Menu


Хьехархочунна хастам!

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

ХIораннан а шен мехалла а йолуш, даржаш, говзаллаш дуккха а ю. Делахь а, муьлххачу дарже кхача (адамаллин хуьлда и я кхийолчу езачу цIерашка кхача) даима юххехь оьшург хьехархо ву. Цо гIо до нийса некъ харжа а, оцу нийсачу новкъа хьаналчу боларца ваха а.
Хьехархо боху дош даима а цхьа ша-кепара деза хета суна!.. Дозаллица йохур яра ас сайн мел хиллачу хьехархойн цIерш! Цара шайна хIумма а ца йоьхура, коьртаниг – хьакъдолу тIаьхье шайн кхиар дара царна. Мел яккхий халонаш тIехIиттарх я луш алапа а доцуш, шерашкахь белхаш шайн бан дезарх, иза иштта хила дезаш санна, тIамо бералла йохийна, хьаьшна дIаяккха хьийзийна бераш тесна ца дуьтуш, вайн хьехархоша шайгара Iилма даларца, дола дира цу хенахьлерчу берийн. И ву-кх и бакъволу хьехархо! И бу-кх и бакъволчу хьехархочун болх!
Ма доккха маьIна ду-кх кху вайн дахаран. ХIора а зен кхоьллина ву, хIорамма а шен гонахарчу адамашна дита дезаш дика ду. Сайн дахаран некъ хоржуш, дIо лакхахь айса бийцинчу хьехархойх масал а хилла, уьш сана хир яц те со а аьлла, хьехархочун говзалла караерзон сацам бира ас а.
Далла хьалха хьокъалахь а, ша Iамочу берийн дайн-наношна хьалха жоьпаллехь а ву хьехархо. Шен ницкъ кхочучу барамехь и дай-наний резадан декхарийлахь а ву и. Ткъа берийн дегнашка тIеэцийта а оьшу даггара дерг. Царна хьалха хIумма а лачкъа ца дало. Ур-аттала дегI дика доцуш хуьйла и, я кхин масане цхьа халахетар хилла, и къайладаккха юьхь тIе самукъане пардо хьо озо воьлча а хаалучу царах хIумма а къайладаккхалур дац. Даггара дерг бен беро схьа а лоцур дац. Даггара дерг бен сих а кхетар дац. Цундела, дагахь дерг багарчу маттаца догIуш, матто дуьйцург гIуллакхашца тIечIагIдан а хууш хила веза и, тIаккха цунах тарбала гIуртур бу цуьнан дешархой а.
Дуьненаюкъара Iилма Iамийна ца Iаш, хIора бераца дIахьош боккха кхетош-кхеторан болх бу школашкахь. ХIора беран шена мал хиларе терра, муьххачуьнца а каро езаш шен юкъаметтиг ю. Оццу юкъаметтигца Iилманан сирлачу дахаре шен дешархо вига ницкъ а кхочур бу цуьнан тIаккха. Уггаре а коьртаниг дика а, вон а девзаш адамаш кхиор ду, делахь а, тахана вайн махкана чIогIа оьшу тоьлла говзанчаш. Ван кхане шайх йоьзна юй хаа деза вайн кегийрхошна. Амма… Шайн къоман хазачу гIиллакхех, оьздангаллех ца бухуш. Шайн къоман мотт а, дайн Iадаташ а девзаш. ТIаккха хир ю царах хьакъдолу тIаьхье.
Нагахь буса юккъехь цхьаьннан корехь дIабайъаза чиркх хилча, сунна схьахетарехь, тIейогIучу урокашна кечам беш, иза вижаза хьехархо хир вара: хIора беран юьхь- сибат дуьхьал а тосуш, хIорамма шен жоп муха лур дара дуьхьал сурт а хIиттош. Ткъа нагахь шолгIачу дийнахь шена ма-хетта и урок цуьнан чекхъяьллехь, шен Iалашо кхочушхиллехь, цул ирс долуш стаг а хир вац-кх. Ткъа нагахь урок чекхъяьлча: «Дела реза хуьлда тхуна урок яларна!» – шеен дешархошкара хезча, цунна эццахь керла тIемаш а довлу-кх… Шен балхахь и воккха а ве. Юха а шел ирс долуш стаг а ца хетта цунна. И ву-кх и вай вуьйцу бакъволу хьехархо!
Дукха хан йоццуш генара вайн Нохчийчу цIа йогIуш йолчу сунна коьртаца йогIуш ойла а ца йисира. Хьо дIахьаьжначохь, хьан бIаьрг мел кхетачохь адамаша йитина лар ю: керла цIена некъаш, даккхийчу хишна тIехула техкина тIайш, хи бухахула лела хIордан кеманаш… Кхин масане ду масалш. Ткъа ас хIун дитина те адамашна сайгара олий, жима саготта хьаьвза со. Ас «доьгIна синтар» стенгахь ду те олий. Юха кхечу ойлано хьалхара ойла эшайо. Муьлххачу говзалле безам бахийтнарг а вац ткъа хьехархо? Шен новкъа адам даха Iамийнарг а вац хьехархо? Мел воккхачу пхьерана дуьххьара йоза а, дешар а Iамийнарг а вац хьехархо? Мацах сан хилларш санна, шайн цIерш дашочу йозанца яздан хьакъберш буьйций ас-м!
Хьаьттаршна гонаха ялтин буьртигаш лехьо олхазарш санна, шеен дешархошна керланиг дахьа, уьш цецбаха даима лехамашкахь ву муьлхха а хьехархо. Цуьнан йиш яц кIадвала, хIотта. И оьшуш ву кхана шайна цо дела хьехарш дагалаца а, доггаха деллачу Iилманах пайдаэца а шен дешархой ган. Шен къоман керлачу чкъурах воккхаве а!
Ван а ву-кх хьехархо чIурамах терра. Иштта серло а ло цо. Амма йиш яц цуьнан чIурамах вага! И оьшуш ву рогIерчу гонна а изза серло яла!

ИСРАИЛОВА Луиза