Menu

Чеченский язык

КIанта дега яздина кехат

Оха кхид1а хьо нохчийн меттан урокаш йовзийтар
28-гIа урок
Урокан цIе: Бадуев СаьIид «Зайнди». Дега деана кехат
Iалашо: 1. Произведени къасторан, цуьнан чулацам, маьIна, исбаьхьаллин башхаллаш дешархошка дIакхачоран болх дIабахьа.
2. Дийцаран тема билгалъяккха, цу темица йогIуш йолу кхин произведенеш дагалаца, царна юкъара башхаллаш къасто.
3. Текст яххьашца а, къастош ешарца а боьзна болу болх дIабахьа.
Урокана оьшу гIирс:
дийцарна лерина презентаци, чулацамца нисдина суьрташ, тептарш, дошмалгаш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамIдаран гIирс, керлачу дешнашна слайдаш.
Урокан тайпа: хаарш талларан урок.
Урок дIаяхьар
I. Догдаийтаран мур.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализаци яран мур.
1. «Зайнди» дийцар чулацам гергарчу хьесапехь дешархошка шайн дешнашца схьабийцийтар.
2. Бадуев СаьIидан дахарх, кхоллараллех лаьцна къамел.
а) Маца вина Бадуев СаьIид Сулейманович?
аь) Вина меттиг муьлха ю?
б) Маца волавелла иза литературехь болх бан?
в) ХIун ю цуьнан произведенийн коьрта Iалашо?
3. Хаттаршца «Зайнди» дийцаран чулацам къастор.
а) Мила ву хIокху дийцаран коьрта турпалхо?
аь) ХIун тайпа хийцамаш хилира цуьнан дахарехь нана кхелхинчул тIаьхьа?
б) ХIунда ца везавелира Арухина Зайнди?
в) Ша санна долчу берех Зайнди хьоьгуш хиларан бахьана дийца. Стенга сатесна хилла и?
4. Дийцар тIехь къастош меттигаш ешийтар.
а) Муха ловра Зайндис Арухас шена бен ницкъ? Дийцар тIера масалш далош, шаьш дуьйцург тIечIагIде.
аь) Арухас ша базара йоьдуш хIун гIуллакхаш де аьлла витира цIахь Зайнди? Схьа а лахий, дIаеша и меттиг.
III. Урокан коьчал тIехь болх дIабахьар.
1. Хьехархочо йоьшу.
2. Дешархошка шайга ешийтар.
3. Чулацам хаттаршца къастор.
а) Зайнди Михайловске деша вахар муха нисделира?
аь) Зайндин доттагI Iалболат муха кIант хета шуна?
б) ХIун бахьана ду кIентан сатийсамаш кхочушхиларан?
в) Ша цIа даийтинчу кехат тIехь хIун яздинера Зайндис?
4. Дешнийн маьIна къастор.
Зайл – экъа. Локхаран – доьхкаран аса. Михайловск – Серноводск. ЗIарах – кертах.
IV. Iамийнарг тIечIагIдар.
1. Дешархошца шерра ешар тIехь болх дIабахьар.
2. Тестировани яр.
1) Хьан яздина «Зайнди» дийцар?
а) Б.Саидов
аь) С.Бадуев
б) С.Гацаев
2) Зайндин ненан цIе муха яра?
а) Аруха
аь) Бирлант
б) Бикату
3) Зайндин доттагIчун цIе муха яра?
а) Iалболат
аь) Бисолт
б) Ахьмад
4) Дестечо, базара йоьдуш, Зайндина тIаьххьара тIедиллина гIуллакх муьлханиг дара?
а) эса Iалашдан
аь) куьйра лийса
б) котаман кIорнеш Iалашдан
5) Зайнди школе деша хьан вахийтира?
а) дестечо Арухас
аь) Зайндин дас Бисолтас
б)Iаболатан дас Дадалс
6) Зайнди деша мича вахара?
а) Соьлжа-гIала
аь) Михайловске
б) юьртарчу школе
7) Зайнди дика доьшуш ву аьлла, муьлхачу газет тIехь яздина?
а) «Серло»
аь) «Даймохк»
б) «Ленинан некъ» (йозанца жоп ло).
1. ХIун маьIна ду хIокху дийцаран?
2. Яздархо хIун ала гIерта шен дийцарца?
3. ХIунда лаьа суна Зайндих тера хила?
V. Урокан жамI дар.
I. ХIун ю вай урокехь къастийначу дийцаран цIе?
2. Мила ву цуьнан коьрта турпалхо?
3. ХIун Iалашо яра дийцар тIехь Бадуевс юьхьаралаьцнарг?
4. Дешархойн хаарийн мах хадор.
VI. Рефлексин мур.
1. Урокехь суна дика хеттарг дара…
2. Суна дика цахеттарг…
3. Суна атта хеттарг…
4. Суна хала хеттарг…
5. Iалашоне кхачийнарг…
VII. ЦIахь: еша, чулацам схьабийца (агIо-145-152-гIий).

