 сов хьехархо вара конкурсехь дакъалоцуш. Нохчийн Республикин векал Веданара №2 йолчу школин нохчийн меттан а, литературин а къона хьехархо Адузаева Ийман йара.
ХьастагӀа конкурсан финалисташца леррина цхьаьнакхеттачу Россин Федерацин серлонан министра Кравцов Сергейс довзийтира конкурсан жамӀаш. Тоьллачу 15 хьехархочун а, толамхочун а цӀераш йехира цуо. «Къоман меттан а, литературин а тоьлла хьехархо-2022» конкурсехь хьалхара меттиг Къилбаседа ХӀирийн -Аланин Республикин Буру гӀалин школа-интернатан къоман меттан а, литературин а (хӀирин) хьехархочо Бекоева Янас йаьккхина.
Йерригроссин «Къоман меттан а, литературин а тоьлла хьехархо» корматаллин конкурсо цхьаьнатоьхнера тайп-тайпанчу регионашкара 30 сов маттехула болу къоман меттан хьехархой. РогӀера конкурс тӀедогӀучу шарахь Кхарачойн-Чергазийн Республикехь дӀайахьа лерина ду.
Билгалдаккха догӀу и тайпа конкурс Россехь дуьххьара дӀайаьхьна хилар а, иза дӀайахьаро къаьмнийн меттанаш а, къоман литература а, культура а кхиорехь маьӀна доккха а, мехала а долуш хилар а.
Ийман къона хьехархо йу. Федеральни тӀегӀанехь болчу толаме кхачар, цкъачунна, ца нисделла цуьнан. Делахь а, ишттачу барамехь дӀахьочу конкурсехь дакъалацар а ду, зеделларг тӀедуза а, ша санна болчу къоначу хьехархошца уьйр таса аьтто а беш пайдехь гӀулч. Къийсамехь дакъалацар а догӀу толамна тӀе бина ах некъ лара. Цунах дика кхеташ йу иза. Дала тӀаьхье беркате йойла.
Билгалдаккха догӀу Йерригроссин «Къоман меттан а, литературин а тоьлла хьехархо» корматаллин конкурс Россин халкъийн культурин тӀаьхьалонийн шеран гурашкахь дӀайаьхьна хилар. Цуьнан Ӏалашо – къоман моттий, литературий дӀахьехаран зеделларг довзийтар а, даржор а, ткъа иштта хьехархошна гӀолацар а йу.

ХИЗИРОВА Зайнап

Консоль отладки Joomla!

Сессия

Результаты профилирования

Использование памяти

Запросы к базе данных