Menu


Мах хадон сих ма ло

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Жимачу йоьIан карахь ши Iаж бара. Нанас эсала ела а къежаш, хаьттира шен жимачу йоIе: «Сан хазаниг, цу шина Iожах цхьаъ хьайн нанна лой ахь?»
ЙоI масех секонтехь нене хьоьжуш лаьттира. ТIаккха цIеххьана цхьа Iаж а кхаьллина, юха сихха шолгIаниг а кхаьллира цо. Нанна шен елакъажар юьхь тIехь гIорош хааделира, амма шен догдохар ца хаадалийта гIоьртира и. Оццул хьоме лелочу йоIа шена Iаж кхоабар халахеттера цунна.
Ткъа йоIа-м цхьа Iаж нене схьа а кховдош, элира: «Нана, хIара мерза бу хьуна вукхул а!»
ЖамI: хьо мел дуьненахь хан яьккхина, дахаро зийна, хIума девзаш хиларх, кхечуьнах сакхт даккха ма сихло. Цунна шен агIо йийца бакъо ло. Хьуна гург гIалате хила а тарло. Дукхахьолахь, юкъара барам бен ца бевзаш, кхечу адамах харцхьежам кхолла сихлуш Iедал ду вайн.
Гочдинарг – ПЕТИРОВА ПетIамат