Хьехархо –  ГАЙРБЕКОВА Марьям

«Мотт бу – къам ду, мотт бац – къам дац»

«Нохчийн меттан, литературин урокашкахь вай меттан сийлалла, хазалла, культурин мехалла йовзийтар» аьлла ц1е йолу мероприятии
Класс кечъеш чохь дIатоьхна яздархойн портреташ, церан произведенешна бераша дехкина суьрташ, хьекъале аьлла дешнаш, кицанаш.
ХЬЕХАРХО:
– Хьеший марша а догIийла, массера а де дика а дойла!
ХIара вай тахана дIахьош йолу мероприяти нохчийн маттана, Нохчийн Меттан Дезчу Денна лерина ю. Нохчийн мотт иза вайн къоман мотт бу, и вайн ненан мотт бу, къоман са, адамаллин куьзга ду. Ненан маттал хаза а, сийлахь а хIума дан а дац, хила йиш а яц. Мотт – иза массо а хIуманан бух бу.
Цуьнца доьзна ду халкъан дерриге дахар: уьйраш, болх, гергарло, хазахетар, халахетар, сий, яхь, хьекъал, кхетам.
Халкъан кица ду: «Мотт бу – къам ду, мотт бац – къам дац».
Иза ишта дан а ду.
ДЕШАРХО:
Дерриге седарчий схьадаларх сайна,
Дуьненан бахамаш кховдабарх схьа,
Хуьйцур бац сайн
Даймохк массарел тайна
Ког биллал меттиг а – ду и сан цIа.
Аренаш, лаьмнаш вовшашца догIу,
Сирла хиш, шовданаш мел чомехь ду.
Буьйсана бутт стиглахь цхьа башха богу,
Гонаха хезаш берг ненан мотт бу.
ХЬЕХАРХО:
– Мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вайн къоман сий а дужур ду.
Мотт – иза муьлххачу а халкъан истори ю, цуьнан хиндерг ду.
Дуьненчохь дуккха а къаьмнаш ду, цу массо а къоман шен-шен Дала белла мотт бу. Вай нохчий ду – вайна Дала нохчийн мотт белла.
Массо а къомана шен мотт хаа беза, цу къомо шен мотт лара беза.
ДЕШАРХО:
Доьзалехь бийцар а
Дастам а хеташ,
Хьуо винчу ненан мотт
ДIатесна ахь.
«Сов къен бу дешнашца,
Бац атта кхеташ»,
Бохуш и сийсазбан
Ца хета эхь.
Схьахьажал, цкъа соьга,
«Хьекъале корта»
Схьахьажал, яккхий дIа
Лергара потт:
Йист йоцу хIорд санна
Бу хьуна шорта
Ша хууш волчунна
Вайн нохчийн мотт.
ГIиллакхе, оьзда бу,
ДоттагIче буьйцуш,
МостагIе вистхуьлуш
Ду ира герз.
Хьомечу езаре
Безам ахь буьйцуш
Бека и, шех хуьлий
Хьан деган мерз!
Мерза бу, моз сана,
Ша безачунна,
Ламанан шовданал
ЦIена бу и.
Лермонтовс, Толстойс а
ЛадегIна цуьнга.
Услара даггара
Хестийна и.
Нохчийн маттах лаа ца аьлла ненан мотт.
Дуьненчу девлча вайна дуьххьара гуш ерг вешан нана ю, беро дуьххьара олуш долу дош нана-мама ду.
Нана… Иза уггаре а хьоме, дезаш долу адам ду, цо довзуьйту вайна дуьне, мохк, мотт.
Цо делла дахар, цо делла бералла, цо шен кIедачу къинхетамечу озаца, нохчийн хазачу мукъамехь хийла аганан йиш лекхча, доьлхучура соцуш оцу мукъамех цец а довлий, аганан кIедачу меттахь Iуьллучохь хьаьжна вайх хIора а буьйсанан тийналлехь.
«Ненан мотт – деган хьоста» олуш ду вайн. Хьоста – иза цхьа ша-тайпа, башха чIуг етташ эсалчу озаца къамеле даьлла, лаьттах бухдолу шийла шовда ду.
Иштта дагах бухдуьйлу хьост ду вайн ненан мотт а. Маттах лаьцна дукхе-дукха хаза кицанаш, дийцарш, иллеш дитина вайна вайн дайша-наноша.
Тахана ненан маттах лаьцна дукха дуьйцу вайн поэташа а, яздархоша а, Iилманчаша а. Шен мотт ца хуу стаг даима юьхьIаьржа хир ву, шен къомана хьалха хилла а ца Iаш, кхечу къаьмнашна хьалха а, хIунда аьлча, цунна евзар яц къоман синан кIоргенаш, евзар яц цуьнан истори, хуур дац шен къоман гIиллакх-оьздангалла. Цунна хуур дац ненан матто ма-бохху ойлаян а, цо ма-хьеххара ваха а. Иштта стаг хилар – иза яхь йоцуш, ледара стаг хилар ду.
Ледарчех ца хила, вовшашца йохье а дуьйлуш, Iамо беза вай вайн дайша, наноша хьоста санна, ларбеш, цIена латтийна вешан «ненан мотт».
ДЕШАРХОЧО йоьшу Мамакаев Iаьрбин байт:
Нана Мохк, Да-Даймохк
Вай-бертахь доьзал
Кхин сийлахь хIун хир ду-
И хаъал доккха,
Къонахчун дог долуш
Верг хир вац осала
Хьанала къахьоьгучо
Хьоьгур ду зовкъ а!
Мотт – иза къоман са, адамаллин куьзга ду. Ненан маттал хаза а, сийлахь а хIума дан а дац, хила йиш а яц. Мотт – иза массо хIуманан бух бу.
Цуьнца доьзна ду халкъан дерриге дахар: уьйраш, болх, гергарло, хазахетар, халахетар, сий, яхь, хьекъал, кхетам.
Мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вайн къоман сий а дужур ду. Мотт – иза мулххачу а халкъан истори ю, цуьнан хиндерг ду.
ДЕШАРХОЧО дуьйцу:
Дуьненчохь дуккху а къаьмнаш ду, цу массо а къоман шен-шен Дала белла мотт бу. Вай нохчий ду – вайна Дала нохчийн мотт белла. Массо а къомана шен мотт хаа беза, цу къомо шен мотт лара а беза.
ДЕШАРХО:
Бекалахь ненан мотт тахна
Дуьнене машаре кхойкхуш,
Лаьтта тIехь къинхьегам, нийсо,
Вошалла, Ирс, Маршо кхайкхош.
ХЬЕХАРХОЧО дуьйцу:
Мотт адамийн дахаран хазна ю. Иза адамаш массо а агIор вовшех кхетош болу, Дала вайна белла тамашийна гIирс бу.
Дуьненахь меттанаш дуккха а ду. Царна юкъахь шен меттиг дIалоцуш, хьалдолуш хиларца къаьсташ вайн нохчийн мотт а бу. Кхечу къоман мотт хаар пайдехь ду, амма шен мотт дIа а тесна Iамабе аьлла дац иза.
Вайн мотт гIиллакхе а, оьзда а бу, нуьцкъала а, мерза а бу.
Шен мотт ца безачунна шен къам а, мохк а безар бац. Цундела вайна беза, вай Iамабо вешан нохчийн мотт.
Буьйцуш мотт боцуш халкъ хуьлийла дац, цундела вай хаддаза ларбан беза, дола дан деза хIаллак ца хуьлуьйтуш, Iалашбеш схьабеанчу вешан меттан. Мотт дIабаьлча халкъан тезет, ловзар-синкъерам, дика-вон дIадолу. Ткъа уьш дIадевллачу халкъах халкъ ала йиш яц, уьш шен халкъана ямарт хиллачарах лаьтта кхераме догIмаш ду.
Вайн халкъах вайна кхане а йолуш халкъ хила лаахь, уггаре а хьалха нохчийн мотт, олуш ма-хиллара, баьрче баккха беза вай.
Дешархоша йоьшу байт-монтаж:
Со вина Кавказан ломахь,
Къоьжачу баххьашна юккъехь.
Аьрзонийн баннашна юххехь
Нанас со кхиийна берахь.
Цигахь со набарна товжош,
Цо олу аганан илли,
Декара, дог хьоьстуш, довха
Сан нохчийн маттара илли.
Сарахь цо туьйранаш дуьйцуш,
Со цунах хьерчара кхоьруш,
Я халкъан илли цо олуш,
ДIатуьйра набаро хьоьстуш.
Шаьш хьегна баланаш балхош,
Вайн халкъан турпалхой хестош,
Дайн-дайша даьхна и иллеш,
Декара дог Iийжош доруш.
Цу иллийн дешнашца гора
Даймехкан исбаьхьа суьрташ,
Маршоне, даймахке безам,
Вайн дайша къийсамехь гайтар.
Ненан мотт, хьуна тIетийжаш
Хьоьца шен баланаш балхош,
Хьоьца шайн дог-ойла гIиттош,
Ловш Iийна уьш буьрса денош.
Хьоьца ду суна мел дезнарг,
Вина мохк, нанас сан хьестар.
Хьоьца ду сан велар, велхар,
Дахаре сан болу безам.
Бекалахь, ненан мотт, тахна,
Хьайн халкъан маьрша мохк хестош.
Хьо хьоьстуш кхиочу нанна-
Даймехкан кхайкхабеш хастам.
Хьехархочо суьйре ерзош, дешархошка юьйцуьйту шайна хазахетта нохчийн произведенийн кийсакаш.

ГАЙРБЕКОВА Марьям

«Фольклоран буха тIе а тийжаш»

Оха кхид1а хьо нохчийн меттан урокаш йовзийтар.
26-гIа урок
Урокан цIе: Литературни туьйранний, халкъан туьйранний юкъара башхалла.
Iалашо: 1. Литературни туьйранний, халкъан туьйранний юкъара башхалла билгалъяккха.
2. Халкъан барта кхоллараллин тайпанаш юкъалацаран хьесап, Iалашонан таронаш юзуш, чулацаман идейни маьIна къасто.
3. Барта кхоллараллиний, литератураний юккъехь йолу уьйр къасто, халкъан барта кхолларалла литература кхиаран бух хиларца доьзна хьелаш билгалдаха, къоман меттан исбаьхьалла, хазалла йовза гIо даран кепаш къасто.
Урокана оьшу гIирс: урокан коьчална кечйина презентаци, керлачу дешнийн маьIна гойтуш кечйина слайдаш, тептарш, дошмалгаш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамIдаран гIирс.
Урокан тайпа: керла хаарш довзийтаран урок.
Урок дIаяхьар.
I. Догдаийтаран мур
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализаци яран мур.
1. Дешаран шо доладелчахьана Iамийна туьйранаш дагалацар.
2. Уьш барта кхоллараллин, литературни хилар къастор.
3. Туьйранийн тайпанашка хьаьжжина царна юкъара башхаллаш билгалъяхар.
III. Урокан керла коьчал йовзийтар
1. Дешархошка шайга урокан керла коьчал билгалъяккхийтар.
2. Хьехархочо дешархошна керла коьчал йовзийтар тIехь болх дIабахьар.
Барта кхоллараллин произведенеш, шайн билггал волу автор воцуш, халкъо дуккха а бIешерашкахь кхоьллина ю.
Цхьана тIаьхьенера вукху тIаьхьене а йовлуш, барта дийцаршкахь ехаш хилла уьш. Ткъа литературин произведенеш кхоллар дIадоладелла йоза-дешар гучудаьллачул тIаьхьа. Уьш яз а йина, хIинца а язйо корматалла йолчу дешан говзанчаша-яздархоша.
Цундела церан шайн авторш хуьлу. Ткъа туьйранаш, кицанаш, хIетал-металш хьан кхоьллина аьлла, цIеяккха стаг волуш дац. Уьш халкъо кхолла а кхоьллина, халкъаца даха а даьхна. Цундела олу царах халкъан барта кхолларалла.
Амма и ала йиш яц «Майра кIант Сулима», «ЦIен маьхьси», «Бирдолаг» цIе йолчу туьйранех. Церан авторш бу. Уьш, вай лакхахь ма-аллара, яздина Б.Саидовс, М.Мусаевс, А.Исмаиловс. Иштта билгалчу автора яздинчу туьйранах литературни туьйра олу.
Делахь а, барта кхоллараллиний, литературиний юккъехь, хадалур йоцуш, чIогIа уьйр ю. Дукхахьолахь кхиа йолалуш литературин бух хуьлий дIахIутту халкъан барта кхолларалла. Туьйранаша, кицанаша, иллеша гIо до яздархошна къоман меттан исбаьхьалла, хазалла йовза. Нохчийн халкъан туьйранех, халкъан маттах пайдаэцна Б.Саидовс, М.Мусаевс, А.Исмаиловс шайн туьйранаш яздеш. Бакъболчу яздархоша даима а лоруш а, сий деш а хилла шен халкъо кхоьллинчу исбаьхьчу произведенийн: туьйранийн, дийцарийн, кицанийн.
IV. Iамийнарг тIечIагIдар.
1. Дешархошка шайга текст ешийтар (133-гIа агIо).
2. Къастош, шерра ешар тIехь болх дIабахьар.
3. Хаттаршца чулацам къастор.
а) Барта кхоллараллиний, литературиний юккъехь хIун башхаллаш ю?
аь) Царна юкъахь уьйр хила тарлой?
б) Муха кхуллуш хилла халкъо шайн барта произведенеш?
в) Билггал къасто йогIуш хIун тайпа кепаш ю и произведенеш кхуллучеран корматаллехь?
г) Литературин бух хилар халкъан барта кхоллараллех муха лору аша?
гI) ХIун пайда эцна дешан говзанчаша-яздархоша халкъан барта кхоллараллех?
4. «Тидаме хила» ловзаран кеп дIаяхьар (туьйранашна юкъара кийсакаш ешарца уьш билгалдахар, тайпа къастор).
V. Урокан жамI дар
1. Муьлха керла коьчал евзира шуна урокехь?
2. Муха къаьста произведенийн башхаллаш?
3. Меттан исбаьхьалла гойту кепаш муьлхарш ю?
4. Дешархойн хаарийн мах хадор.
VI. Рефлексин мур
1.Урокехь суна дика хеттарг дара…
2.Суна дика цахеттарг…
3.Суна атта хеттарг…
4.Суна хала хеттарг…
5. Iалашоне кхачийнарг…
VII. ЦIахь: еша а, чулацам хаа а 133-гIа агIо.

ГАЙРБЕКОВА Марьям

Зайндин кхоллам

Оха кхид1а хьо нохчийн меттан урокаш йовзийтар
27-г1а урок
Урокан цIе: Бадуев СаьIидан «Зайнди» дийцар
Iалашо: 1. Дийцар – литературни жанрах боцца дешархошна кхетам бала.
2. «Зайнди» дийцаран авторх Бадуев СаьIидах хьехархочо хаам барца цуьнан дахар, кхолларалла йовзийтар.
3. Урок тIечIагIъяран муьрехь шерра ешар тIехь болх дIабахьаран кепехь тобанашца къовсадалар нисдан.
Урокана оьшу гIирс: дийцарна лерина презентаци, чулацамца нисдина суьрташ, тептарш, дошамалгаш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамIдаран гIирс, керлачу дешнашна слайдаш.
Урокан тайпа: керла хаарш довзийтаран урок.
Урок дIаяхьар
I. Догдаийтаран мур.
Тоха тIараш, эккхош мало!
Гайта лаам эшо хало!
Къинхетаме хила Iама,
Кхочур ю шун ирсе зама.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализаци яран мур.
1. Литературни туьйраний, халкъан туьйраний юкъера башхалла схьайийцийтар.
2. Масалш далош дийцинарг тIечIагIдар.
III. Урокан керла коьчал йовзийтар.
1. Вай, цкъачунна, Iодика а йина, доьрзур ду «Туьйра» цIе йолчу пачхьалкхера цIа. Дикка зама яьккхи вай цигахь хьошалгIахь. ГIиллакх, оьздангалла ларъеш, низам дохийна вайх баккха бехк ца буьтуш яьккхи вай цигахь хан. Тахана тайп-тайпана произведенешкара турпалхоша вайна хьоьхург схьаэца, схьагулдан девр ду вай кхин а хаза, исбаьхьаллин сурт гойтучу аренга кхарста, толлур ю хаарш охкуш лаьмнийн лакхенаш, Iинан кIоргенаш, хьаннийн къайленаш. Цхьана бертахь новкъа довла реза долчара гайтал куьйгаш айдарца. Барт хили! Везчу Дала аьтто бойла вайн!
2. Литературни жанраш билгал а йохуш, дийцарх лаьцна дешархошна кхетам балар.
Дийцар – шен барамца йоккха йоцу, цхьана стеган кхоллам я цуьнан вахаран некъан цхьа киртиг, хилам гойту литературин говзар ю. Дийцаран хиламаш цхьана йоццачу хенахь кхочушхуьлу, амма наггахь коьртачу турпалхочун дерриге дахар юкъалоцу мур хила а тарло цара чулоцург. Амма и дерриге а цхьана турпалхочуьнца доьзна а, дукхахьолахь, цхьана меттехь кхочуш а хуьлу (юрт, шахьар, гIала, кIотар). Цхьа наггахь долчу дийцаршкахь бен ца нисло коьрта хиламаш шина-кхаа меттехь дIабоьлхуш хилар.
Дийцаран юьхь а, чаккхе а хуьлу шайн башхаллаш йолуш. Цхьана предложених я аламах лаьцна хила тарло уьш, амма цара шайна чулоцург доккха маьIна долуш хуьлу: юьхь елахь, хиндолчунна ойла тIеерзош, чаккхе елахь, дийцинчун жамIдеш, я дерриге аьлларг, тIе-
кIелдоккхий, хуьйцуш.
Дийцар авторан я турпалхочун цIарах дIахьош хуьлу. Мехала хилла и жанр кхиарехь Бадуев СаьIидан дийцарш.
3. Хьехархочо Бадуев СаьIидан дахарх, кхоллараллах лаьцна дийцар:
Бадуев СаьIид нохчийн литературин бухбиллархо ларалуш ву. Иза вина Соьлжа-ГIалахь совдегаран доьзалехь. Жима волуш да дIаваьлла висинчу цуьнан дийзира дешар юкъах а дитина, доьзалан гIайгIа бан.
Беран хенахь шен гергарчара дуьйцуш долу туьйранаш а, илланчаша олуш хезна долу иллеш а кIорггерчу безамца Iамадаро паччахьан заманчохь вайнехан къинхьегамхоша лайна халонаш а, цара сирлачу паргIатонан дахарехьа латто къийсам а бовзийтира цунна.
СаьIидана Iаламат чIогIа езаш хилла халкъан барта кхолларалла- иллеш, шира дийцарш, инзаре-тамашийна туьйранаш. Цунна уьш дуккха а хууш а хилла. Халкъан кхоллараллех боккха пайдаийцира цо тIаьхьа шен исбаьхьаллин произведенеш кхуллуш а, язъеш а.
Бадуевна лууш хилла, йоза-дешар хаарехь тIаьхьадисина вайн халкъ сихха иза Iаморна тIедоьрзийла. Иза дика кхеташ хилла, нохчийн къам йоза-дешар Iаморций бен керла дахар дIахIотто новкъарло еш долчу Iадатех паргIатдериг цахиларх. Цу хьокъехь ду цуьнан «Зайнди» цIе йолу дийцар а. Адамашна керла дахар дIахIотто новкъарло еш долчу цхьадолчу Iадаташца къийсам латтор шен кхоллараллин коьрта Iалашо лоруш хилла Бадуевс. Шен исбаьхьчу дийцаршца адамийн кхетам серла а боккхуш, уьш керлачу дахаран новкъа хIитто гIерташ доккха гIуллакх дина Бавуев СаIида. Берахь дуьйна халкъан барта кхолларалла боккхачу безамца гулъеш Iаморой, гIарабевллачу яздархойн исбаьхьаллин произведенеш ешарой таро елира цунна гоьваьлла яздархо, драматург хилла дIахIотта а, нохчийн къоман литературин
бухбиллархо хила а. Шен говзачу маттаца, къеггинчу суьрташца язйина цо халкъан дахарх произведенеш.
4. Хьехархочо ешарца «Зайнди» цIе йолу дийцаран чулацам бовзуьйту.
IV. Iамийнарг тIечIагIдар.
1. Дешархошка шайга ешийтар.
2. Чулацам хаттаршца таллар.
а) Мила ву хIокху дийцаран коьрта турпалхо?
аь) ХIун тайпа хийцамаш хилира цуьнан дахарехь нана кхелхинчул тIаьхьа?
б) ХIунда ца везавелира Арухина Зайнди?
в) Муха ловра Зайндис Арухас шена бен ницкъ?
г) Дийцар тIера масалш а далош, шаьш дуьйцург тIечIагIде.
3. Дешнаш тIехь болх бар:
Кооперацера-туькнара.
Сайра-ялта чудухкуш лелош хилла яьшканан тайпа.
Герка-ши кийла гергга даьтта.
ГIушлакх-хан – малх дика хьалабаьлла хан.
ГIиргIа-ястреб.
4. Тобанашца кластер хIоттор.
МаьIна де хIокху байтан:
ХIоранна а доттагIа
Оьшу хIокху дахарехь.
Ца лелаеш моттаргIа,
Гергарлонаш лахалахь.
V. Урокан жамI дар.
1. Хьанах лаьцна дийцира вай?
2. Мила ву «Зайнди» дийцаран автор?
3. Дешархойн хаарийн мах хадор.
VI. Рефлексин мур.
1. Урокехь суна дика хеттарг дара…
2. Суна дика цахеттарг…
3. Суна атта хеттарг…
4. Суна хала хеттарг…
5. Iалашоне кхачийнарг…
VII. ЦIахь: еша, чулацам схьабийца (агIо-121-127-гIий)

ГАЙРБЕКОВА Марьям

Туьйранера лулахой

Оха кхид1а хьо нохчийн меттан урокаш йовзийтар
25-гIа урок
Урокан цIе: Классал арахьара дешар. Туьйра «Лулахой».
Iалашо: 1. Классал арахьара дешарна лерина «Лулахой» цIе йолу туьйра дешархошна довзийта, чулацаман маьIна дан Iамо.
2. Туьйранаша адамийн юкъаметтигийн, Iер-дахарехь кхоллалучу гIуллакхийн ойлаяйтар; хьайбанаш, акхарой, олхазарш адамийн амалшца гайтар билгалдаккха Iамо.
3. Къастош меттигаш еша; инзаре-тамашийна, хила йиш йоцуш долу хIуманаш бакъдолуш санна далор къасто.
Урокана оьшу гIирс: урокан коьчална кечйина презентаци, керлачу дешнийн маьIна гойтуш кечйина слайдаш, тептарш, дошмалгаш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамIдаран гIирс.
Урокан тайпа: керла хаарш довзийтаран урок.
Урок дIаяхьар.
I. Догдаийтаран мур.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализаци яран мур.
1. Дешархошца шерра ешар тIехь тобанашца къовсадаларца болх дIабахьар.
2. Хаттаршца чулацам къастор.
а) Кура Сай дIахеца хIунда дагадеара цхьогална?
аь) ХIун Iалашо йолуш дира цо иза?
б) ХIун маьIна ду хIокху туьйранан?
в) Акхаройн дахарехь адамийн дахарца цхьаьна догIуш дерг хIун ду?
г) ХIун башхалла ю хIокху туьйранан?
гI) ХIун ду хIара туьйра кхечу туьйранех къастош дерг?
3. Туьйранан чулацамна дехкинчу суьрташца болх дIабахьар.
III. Урокан керла коьчал йовзийтар.
1. Дешархошна, «Лулахой» цIе йолу туьйранан чулацам хьехархочо текст ешарца бовзийтар (298-301-гIий агIонаш).
2. Коьрта маьIна билгалдаккхарна къаьсттина тидам тIебахийтар.
3. Керлачу дешнийн маьIна инсерт кепехь къастор, дошамалгаш тIе дIа а яздеш (аьтто болчохь сурт а гойтуш).
IV. Iамийнарг тIечIагIдар.
1. Дешархошца шерра ешар тIехь тобанашца къовсадаларца болх дIабахьар.
2. Хаттаршца чулацам къастор.
а) Муьлш бара лулахь Iаш-бехаш?
аь) ХIун тайпа лулахойн юкъаметтиг билгалйолу туьйранахь?
б) ХIун дара лулахойн барт цахиларан бахьана?
в) Тешам боцу хьошалгIа кхайкхар билгалделирий дийнаташна?
г) Тешнабехк бан гIиртина лулахой-акхарой муха кхерийра хьошалгIа кхайкхинчара?
гI) Муьлха кица дало мегар ду хIокху туьйранан чулацамна?
4. Дешархошка яххьашца туьйра дешийтар.
5. «Дагалаца» ловзаран кеп дIаяхьар (туьйранашкахь йийцина хIуманаш, суьрташ гойтуш церан цIераш билгалъяхар).
V. Урокан жамI дар.
1. Муха хийтира шуна «Лулахой» цIе йолу туьйра?
2. Туьйра доьшуш хIун ойла кхоллаелира шун?
3. Дешархойн хаарийн мах хадор.
VI. Рефлексин мур.
1. Урокехь суна дика хеттарг дара…
2. Суна дика цахеттарг…
3. Суна атта хеттарг…
4. Суна хала хеттарг…
5. Iалашоне кхачийнарг…
VII. ЦIахь: еша а, чулацам хаа а 298-301-гIий агIонаш; суьрташ дахка чулацамна. Текст яххьашца еша кечам бан.

ГАЙРБЕКОВА Марьям